Golos Ichkerii

Дурдзукетийа

Для раздела НАХОЛОГИЯ,  автор Асламбеков Сулейман.

 

Очень мало сведений найдёшь ты мой читатель по теме Дурдзукетия. Почему?

            Во-первых, потому, что государство «Дурдзукетия» заложен нахоязычными племенами и не вписывается в общую схему российской конструкции мироустройства на Кавказе, особенно на Северном Кавказе. Дурдзукетия и Аланийа есть единые и неразделимые части одного этносостава. Разницей лишь в том, что дурдзуки пришли (мигрировали) первыми из области хурритской Манны, а аланы пришли из центральной области Урарту в будущий Ал-Бан (в его северо-западную часть - Аран). Оттуда, ещё позже они переместились на Северный Кавказ, но уже как аланы (и они, не ираноязычные как нам стараются вдолбит и внушить. Да, в их языке есть какие-то элементы, оставшиеся ещё с 2-хтысячелетия до нашей эры от соприкосновения арии и праиранов).

            Во-вторых, начиная с 23 февраля 1944 года, и по сей день горы Чечни и Ингушетии есть запретная зона для автохтонов. Зато русским генералам и офицерьё, превратившиеся в «чёрных копателей», есть чем хвастаться перед гостями своих личных музеев. Современный русский Закон позволяет пограничникам иметь пятикилометровую полосу вдоль границы для его охраны. Но вместо этого они создали там полигоны и зону недоступности в некоторых местах до 30 км. Там где размещены войсковые части превращены в опасные свалки. Идёт тотальное разрушение экосистемы и древних памятников архитектуры вайнахского народа.

            В-третьих, вайнахским учённым запрещено, заниматься древней историей после 16 века. В АН России имеется нелегальный запрет по этому поводу. И потому, нашей подрастающей научной молодёжи (многие даже и не подозревают) суют неперспективные темы для дипломных работ и диссертации, или же вспомогательные вопросы (доводя из них удачных, до уровня диссертаций) для закрепления своих фальсификаций. Варвары  из Вайнахской среды (гробители собственной истории – новые «винорадовцы» и «кузнецовы») щедро финансируются и им благоприятствуют там, где есть интерес сатанистов. Нашими руками, идёт ложные обоснования, типа в Ищёрском был Семендер – столица Хазарии, или же Магас (МаIас, Ма-Iа-с. «Угол, где осел Ма») располагался в Осетии.

Одна из таких тем (неперспективный), есть вопрос Дурдзукетии (нах м. «Дур-дукъ-тIе»), где я хочу довести до читателя-вайнаха, что у нас нет времени для перетягивания короткого «одеяло истории». Она нам подсунута специально - короткую.

Справка: Дурдзукетию соединяли с Закавказьем, в том числе напрямую с Грузией такие известные проходы через горы как Дарьяльский, Хуландойский, Асинский, Аргунский. В настоящее время в Ахметовском районе Грузии живут такие вайнахские племена (ваьрры) как майстинцы, мелхистинцы, хилдыхароевцы, дышнинцы, фяппинцы, джераховцы. Этническая граница между местами проживания чечено-ингушских племен и современных грузин проходит по линии от Башламского узла до стыка границ Грузии, Дагестана и Чечни, до гор Тебулос-МТА (Тюлой-лам) и Диклос-МТА (Доко-Лам) в одну сторону, истоков Ассы и до гор в верхней части течения реки Терек в другой.

Хуландойский район (шарои) ведет в Тушетию, на Парсму, Аргунский проход – на Хевсуретию, в Панкисское ущелье. Асинское в Кистетию. Самый главный проход – Дарьяльский, здесь проложена Военно-Грузинская дорога, а она, в свою очередь, соединяет со всеми основными транспортными магистралями Грузии. Дарьяльский проход связывал вайнахов с грузинами при совместном отпоре и наказания завоевателей разных времён. К примеру, совместными усилиями был дан отпор нападение в 736-738 гг. полчищ Мервана ибн-Мухаммеда. На данном этапе, из этого ущелья вытеснены не только вайнахи, но и грузины.

В Панкисское ущелье, обратно перекочевало много вайнахов во время монголо-татарского нашествия (XII-XIII вв.), а также во время опустошительной агрессии Тамерлана (Тимур. XIV в.). Известна жесточайшая война Тамерлана за овладение Дарьяльским ущельем в 1394 году. Ущелье охранялось совместными усилиями грузин, вайнахов, да и осов. Полчищам Тимура удалось прорваться в долину Арагви, но овладеть им так и не удалось. В 1400 году Тамерлан вновь предпринял попытку и опять потерпел поражение.

Во все времена, нахи проживали не только на северном, но и на южном склоне Большого Кавказа в лице таких племён как пшавы, тушины, хевсуры, санаары, сваны и т.д.

Многие древние поселения нахов на территории Грузии сохранились только как каменные развалины.

 

 

«Сан дешархо! Сан ойланах кхета, хьуна йовза еза, историн тIехуле мукъне а. Ткъа исторех кхета, ахьа шеконе эца деза, цуьнан, кхузаманан баххаш. Иза, хьан хьалхара гIулч хира ю, бакъдерг лохачу новкъахь». /Яздинарг/.

 

«Дурдзукети»

 

(нах м. «Дур-дукъ-тIе»; гIазкх. маьIна, «крепость/башня + на гряде/наверху»;

ш.оь. 5-гIа бIешо – 2-гIачу бIешаран юьхь. Этнониман оьмар: ш.оь. 5-гIа бIешо – 18-гIа бIешо.

Нахч-ГIалгIай чоь).

 

 

 

Ширачу оьмаран 580-гIачу шарахь йоха йолаеллачу Урарту пачхьалкхара бахархой а, цу махкана нацкъара кIошташкахь деха нах-меттан ваьрраш а, Къилбседа Кавказе сехьадийла долало, аренан тайпанаш юхатухуш, Дон («Танаис», «Ванаксвиль») тIекхаччалца олалла хIоттош. Царех, цу аренан ваьрраша дуьххьара йоккху цIе, «Ван» олуш хиллачух тера ю. Иза гучадолу вайна, «Инглинах лаьцна Сага» (гIазкх. маьIна, «Сага об Инглинах» олу тептар яздинарг ву Снорри Стурлусон /1178-1241шш) олучу тептаро деш долу а, кхин долу а тешаллаш хьесапе дехкича. Цу аренан тайпанашца къийсам латтийна «ванан» цхьа дакъа царех дIаийнехь а, важа, онда, «Дурдзукин Барт» («Дур-дукъ-тIе») кхуллура болу дакъа, лаьмнашка юхадаьллачух тера ду. Цуьнан бахьана хила мега, Iаламан хиламо кхоьллина, я шайн этноорам ларорца дуьйзина, дIакъаьстина долу дахар дезар.

    Лакхара сурт-таблици тIехь вайна гойтуш ду, прадурдзукаша шайн дахаран исторехь, неврехьа дина кхалхаран некъаш. Дуьххьара, иза нисделла 712-гIачу, ш.оь. шарахь, ассирийцашна эшна «манаш», цара, Тил-Гаримме (Таргома-ГIала изза Мелитена) лаъмаза дIакхалхийча. ШолгIа кхалхар нисделлачух тера ду, Урартун паччахьалла духачу муьрехь.

    Ахдаьлла лела аренан ваьрраш: «каспи», «праутти» (ист. гутти), «лега», «андиIа» олу юкъараллаш дIакхелха «Талышан», «Муганан» аренашка а, иштта «Жимачу», «Йоккхачу Кавказан лаьмнин» когашкара атагIашка а. Цу муьрехь, кхин хьецалуш неврехьа кхелхиначух тера бу, шайх «дурдзукаш» хира болу манаш (нах-хурри) а.

Цу муьрехь хIоьттина политикан сурт гайта, вай кхевдира ду историн беша: Геродотос дийцарехь (Геродот, I, 106), Мидин паччахьо Увахшатрас (грек.м. Киаксар -625-585 ш.оь.шш.), ширачу оьмаран 595/94-гIачу шарахь шен тойне а кхойкхи, бахабой, тешнабехкаца бойъу скифин коьрта баьччанаш, хьалханчаш. И бахьана долуш, боккха тIом ца хуьлу Вавилонехь – «скиф-урартуо-манан» бартахошний, вавилонашний юкъахь. Боллу скифаш байъина бац шайн невцана тIехIоьттиначу Увахшатрас. Цул тIаьхьа деънау кхаа шарахь, Кавказан лаьмнашка а, Анатолин ахгIайренан малхбузе а, юхатаIабо мидийцаша и скифаш (цу муьрехь, уггаре кхераме уьш хиларна). Корта боцуш дисна церан ваьрраш, кхин иттех шарахь Хьалхарачу Азехь а, Кавказехь а кхерстий, IаьржахIордайисте дIакхелхара ду тIаьххьаре а.

Делахь а, Увахшатрас  а, цу 594-гIачу шарахь Туш-пхьа гIала (ист. Тушпа) а йоккхуш, кIезгачу барамехь Урартун малхбалера мохк дIалоцу, цу юкъахь болуш Манан мохк а. Цул совнаха, цо дIалоцу «Галес» хи тIекхаччалца, Каппадокин мохк (Жима Азин малхбале) а. Оцу хьоло меттахваьккхина Лидин паччахь Алиатта, дуьхьало ян кечло. Цо, иракарахIиттабо скифаш а, мушкаш (протоэрмалой) а. Царна юкъахь тIом болабала хIоьттина гуш долу бахьана, Алиаттас гIолаьцна скифаш хилла. Цу муьрехь (585-гIа шаре волуш), цу бахьаненна висна хилла и Мидин паччахь, шен хилла Iалашо (скифин а, Урарту паччахьаллан а, кхоччуш доь дайъар), пхеа шарна юхататта дезна, иза кхочушьяр ца хуьлуш.

«Галес» хина, мел дукха а 150 км Iуьллуш йолу Тил-Гаримма гIалахь беха, 127 шо хьалха кхуза ницкъалгIа балийначу дурдуккахойн (нах-хурри) тIом хилла бац иза. Цу шарна гонахьа йолчу хенахь и дурдуккаш ТIехьаракавказе гIоьртиначух тера бу. Иштта, цу муьрехь нисделла хила деза, Мана махкахь даьхна нах-хурри ваьрраш меттахадовлар а. Цул тIаьхьа деъначу цхьана бIешаро лоцу хан эшначух тера ду царна, кхоччуш дIачIагIбелла, уьш Къилбседа Кавказехь – Дурзукетехь баха ховша.

Аксиоман (таллаза а хууш дерг, я шина тIадамна юккъера сиз) хьесапехь юкъ лерича а, Мана махкара, Тил-Гаримме (Таргома-ГIала изза Мелитена) кхаччалца (Ашшурехула  некъ беш), 1200 км ю. Ткъа цу Тил-Гариммера, Нахчийчоьнан лаьмнашка а хира ю 1600-1700 км юкъ. Цу Мана махкара, Нахчийчоьнан лаьмнашка а хила тарало, хетарехь 650-700 км юкъ. Юккъерачу барамехь некъ беш йолчу къепална (23 км – де-буьйса) оьшу, 1200-1700-700 км некъ бан – 52, 74, 30 деноша лоцу хан. Амма цу ваьрраша и некъ бина, иттанаш-иттанаш шарашкахь, шайх къесташ кескаш а, юкъадетталуш кхин долу нах-ораман ваьрраш а.

«Шен хьостехь, муьлш хилла и прадурдзукаш?» аьлла хIоттийначу хаттарна жоп луш, вайн ала бакъо ю: «Уьш хилла, Къилбседа Кавказехь кхианчу «Каякента-Харачойн» а, «Кобанан» а культураш кхиийначу этнотобанашна тIедиссина, манна-нах-хурритин орамах долу ваьрраш (Тил-Гариммера Кавказе хьевдда манна-дурдуккаш а, мидийцаша, шайн даймахкара аратеттина, коьртачех болу манаш а).

Ширачу оьмаран 5-гIа бIешарашкахь, «кобанан культура» кхиочу «нах» тайпанашца цхьаьна, тIеяхкиначу юкъараллаша, онда, юкъара барт кхуллу, «Дурдзукети» аьлла цIе а туьллуш. Цу Барто чулоцуш хилла кIошта ю, малхбузен агIонгахь болчу «Башлам» (Беша-Лам, гIазкх., «Казбек») лаьттачу кIошта тIера, «Сулак» хи тIекхаччалца ломан дукъ тIехула дазо кхуллуш а («Iаьндин дукъ» тIекхаччалца), тIаккха цу хица, Каспин (Таркхойн) хIорда йисте кхаччалца дохалла долуш а. Цу мехкан шоралла йолало, неврехьа долу «Терк» хино кхоьллиначу хорша тIера, «Йоккхачу Кавказан» къилбехьара коьрта дукъ тIекхаччалца (хьажа сурт-таблице). Ширагрекин яздархо волчу Лукианас (120-190 шш), цу махках «Адирмах» (хила тарало, цу мехкан цIе «А-дар-нах»; гIазкх. маьIна, «они были нахи») аьлла ду.

 

 

Дуьххьара беъначу муьрехь, «Дурдзукетин Барт» («Дур-д-зу-ка-ти»; гIазкх. маьIна, «крепость/башня  + отец/владелец + знающий + удачный/руководящий + наверху») кхоллачу хенахь, церан коьртехь хиллачух тера бу «кобанхой». Делахь а, цу «тIаьхьакобанан муьран» бух тIехь кхоллабеллачу цу керла Барто, кхуллу «Дурдзукин культура». Ширагуьржийн хроникаша, «кобанан культура» коьллиначу ваьррех «кавкасианаш» аларал совнаха, «дурдзукаш» а олуш хилла. Цуьнан цхьаъ бен бахьана хила йиш яц, иза, и «кобанхой» а, дурдзукаш а, аланаш а, иштта цу Теркан асаца беха гаргараш а, цхьана орамо кхиийначу гIодан генаш хилар.

Ш.оь., II-гIа бIешараш долалучу муьрехь, селивкидайн паччахь волчу Антиох-III-гIчо (223-187 ш.оь.шш.) и политикан Барт бохийна хиллехь а, ша дурдзукин юкъаралла кхоччуш йоьхна ца хилла, иза хьахош хиларна гуьржийн, керлачу оьмаран тешаллаша. Кхузаманан Нахч-ГIалгIайчоьнан лекха лаьмнашкахь Iалашъелла цуьнга ша, ТIехьаракавказера баьхкина прааланаш кхузарчу лаьмнин когашкахь дIачIагIбаллалца (к.оь. Х-гIа бIешо) хIетте а. Цундела, тахана Iилмано, 4-гIа бIешо, чаккхе лоруш болу «тIаьхьакобанан мур», аса, кхин а бахбийра бара, ш.оь. II-гIа бIешаре кхаччалца. Цул совнаха, культурин хийцаялар гойту хронологин асанца, еса яккъаш а юьсура яцара. Цу муьрехь, кхин тIаьхьа а, цу Нохь тIаьхьенан махка, кхалхарш дина «гаргараша» а, аренца баха хевшиначу аланаша а.

Страбонас а хьахош ду Терк, Соьлжа хишца деха ваьррех, «гаргараш» олуш хилар. И этнодакъош, хенан дохаллехь дIаоьра ду цу дурдзукех, кхуллуш тIаьхьо нах-меттан тукхамаш. Цу цIарца (гаргар, алан) билгалдина и халкъаш, иштта дехаш хилла, ТIехьаракавказан, «Кура-Араксан» хишца йолчу кIошташкахь а, таханалера Карабахан, Нахчоьванан мехкашкахь а.

 

 

Официал йолчу Iилмано, «дурдзук» олу этнонимна чубиллина биллам, бевзуш бац бохург ду тахана адаме кховдийнарг. Иза нисделла, цу перспективни доцчу хаттарна жоп лаха хьашто йолуш, кIезга Iилманчаш хиларна а, белахь а, Россин Академи Наукан оьгIазлоно тергаме оьцура йоцуш, церан жигаралла хиларна а. Селхана, Советан Iедалан муьрехь, ВиноградовгIеран харцонна дуьхьала дош ала ца хIоьттина гIалгIайн Iилманчаш, тахана, кIорза къигашка санна мохь оьхуш, хIайт-аьлла хьийзаш бу. Цу гIазкхашна, хьаште йоцуш исторех йиснарг (аланин истории, цхьанне а хама боцуш, хIиришна совгIатна еллачул тIаьхьа), шайн долаяккха гIерташ уьш, нахчийн агIо дуьненчохь йоцуш санна. Шайн махкарчу раьгIнин басешца: «Верим в Россию, ей и служим!» бохуш яззам дийра ду цара, амма… .

Делахь а, кху тептар тIехь, хьесапан балхаца со хьожура ву, цу цIарца проблема кхоьллина и биллам схьабаста.

 

Шен хьостехь, «Дейоккин гIала» аьлла, паччахьан цIарца, коьрта шахьарна тиллина цIе иза хиллехь, тIаьхьо, историно «Дурдзукети», я «Дур-дукъ-тIе» аларца билгалабаьллачу мехкан цIе хуьлу цунах. Цу шолгIачу цIарца юьйзина и этноним, схьаялла меттиг ю Къилбседа Кавказан юкъ. Цуьнца зIе йолуш ю моьтту суна, «дурдзук», я «дурдукк» олий, нах-ораман ваьррех йоккхуш хилла цIе а. «Дурдзука» («дур-д-зу-ка»; гIазкх. маьIна, «владелец башни – знающий, удачный»), «Дур-да-зу-ка» олу чулацам болу дош хила деза, беа кхетамо кхоьллина. «Дур» - нах-маттахь а, шираллера дуьйна «гIап», «бIов» боху маьIна долуш а хилла ду, шен схьадалар Хьалхарачу Азера долуш (масала: Дурдукка, я Дур-Дейокка, Дур-Шаруккин, Дур-Куригальзу ишт.кх.дIа.) Церан массеран чулацам бу, паччахьин цIерашца йоьзна гIаьпнаш (дур) уьш хилар гойтуш. Цул совнаха, и «дур» олу дош лелош хилла шумарша, эламаша, ассирийцаша, хурри-урартуоша, иштта дикка тIаьхьо, жимачуазин грекаша (Дур-Европос гIала) а. Цу Дейокка (Деуйокка) олучу цIарна чубиллина кхетам а, хила тарало «Дур+Да+Йоккха» аьлла (гIазкх.аьлча, «Крепость, Великого отца»); «Д» элпо гойтург, цу бIаьвнан да хилар ду; «Зу» - Iаламата, ширалла йолу дош ду. И «прадурдзукаш» невре бахале хилла церан дехийла Жимачу Азин, Шам мехкашна юккъерачу дозанехь хиллехь а, и прадурдуккаш схьабевлла ага, «Урмийа» Iоманна гергахь йолчу кIоштахь хилла ду. Къилб Месопотаме кхалхар диначу прашумаройн дош ду иза, «хууш верг» (гIазкх., «знающий») боху маьIна а долуш. «Дурдзука», я «дурдукка» аьлла билгалаялла «нах-этносан» цIе а, иштта, шина кхетамо кхоьллина ю «дур», «-дукк» аьлла. «Дур» олучу кхетамо билгалйинарг «бIов», «гIап» а йолуш, «-дукк» («дукъ») боху дешадекъо гойтург, и гIап тIехь лаьтта ломан дукъ, я рагI хила еза.

Цу кхетамаша кхоьллина, историна евзуш масех цIеран вариант ю: «Дурдзукети», «дурдзук», «дурдукк» аьлла. Хьалхараниг, мехкан цIе ю, «Дур-дукъ-тIе» аьлча нийса хира йолуш. Ткъа шолгIа, кхоалгIа цIераш – цу мехкан вахархочух, я меттигах йоккху, цIеран варианташ йолучух тера ду. Сан хьесапехь и цIераш, иштта чулацам болуш ю: «Дурдзукети» («Дур-дукъ-тIе»; гIазкх. маьIна, «крепость на гряде гор») - пачхьалкх. «Дурдзукетера» меттиг - «дурдукк» («дур-дукъ»; гIазкх. маьIна, «крепость+ гряда гор»). «Дурдзукетин» вахархо - «дурдзука» («дур-д-зу-ка»; гIазкх. маьIна, «владелец крепости – знающий, удачный»). И «Дурдзукети» олу юкъараллин паччахьалла кхолладелла а, олаллехь хилла а мур бу, ш.оь. 5-гIа бIешара тIера, 2-гIачу бIешаран юьххье кхаччалца. Цул тIаьхьа а, и юкъаралла цу цIарца хьахош хилла ю (гуьржийн, яздаран ламасташкахь), керлачу оьмаран, XVIII-гIа бIешараш тIекхаччалца хIетте а. 

            Леррина йазйина цIе йолуш вацахь а, серлонча, Iилманча лара мегара долчу Хьасана Бакаевс довзийту вайна, гуьржийн тешаллашкахь («Григори Просветителан хаамаш», аьлла болх кхоьллина к.оь. IV-гIа бIешарахь) хьахош йолу, «дурдзуки» олу этнонимо юкъалоцурш хилар, вайнехан ваьрраш. Къовларш юкъахь хьахийначу белхан оригинал йисна яцахь а, IX-гIачу бIешарахь, Iарбоша дина гочдар девзуш ду кхузаманна, цу юккъера, «Д-р-з-к-й-т» кеп йолу этнонимца цхьаьна. Кхин долчу Iарбойн тешаллаша а (Хакиф-Хамаданис хаам буьту вайна,  Дзурдзукин (дурдзук) махкахь дукха гIаьпнаш хилар гойтуш «царех муьлхха а чIагIйина гIап ю» олий) и цIе евзуш хилла Х-гIа бIешарера дуьйна. Шираэрмалойн тешаллашкахь («Эрмалойн Географи» VII-гIа бIешо), и цIе йоккхуш ю дурцк (дурцук) олий. Кхин а ширалле кхевдича, Ассирин паччахь хиллачу Саргон-II-гIачо (паччахьалла, ш.оь. 722-705 шш) яздиначу тешаллашкахь а, карайо вайна и цIе. Ша, Мана махка диначу кхарстаран бахьана дуьйцуш, цо яздо: «Сан паччахьаллин кхозлагIачу шарахь (авт. Иза ду, ш.оь. 719-гIа шара тIера), Шуандахуль, Дурдукка олучу чIагIйиначу гIаланаша гIаттамаш бо, сан дукъ дIакхоьхьуш волчу, «Манан паччахьна, Иранзина дуьхьала, тIетевжаш Митатти зикиртскана…».

Историко-лингвистин хьесапе и «дурдзук» олу цIе юьллура ю вай, кхузаманан цхьаболчу Iилманчаша, цу чубиллина кхетам бевзуш бац аларна.

[Дурдукка – дурдзук – дурцу (дурцук) – «Д-р-з-к-й-т»] олу цIеран варианташ юккъера, хийцалуш доцу дешдакъош билгаладохура ду вай. Царех цхьаъ ду, «дур» олу дакъа. Лакхахь ма-хьаххора, шеко хила йиш йоцуш иза ю чIагIйина меттиг – гIап. Кхин дIа, шина цIарна юкъахь вайна билгалдолу «д» элп, я доца мукъаза аз. Кхечу, мукъа аьзнашца («а», «и», «е», «о», «у» ишт.кх.а.) цхьаьна кхоллабала тарало иштта кхетамаш - «да» (гIазкх., есть, отец), «де» (гIазкх., сделай, убей), «до» (гIазкх., делать, делает), «ду» (гIазкх., есть), «ди» (гIазкх., сделал). Цу кхетамаш юкъахь, вайна ладаме берг бу «ду» олург, цу юкъахь хиларна цу кхаа цIарна (Дурдукка – дурдзук – дурцу/дурцук) юкъахь хиларна «у» элп, аз. Вайна, билгалбели «ду» олу кхетам а. «Дур-ду-» олу чулацамо гойтург, «гIап ю» бохург ду. Кхин дIа а дечу хьесапо гойту, цу массо а цIеран варианташ юккъехь хилар «к», «кк», олу элп, я дешадакъош. Иштта яздина элпаша гойтург хила тарало шира цIераш юкъахь язден шалхатоьхна (масала: «кк») хьаьркаш. Шира, нах-маттахь лелла цIераш, я цу могIара зайл-йозанан тешаллаш гочдеш, аса кху тептпр тIехь Iорадаьккхира, цу «кк», «тт» (ишт.кх.а.) метта, майрра лело мегарг хилар, нах-меттан (нохч-гIалгIайн) ша-тайпа (специфически) аьзнаш:«кх», «къ»кI», иштта кхин дерш а. Цу аьзнех, хIинца вайна уггаре а ладамечех ду «кх», «къ» аьзнаш, элпаш. Нах маттахь, цу аьзнаша чулоцу кхетам бу, хьалхарачо («кх») – даар, рицкъ луш долу латта (гIазкх.аьлча, «участок пахотной земли», я вуьшта «щёлок», «щелочная вода»). ШолгIачо – «къ» озо гойтург бу къинхьегам, я кхечу маьIне диллича «къалатор» (гIазкх.аьлча, «труд», «грех»). Вайн масалехь хьалхара, цIеран вариант йогIуш ю «Дур-ду-» олу кхетам вай тесча «даар, рицкъ луш долу латта» бохучу кхетамах. И тайпа кхетам а, цIе а йогIуш ю Манан хенаца, уьш хиларна латталелархой а, хьогIе болчу ассирийцин лулахой а. Уьш бу «дурдуккаш» («дур-ду-КХа»; гIазкх. маьIна, «крепость + пахотная земля»), цу ассирийцаша эшийна а, жимаазин гIала дIакхалхийна а болу, «Тил-Гаримма» олучу кIоште (ш.оь.712-гIачу шарахь). Амма, Урарту йоьхначул тIаьхьа, долу нах-меттан ваьрраш неврехьа дIакхелхачу муьрашкахь и «дурдуккаш» а Къилбседа Кавказера лаьмнашка гIурту, дукхашараша лаьцначу хенан юкъахь. Юха а ламарой хиллачу церан цIе а хийцало цу меттехь, лулахоша царех олуш «дурдзукъ», «дурдукка», махках «Дурдзукети» («Дур-дукъ-тIе»). ХIун дан деза вай, цу цIераш юкъахь долчу вукхв аьзнашна - «з», «ц», «й», «т»? И аьзнаш вайна карадо цхьаццаза: «з» гуьржийн вариантехь, «ц» эрмалойн вариантехь, «й» а, «т» а Iарбойн вариантехь. Ткъа ассирийцин вариантехь и аьзнаш доцуш ду, и цIе елахь а, дуьххьара цаьргара евзина. Цул совнаха, вайнахаца генетикца а гергара, дахарца а лулахой болу гуьржийн вариант нийса хила мега Iарбойн, я эрмалойчулла. Гуьржийн грамматикехь, «дз» олу дешадекъаца дерг къастор, лингвисташна дуьтур вай.

Юха а хьахор нислахь а, новкъа хира дац аьлла хета суна, кхин цкъаа бакъдерг довзийтар, диц ца далийта нах-мотт хилар, уггаре а хьалха дуьненчохь хиллачу «праматтах» тераниг.

Ширазаманчохь кIоштана, ваьрна, халкъана, я хиламна, луш йолу цIе, масех кхетам цхьана даша юккъе а балабой (дукхаха шиъ, я кхоъ, наггахьа, биъ-пхиъ кхетамаш болу), и кхетамаш вовшаха эбой луш хилла. Масех кхетам цхьанаоьш кхолладелла маьIна долуш а хилла, и кхуллуш йолу цIераш. Цхьана элпо, я доца озо, кхолла таралуш хилла кIорге а, чулацаме а долу маьIна. Масала (къовларш юкъахь дерш, гIазкхашха долу маьIнаш ду): «а» (и, тот, также), «г» (ветка, ветвь), «гI» (лист), «ж» (отара), «и» (он, она, оно), «й» (есть), «к» (баран-производитель), «кх» (щёлок, пахотная земля), «кIа» (пшеница), «къ» (труд, грех), «л» (слух), «м» (то, не), «оь» (тройка), «п» (стена), «с» (свет, зрение, душа), «тI» (передняя нога), «у» (доска), «х» (ведь, же, страж, охрана), «хь» (кем, кто), «цI» (дом), «ш» (лёд), «ю» (жало, шило, ударник, есть), «я» (или, либо), «I» (зима, сидит, пар, голос), ишт.кх.дIа а, цу тайпана а. Хоийла, кху масалашкахь аса ца ларийна, кхузаманан литературан меттан нийсаяздаран бакъонаш, и мотт хиларна цхьана, я шина тукхаман аларца боьзна (къаьста) бух болуш.

Цу шира заманчохь хилла меттиган, ваьррин, хин, иштта кхин тайпа цIераш дакъошка екъча, церан «дешхьалхе» (приставка), «орам» (корень), я «чаккхе» (окончание) олий, вай, кхузаманан гIазкхин (индоевропейцин), я просимитин грамматикаца нисдар, Iаламата нийса дац аьлла хета суна. Масала, грамматике диллича «-ани», «-эни», «-али», «-эли», цхьаболчу Iилманчаша чаккхе лоруш долу дешдакъош, цхьаа шеко хила йиш йоцуш, «дела» олу чулацам болу кхетамаш бу. «Али» боху дош а, шена чубиллина кхин цхьа кхетам болуш ду, гIазкхашха аьлча, «русло» аьлла. Йоллу Хьалхарачу Азихь, «Дела» ала дезачохь, «эни» олуш хилла цигарчу адмаша, цу юкъахь, вайн шира дай болу нахи-хурриташ а, нах-урартуш а болуш. Нах-маттахь долчу дешнин дакъошна чубиллина кхетамаш, масала: «нах» (нох), «алу» (илу), «аре» (ари, эри), «эла» (ал, эл), «да» (ди), «мотт» (мат), ан («цIу», изза «эни»),иштта цу могIара кхин долу дешнаш, шира цIеран «дешхьалхехь» а, «юккъехь» а, «чаккхенехь» а хила таралуш ду. Легарехь хийцалуш дерш, цу цIеран чаккхенера, мукъа аьзнаш бен («а», «и», «е», «у» ишт.кх.а.) доцучух тера ду. Иза иштта делахь (со теша, иза иштта хиларх), цу шира цIераш чуьра даьккхина маьIна а ду, харц кхетам болуш вайга схьаделлачех. Цундела, майрра ала йиш ю вайн, семитин къепана адаптации йина ассирин зайл-йозано шаьш ма-дарра схьалура дац аьлла, доллу, хурри-урартуойн маттера аьзнаш. Цундела, кхузаманан меттанашка вавилонхойн, ассирийцин меттанашца деш долу гочдарш, гIалаташ доцуш хира дац. Нагахь санна гIалаташ делахь, уьш нисдан деза, шен хьостехь дуьйна леллачу ширакавказхойн цIена маттахь, хьалхе, нах-меттан аларшна а луш.

«Кавкасианаш», «кобанаш», «дурдзукаш», «кулхаш» аьлла, цхьаъ долчу цу тобанех и тайпа цIераш йохуш хилча, «Кобанан культура» кхиийнарг а, цу ораман халкъ хилча, исторехь кегарий ца хилийта, цу этноюкъараллах вай а ала догIу «кобанаш». Кхин а нийса аьлча, вай ала деза «нах-кобанхой». И «Кобан» (кхузаманан Къилбседа Осетира, «Тагауран чIаж») аьлла эвлана тиллина цIе шира этноним елахь, цуьнан чулацам хила тарало«къо-бан»,  гIазкхашха маьIна даьккхича, «сыновья страны», я вуьшта аьлча, «сыновья, стража страны» («къо-бан-хой» = сын+страна+стража).

Къилбседа Кавказан неврера аренашкахь, ийна дехаш «сарматин», «кавказхойн» ваьрраш а долуш, лаьмнашкахь а, лам кIелахь а деха ваьрраш, цIенна, «нах-кобанхой» хилла. Цу «кобан-колхи-нах-дурдзукин» дахар-бахаман гIуллакх, васташ, аматаш а хилла цхьатерра. Цара шайн бахамаш кхоллар хилла, чIагIдиначу лаьмнин чIап-гунаш тIехь, я хин атагIшца йолу лакхенашкахь, я ша лаьтта, лекхачу аренан гу тIехь. «Хьалххекобанан муьрехь» и бахамаш, тIех чIагIдар доцуш хиллехь, «тIаьхьакобанан муьран» чеккхенехь, чIагIбина хилла и бахамаш, гонахьа оьрнаш а дохуш, ваьлнаш а деш, бIаьвнаш а хIиттош. Иза гучадолу, циклопичан йоттар долу, цу хенара гIепаш теллича. «Дурдзукаш» беха эвланаш, церан бахаман комплексаш, каппаш йолуш хилла. И каппаш а екъана хилла, тIобуьллуш диначу готтийра урамаша. Беасонара, наггахьа горгалла йолуш дина цIенош а, шина декъах лаьтташ хилла церан - чохь Iачу а, бахаман а. Шайн тIаьхьалло латто дина оьрнаш а, цилиндран, я кхоран амат долуш хилла церан. Аьрда-цIийнан гIишлош, пхиса болуш хилла. Лаьмнашкахь а, лаьмнин кIелахь йолчу кIошташкахь а цара деш хилла цIенош, лаьттах къастош тIо боьттина а долуш, поппарбоьттина хилла. Церан пенаш а, цIаьнкъа а, шера поппар хьаьхна хуьлуш хилла. Иштта, цу поппарх йина, товхонан пешаш хуьлуш а хилла церан. Цара еш хилла сара буьйцина, тIобоьттина гIишлош, шайна чухула а, тIехула а, поппар хьаьхна йолуш. Аренашкахь, «нах-кобанхоша» (дурдзукаш) еш хилла гIишлош, мелла а яккхийра хуьлуш хилла 80-90 м2 дIакхоччуш. Уьш, беасонара хуьлуш а, цкъацца мелла а лаьттанах чуаьхкина еш а хилла цара, чорпица тIулг бутташ. Чуьра

цIаьнкъан, пена уллера йисте, тIулган экъанаш ехкина хуьлуш хилла. Бахаман гIуллакх дан лерина пешаш йоцург, цу гIишлош чохь хуьлуш хилла гоьрга а йолуш тIапа, шера тIехуле йолу кхерчаш. Уьш, «культан» хьашташ кхочушдеш хиллачух тера ю. И йоккха гIишло, дай диначу пенаша екъана хуьлуш а хилла, кхин а чоьнаш еш. Чохь адам дехачу гIишлонна, тIехIоьттина хуьлуш хилла, бахаман гIоьналлин гIишлош.

 

Кхузаманан Iилманна а, кхузаманчохь башхалле долчу къаьмнашна а (ас дуьйцурш дац, автохтоналла йолу халкъаш) оьшуш дац, вайнахаца йоьзна истории Iораяккхар а, иза къагор а. Цуьнан масала ду «Дурдзукин» хаттар а, «Дурдзукин ков» олу, гIишлош яран исбаьхьаллин шира эсалла (памятник) а. БIегIийлачех тешалла ду дурдзукех лаьцна хьахош долу «Картлис цховреба» олу тептар, иштта нах-ваьррашца лелла юкъаметтигаш Iорайоху кхин тешаллаш а: Вахушти Багратионин «Описание грузинского царства», Мари Броссен «История Грузии», А. Генко «Из культурного прошлого ингушей», И.А. Джавахишвилин «История грузинского народа», В. Гамрекелин «О племени двалов», ишт.кх.дерш а.

Историна девзу тешаллашца дустуш, «ширакавказхойн расан» тIаьхьенаша дахарехь бина некъ а, цу некъан ларца юьйзина, историно нийса лоцу Iалашо (ориентир) а хьесапе йиллича, цу шира исторех лаьцна бакъдерг каро йиш йолуш ду вай, мел кIезга а, 3.2-3.1 эзар ш.оь. шарашна тIера схьа, цу оьмаран I-ра эзар шараш юккъедаххалца хIетте а.

 

 

Цаьргахь, я вукхаьргахь хилла хьалхе, ала йиш йоцуш, аларшци бен къаьсташ доцуш, цхьана этнохIоттаман симбиоз хилла «ширакавказхойн» и шира ваьрраш. Цара, массара буьйцу мотт а хилла, аларшци бен къаьсташ боцу праметтан онда га, шен хьостехь (хидеста мур), цу юкъахь йоцуш африо-симитин а, индоевропейцин а меттан элементаш. ТIехьаракавказехь а, Урартун неврера кIошташкахь а и мотт бехбала болало, даьлла лела ваьрраш (киммерийцаш, скифаш) Хьалхарачу Азе гIоьртиначул тIаьхьа – кхин а нийса аьлча, ш.оь. 672-гIа шарал тIаьхьа. Цу хенал тIаьхьа (~730; 672 ш.оь.шш. - и ши халкъ девзина заманан юьхь), цу агIонга гIерта долало цара меттахдаьхна ваьрраш (ассирийцаш, мушках-праэрмалой, кхин а тIаьхьа фригаш, грекаш, мидийцаш, персаш). Цу тептаран («Картлис цховреба») хьалхара ши дакъа, мифан алар долуш санна хIоттийна делахь а, цуьнан коьрта Iалашо хилла, «кавказхойн» орам болу халкъаш кхечарех схьакъастор а, цу халкъаш юккъера, гуьржийн, историн хьалхара мур бовзар а. Къаьсттина вайна ладаме ду, цу гуьржешца гергало долу «нах-меттан» ваьррин дахар, цара хIоттийначу цу историн конструкци юкъахь, башхале бух болуш хилар. «Нах-этносан» бух тIехь кхолладелла ду гуьржийн халкъ» аллал, уллера генетикан гергарло долуш ду и ши этнос. Уьш вовшахакъастина зама лара мегара ду, ш.оь. III-гIа бIешарна тIера, къаьсттина, цу бIешаран юкъо лоцу хенан мур.

Ткъа цул хьалха, прагуьржийн и этноюкъаралла, кIезга къаьсташ хиллачух тера ю нах-меттан юкъараллех. Цу муьрехь даьхна «кахи», «эры» олу ваьрраш (тахана гуьржий лору) а хиллачух тера ду, «нах» ваьррашна, цу пракартвеллел гергара. Ткъа кхузаманан нахчийн, гIалгIайн тукхамаш, Iилманчашка, серлончашка ладаьгIча моьттура ду, цу гIазкхаша «чеченец», «ингуш» аьлла къаьмнаш деш (шибIешо хьалха) къастор нисделла, масех эзар шо хьалха, я тайп-тайпанчу расех уьш ду.

Гуьржийн историйн ламасташкахь вайнехан йоккху цIе кхаа тайпана ю – «дурдзуки», «кисти», «глигви» аьлла. Цо гойту, нах-меттан халкъаш делахь а, шайн хьостехь уьш хилар, масех меттера невр-кавказе деана дакъош. Хьалхарачу термино («дзурдзуки») гойту и цIе хилар юкъара, вовшахтоьхна цIе. Цу цIаро юкъалоцуш хилла, доллу нах-этносан ваьрраш (Вахушти Багратиони). Ткъа «кисти», «глигви» олу терминаш хилла, локально-меттиган орам болуш а, цу «дурдзуки» олучу терминна юккъера этнодакъош а. Вахуштис дийцарехь, кисташ бехаш хилла «Джайрахан чIажара», «Армхи» олучу хин атагIахь. Ткъа «Глигвиш», массо гуьржийн тешаллаша билгалбаьхна бу Iаьсан хин лакхенашкахь бехаш хилар, кхузаманан Торгиман чIажан дазонаца (Леонти Мровели, Вахушти). Керла оьмаран VII-гIа бIешарера «Эрмалойн Географи» олучу тешалло а хьахош бу и «кусташ», «дурцкаш», церан дахар Юккъерачу Кавказехь хилар гойтуш, амма уьш беха меттиг, ма-хиллара билгалйина а йоцуш. Гуьржийн тешаллаша дийцарехь, ширачу оьмаран I-ра эзар шаран юккъехь, Кавказехь, и дурдзукаш башха тIеман-политикан ницкъ хилла. Вай лакхахь хьахийра, уьш хилар шайн хьостехь Мана махкара нах-хурриташ. Ткъа «кисташ», я кхузаманан аьккхин, орстхойн шира дай схьабовлар хила тарало «Укку», «Кумани», «Аккумена, «Кутммухи», «Каммани», «Акка» олучу, эзар шараша кхоьллиначу некъан зилца Сийрехула баьхкина, «ХIал-Да» цIуна таваккал деш хилла макроэтнодакъа. Цара, я Риман Iаткъамо меттаха баьхнехь а, Кулхи махкара, Кобанашна тIебиссиначех бу «глигвиш» а, кхузаманан гIалгIайн шира дай. Тахана цара каетта, «аланин», «дурдзукин», «кистин» исторех кескаш яха гIерташ, шайна ма-хьеххара, вайнах боькъуш царех кескаш ян гIертачу, ма-дарра аьлча, кавказхойн орам боцучу «лоббин мурдаша». Тахана, шайн къам (аса ца боху халкъ) шордан гIерташ, цара юкъаозийна орстхойн, цIечойн, цхьоройн, маьлхийн, кистин, хIирийша тIепаза дайъина двалин ваьррашна юккъера кескин дакъош. Иштта нохчмахкахой а бу (цу гIалгIайх тера), и хьал шайх хьакхалуш доцуш санна, «шу тхох дац» бохуш куралла сеттош Iаш. Амма, вайна массарна юкъахь боьлла яц, цхьаъ хьалха, важа тIаьхьа, кху Къилбседа Кавказе дахкарци бен. Цунах кхета, вай уггар хьалха къобалдан деза, кхузаманан Иракехь, Иранехь, Юххера Малхбалехь, Жима Азин малхбалехь, ТIехьаракавказехь, Невркавказехь, хьалхара дехийлаш кхиийна этносаш, вайн шира дай хилар – Нох орам, я нах-орам болу.

«БархI вешех лаьцна дийцар» аьлла яздиначу, гуьржийн шира тептар тIехь (хьалхара дакъа), хетарехь йолу силсила гайтинехь а, цу юккъера цхьацца йолу меттигаш шеконе эца йиш йолуш ю. Иза иштта делахь, кхоччуш чIагIдан бух бац иза тахана. Делахь а, «хIари бен кхин бух бац» аьлла, цунах тоам бина Iен а йиш яц вайн. Гуьржийн язйина истории йолало Фарнаваз паччахьна тIера, кхин а нийса аьлча ширачу оьмаран 242-гIа шара тIера. Ткъа «Гуьржийн паччахьин дахар» аьлла болх язбина зама муьлханиг хилла? Цкъа делахь и болх язбина масех бIешарахь хуьйцуш, тIетохарш деш цуьнан автор Л.Мровели веллачул тIаьхьа а. И болх чекхбаьлла зама ю 12-гIа бIешо. Вуьшта аьлча, 13-14 бIешо даьлча. Со тешаш вац, цу белхан амат дуьххьара хилларг ду ала. ХIунда эцна аса и бух шеконе? Схьаоьцур вай «БархI вешех лаьцна дийцар» аьлла декъа юккъера иштта тешалла: «Хьалха, билгала дан деза «эрмалойн», «картвелан» а, «ранан», «мовакананхойн» а, «херахойн», «леканахойн» а, «мегрелан», «кавкасахойн» а, цу массеран хилла  цхьа да «Таргамос» цIе йолуш хилла. И Таргамос хилла Таргиман кIант, Яфетан (Иофетан) кIента кIант, Ноян кIант хилла волу. Таргамос турпалхо хилла»

Цу могIанаша билгала доккхург ду, Леонтий Мровели ваьхначу заманчохь девзаш хилла кавказхойн и халкъаш, Нухь заманара схьа, дайн цхьа орам болуш, я мелла а уллера гергарло долуш хилар. Амма, цу могIанаш юкъахь долу «эрмалойн» халкъ, (Хаосан тIаьхье, я «хай» цIе тIеэцна эрмалой) Таргомосан тIаьхье ю алар, гIалатло ю Мровелин. ХIунда аьлча, «кавказхошца» гергарло цу халкъан ду алар, Iаламат чIогIа шеконе эца йиш йолуш хиларна. И эрмалойн халкъ, «кавказхойн» цIий кхетта хила тарало цхьана муьрехь. Амма, шен генетикан бухе кхевдича, «ширакавказхойн расах» дац и халкъ. Уьш бу, индоевропейцаш.

«Картлос цховреба» олучу тептаран, «ШолгIа паччахь Саурмаг» аьлла билгала диначу декъан, йозано дечу тешалло а, сан шеко чIагIйина. «…Саурмаг, шен нана а эцна, къайлаха ведда дурдзукин махка вахара, шен нена вежарий болча». «… Цу хенахь, дурдзукел чIогIа йолу «хазарах» («Савромати») маьршалла а, маршо а йолуш уьш белахь а, «Дурзукетин» махкахь дахар дуькъа хиларна, цу чу ца хоьара уьш. Саурмагас, цу Кавкасан тIаьхьенех ах адам шена тIеоьцуш, цхьацца берш хьалаойъуш, царех цхьаберш «Мтиулети» олучу лаьмнин кIоштахь а, «Дидоета» тIера дIа, «Эгреси» кхаччалца а, шен ненахой баха ховшийра цо. Иза бу, «Сванети» олу мохк».

Цу тешаллаш юкъахь сан шеко кхоьллинарг хIун ду? Цу дийцаран юккъера иштта долу дакъа: «… Цу хенахь, дурдзукел чIогIа йолу «хазарах» («Савромати») маьршалла а, маршо а йолуш уьш белахь а,…». ХIунда? Цунна жоп дала, сан хира ду хьоьга а масех хаттар. Маца ваьхна, гуьржийн шолгIа паччахь Саурмаг? Маца юкъабаьлла «хазар» олу кхетам а, шаьш и хазараш а Къилбседа Кавказехь? КхозлагIа – мелла хан юкъайоьлла Саурмаган паччахьаллина а, и «хазар» олу кхетам кху дуьненна бевзиначу заманна а юкъа? Хьайна карийна жоьпаш хьесапе а эций ойла ел, кхоччуш теша мегара дуй цу тешаллех. Тешахь, хьо мича тIегIане воккхура ву цу шира тешаллаша, хьайн макрохалкъан истории лохуш?

Кхузахь суна го, гуьржийн дегIалла бахначу жуьгтийн, церан орамах болчу хIирийн, и Кавказ долаяккха сатесначу Россин хьаштош. Церан Iалашонаш цхьанайогIуш ю. Кху тIаьххьарачу шина-кхаа бIешарахь, уьш меллаша а, леррина а болх беш бу вайнехан латта тIехь кхолла «Ишкузи», я «Йоккха Хазари». Уьш, шайн когаш кIела ца хьоьжу, церан хьажар гена а, кханенга а ду. Ткъа вай, вайна цара дитна доцу, я харцхьадаьхначу тешаллашка а хьоьжуш, церан аьтто боккху харцо дIачIагIйан, тотис (попугай) санна церан туьйранаш юхадуьйцуш.

«Картлис цховреба» олу тептар юкъара чурхеш («БархI вешех лаьцна дийцар», «ШолгIа паччахь Саурмаг»), тIаьхьо дийцаре яхка а йитна, вай хIинца тидаме оьцура ду, Йоккхачу Кавказан дукъаца долу чIажаш, чекхволийлаш. Коьртачех и тайпа чекхволийла кхоъ хилла – Iаьржа ХIордан йистехула, Каспин хIордаца йолу Дербентехула, иштта «Дера-йа-али» («Даръялан чIаж») олучу, Кавказ Дукъан Юкъ ларалучохь а. Уьш доцурш а, кхин а хилла и цу лаьмнаш тIехула йолу чекхволийлаш. Царех цхьаъ ду «Дурдзукин ков» олург.

Хьажал, кху лахахь аса кхоьллиначу коллаже! Иза ю, «Дурдзукин ков» олучу комплексан фрагменташца кечйина. Шех тера кхин хира йоцу и чолхе архитектуран исбаьхьалла, вайнехан Iилманчийн, историкин мукъне а бала кхочуш хила ца езара.

Нахчий Iаш бу, иза-м гIалгIайн махкахь яра бохуш, ткъа гIалгIай а бу Iаш, официал йолчу Iилмано, шайга цуьнан хьалхе яллалца бохуш санна. Цхьанне дукха, вукхунна кIезга дакъа кхочуш йолуш санна, цу шина этнасо байлахь йитина и онда ширалла. Амма, шайна пайде хила тарало чурхе юхьара а лоций, цхьа-ши кхийриг карийна бохуш, Израиле а уьдуш, цу жуьгтийн харцгIуллакхна, къиго еъна боьхалла тIейожаза а доцург айъана хьийзаш бу, вайнехах бу боху, и «яхьйолу къонахой». Мичхьа бу хьолахой? ХIун дозалла долуш ду шу, шайн халкъана хьалха когашка дилла? «Дуо а бассийна, хьоштагIа а юьзна» олучу тобанан, «мурдаш» ду-кх шу.

ХIара, сан синан мохь бу. Кху тептар тIехь кхайкхамаш бар а, Iиттарш яр а догIуш дацахь а, сан кийрара арагIерта цабезам, дуьхьала берзийна бу шуна бенцахетачарна, сайн а, луларчу халкъин харцисторикашна, политикашна, амма бац цу халкъин бахархошна дуьхьала-м. Муьлххачу халкъа юкъахь, иза хуьйла сайниг, я кхечераниг, хуьлуш бу ямартаниш, эхьдоцурш, бохкавелларш. Хира а бу, кху дуьнентIехь, «Иблисан накъостийн» питана мел лела.

IX-X-гIа бIешарашкара Iарбойн географаша бечу хаамаша гойту, Кхузаманан ГIалгIайчоьнан лаьмнашкара кIоштахь хилар «Сур» олу паччпхьалла, шен коьрта гIап «Баб-Сул» (Баб-Сур) а йолуш. Цу Iарбойн тешална комментареш лучу Н.А.Карауловс довзийту вайна иштта дерг: «Тхан аьтто белира и Баб-Сур лаьттина меттиг билгальян. Тахана а иза лаьтташ ю Iаьса (Асса) хи «Цхьуоройн боьра» чуьра арадолачу атагIахь. Иза ю, чIажана пурх пен хIоттош йина чIагIо. Цигара кевнехула а, цу бIаьвнан ков тIехула а чекхболуш некъ бу. И «Сур» пачхьалкх ю, Теркан кIоштара, Владикавказан округера Цори (Цхьори)…». Цу Iаьсан хица лаьтташ ю Сурхахи («Сур-хой-хи» эвла).

Кхин тешалло а луш ю, иштта комментари: «… Иза, баккъалла а ков дара, неврера, бIаьхьалалла йолу ардангаш ТIехьаракавказе хьаьлхаш долу. Юккъера Кавказехь, уггаре а башхалла йолу хилла, Терк хин лакхенехь йолу Даръялан чекхволийла (гIажаршха, «Дар-и-алан», гIазкхашха, «Ворота аланов» олуш долу). Амма, лаьмнашкахь кхин а хилла чекхволийлаш, цу ширачу оьмарехь а, хьалхара юккъерабIешарашкахь а, дуьненаюккъера ду ала башхалла йолуш. Вайнах бехачу махкахь ду олий хьахош ду гуьржийн тешаллаша «Дурдзукин кевнаш» олий. Иза хилла, кхеран пенно къевлина чIаж. Хетарехь, и «Дурдзукин ков» хилла, «Iаьсан чIажехь» цу чухула боьдачу цхьана некъо вовшахтосуш хилла, Невркавказан аренан экъа, Гуьржехаца (Г.З.Анбачидзе. Вайнахи. Тбилиси. 2001).

 

 

 

ХIинца вай хьахора ду, «Дурдзукин ков» олучу, «Ассиновскин боьрахь» йолчу архитектуран ансамблех лаьцна. «Фартанга» олучу хин чIажахь «Даьттах» юьртана гонахьарачу шира хьуьнхахь ду, тIулгах йиначу гIишлойх хилла саьлнаш. Меттигерачу историкаша, архиологаш цу меттигах олу «Эги-ЧIож». И меттиг, адамна тIекхача хала долчохь ю, цуьндела цигара шира бIаьвнаш а, тIулгах бина пен, цуьнан ширалле хьаьжча, дукха боьхна бац. Цхьана оькъам тIера, вукхунна тIекхаччалца болу и юккъера пен, шен архаични амат долуш бу, жимма, Iаламан ницкъано а, бIаьвнаш чохь, дуьхьалонна биначу пенаш йистехь луьста кхианчу дитташа бохийнехь а. Церан ширалла гойтург ду, тIеман бIаьвнех тера йолчу гIишлош чохь ца хилар юккъераэтажан конструкцеш. Уьш, хенан йохаллехь яхкаелла, цу бIаьвнаш чуэгначух тера ю, шайх хуьлуш юкъ еса а, лекха а биргIанаш. БIаьвнин пенаш а, дуьхьалонан пен а шийтта метар лекха а, цхьа метар шуьйра а бу, иштта шина рагI юкъахь биначу цу пенан дохалла а 3.5 км йолуш бу. Цу пено дIакъевлина, аренгара, лаьмнашкарчу чIаже боьду некъ. Дербентахь болу пен санна, хIора 30-40 метар юкъ йолуш лаьтташ ю, цу пенаца йина, бIарол-кораш долу лекха бIаьвнаш. Цхьана хенахь, цу корашкахь лаьттиначух тера ду сема гIарол. ХIунда аьлча, цу пенаш тIехьа лаьтташ ю ши этаж йолу гIишлош. Уьш, казармаш хиллачух тера ю. Церан дустарш, 20х6 метарш йолуш ду. Цу гIишлойн йоттар а ду, тIулгаш юкъахь чорпа йоцуш. Цо гойту, и шира архитектура и исбаьхьалла, вайн шира дайн гIишлояран бух хилар.

Кхузахь новкъа хира дац, Леонтий Мровелин тешалла далор, цо буьйцурш (сан хьесапехь хила йиш йоцу) хазараш белахь а. «Хазарин тIелатар» олучу цу балхо, вайна довзийту: «Цу муьрехь хазараш чIагIбеллера, цара, лекин, Кавказосин ваьррашца тIемаш болийра. Цу хенахь, Таогомосинаш бертахь бара. Кавказосан бераш тIехь Iуналла деш вара Тиретан кIант Дзурдзук. Ялх таргомосинаша сацам бира гIодаккха, хазарашца бечу тIамехь. И торгамосинаш вовшаха а кхетта, Кавказ ломал дехьабевлира, олаллин кIелабалон Хазаретин мохк. Цуьнан дазонехь гIаланаш а хIиттийна, уьш юхабирзира». Хазарети тIехь толам баьккхина юхавирзиначу Дурдзукас, доллу шен халкъаца гIишлошяр долийра, лаьмнин когашкахь кхуллуш фортификаци йолу дуьхьалонаш. Муьлхха а гу тIехь, цо кхуллура чIагIдина дехийлаш, гонахьа кIорга саьнгарш (90 м шуьйра, 30 м кIорга) а йохуш, лаьттаха лекха ваьлнаш а деш, басешца дуьхьалонна лерина терхеш а еш. «Iаьсан чIаж», «Эги-чIажца» дIакъевлира цо, онда пен а хIоттош. Иза, цуьнан цIарах цIе тиллина бара, «Дурдзукан ков» аьлла. Цу пенах йисна, кхаъ килломерт сов деха долу дакъа, кху хене кхаьчна цу шираллера. Цу генарчу муьрна евзуш хилла Эгикала (Эги-ГIала) лаьтташ хилла «ЦIуой-лам» олучу кур тIехь (иза яц, тахана вайна евзу Эгикал). Цу кур тIехь тахана а гуш ду, шира бIаьвнин саьлнаш, пенин дакъош. Церан бала болуш, стагга а вац тахана. «Нохчийчоь», «ГIалгIайчоь» бохуш квартирашка бекъабеллачу вайнехан, бала бац цу юкъара йолчу шираллица. Архиологин , леррина схьаделларш деш дацахь а, тахана и шира дехийлаш долчохь карош ю кхийранаш, кохьарш, эчиг лалийна овкъаран сое (шлак), иштта кх.ерш а. Цо гойту, цхьана хенахь кху меттехь кхехкаш хилар, паччахьаллин тIегIане даьккхина дахар. Цхьана Сурхахи эвлана гонахьа билгалъялла ю, 15-20 шира дехийла лаьттина меттиг. Амма, цхьанна а архиолаган бала бац, тIехьажарехь шена гинарг яздар бен (иза а, уггара а гIолехьа волучуьнан). Iаьса хин атагIана тIехула лаьттина и шира гIала (Эгикала, Эги-гIала) цхьана хенахь гIалашна юккъехь уггаре йоккхачех хилла. Дукха тайпанаш девлла цу меттера. Кху меттехь дукха ду маьлхан кешнаш. Уьш ларахь а X–XV-гIа бIешарашкара кешнаш, цхьаболчу Iилманчаша боху и тайпа кешнаш варкъан оьмарера дуьйна хилла Юккъерачу Кавказехь, вуьшта аьлча, ширачу оьмаран II-гIа эзар шарашкара дуьйна (Гатын-кале, Эгикала). Царелла а шира дерш лору, долменашкахь дIадохкар долу, Невр-Малхбузен Кавказан агIонгара кешнаш. Уьш а, цу генарчу шираллехь, нах-ваьррашца хьакхадаларш долуш хилла. ХХ-гIачу бIешарахь ясло и гIала, вайнах махкаха баьхча 1944-гIачу шарахь. Царна Даймахка юхаберза бакъо еллехь а, шайн хиллачу лаьмнашкара дехийлашка уьш юха ца берзийтина.

 

 

Цори (Цхьори) олу бIаьвнин комплекс, кхин ерш санна (Таргим, Эги-Кале, Хамхи) архиологаша, талламхоша дийцарехь, «Боккха чиллан некъ» (Великий шелковый путь) ларош хилла ю. Махбархойн къепалш цу Iаьсан чIажехула арайовлуш хилла Йоккхачу Кавказан дукъан неврера басешка, цул тIаьхьа Соьлжа хин аренгахула МаIасе кхочуш хилла уьш.

 

Нахч-ГIалгIайчохь евзуш ю ши тайпа бIаьвнаш: адам чохь деха «гIала» (историн яздаршкахь «кала», «кхаьлла» а олуш йолу), «бIов» а, тIамна лерина йолу. Иштта хуьлуш хилла, цу шиннан аматаш шеца долу бIов-гIаланаш а. Цу гIаланашка, бIаьвнашка кхача, ирхе яккха хала некъ бан безаш хилла. ТIеохкаделлачу оькъамаш, чхьарраш юккъехула хьийзаш хилла и некъаш, лаьмнин тачанаш. И тайпа йолчу рельефаца кхоьллина и гIишлош, аьтто болуш хилла, цIеххьана тIелетта беш болу тешнабехках ларор хиларца. Цул совнаха, цу гIаланин бахархой аьтто болуш хилла, алсама, дуьхьало еш латта тIелеттачарна.

 

 

Ширачу оьмаран I-ра эзар шаран шолгIачу декъа тIера дуьйна цу лаьмнашкахь кхоллабелла вайнехан и этно-политикан Барт, иштта Iуналла деш хилла «Дера-йа-али» чIажахула (гIазкх., «Дарьялское ущелье») болуш болчу коьрта транскавказан некъана, ТIехьаракавказера цхьайолчу пачхьалкхашна даима кхерам латтош болу. Кхузаманан тешаллаш тIехь хьахош ду, цу кхерамна кIелахь Картли пачхьалкх а хилла бохург. Иза, суна хетарехь, данне а нийса дац. Эрмалошна, иберашна юкъахь хилла галаморзахалонаш шаръян лерина дуьйцу, туьйранаш хета суна уьш. Цу муьрехь а, цул тIаьхьа беъначу «Аланин муьрехь» а, шайна юккъера генетикан гергало девзуш болу вайнах, дукхачу хьолахь бартахой хилла иберин.

Антиох-III-гIачо (223-187 ш.оь.шш.), ш.оь. 2-гIа бIешараш долалуш, Къилбседа Кавказе диначу кхарстаро, Дурдзукети коьртехь йолу кобанхойн ваьррин юкъара Барт бохабо. И «Дурдзукетин» пачхьалкх йохийча, «хамекитан» (Хамхи), «съербан», «двалин», «трогладитан», «санаарин», «хонан», «масахин», «дугаран» (дигора), «исадикан» (садой) и.кх. долчу ваьррашка бекъало и барт.

 

 

 

 

 

 

Copyright © Информационное Агентство «Golos Ichkerii». При использовании материалов ссылка обязательна.

Top Desktop version