Golos Ichkerii

СТАГ ВОЛЧУННА-ТЕЗЯТ, СТАГ ВОЦЧУННА-ЛОВЗАР!



Дукха хан яра х1ара кяп сайна доьххьара яйча, со цецваьлла лела!
Х1ара нийса доцийла а, яхь-йоьхь вай юьцара а яц,  иманца а, исламца а,  х1ара дог1аш доцийла хаара суна.
Делахь а, со дага велара цхьацца сайна къонаха хетачу нахах а, 1илма дика дувзачу цхьана воккхачу стагах а.
Цара т1е ч1аг1дира цу хьокъехь со нийса хиларна.
Иза х1ун ду, оццалла суна а, кхи д1а нах болчу нахана а, тахана 1аьт1къанарг, бале дижанарг?
Иза ду, х1инца дукхачу Нохчаша юкъа даьккхана, шен чуьра дозалхо-йо1, маре д1аялар.
Вай варх1е а дайшкахь цахилла х1ума ду х1инца юкъа даьржинарг.
Да велахь-цу йоь1а да а, ваша велахь-цу вешин йоьхь а йойаш, уьш нах боцчу а бохаш, уьш чохь хевшана 1ашшехь, цу чохь зудари хуьла кечлуш йо1 мари д1аяла.
Иштта хьолехь, де а, веши а, шинне а чуьра ара вала веза, ян шайна х1умма а цагушсанна, стаг воцаг а хилла-чохь 1ан веза.
Йо Аллах1 дела, мадоккха х1ума ду хьо!
Вай маца хилла иштта боьрша стега яхь-йоьхь йойаш 1адаташ, иштта къонах пайда боцчу ваккхар, оццалла стега мах цабар, цунах цавашар, цаларар?
Вай варх1и а дегахь дуйна схьа дог1аш ду, исламца а, иманца а, оьздангаллица а нийса долаш, шен доьзалхо-йо1, мари яхитар!
Йо1 мари йоьдаш цуьна нанна хуаш хуьла, нанас дега хоита, х1усам да-йоь1а да, хуаш хуьла, шен йо1 муьлхачу нахе мари йоьда, т1аккха, йо1 уллера, гергара  зудчо, тачанки х1ургомца, ян машенахь, йо1а шайна йиллина хене баьхкана нахе ара а йоккхи д1а ло.
Хаза а ду, оьзда а ду, вай динца дог1аш а ду!
Х1ара нийса хилар а, кхуьна нийсо гойташ, хозалла гойташ дуккхо а маь1анаш далор дара аса, делахь а, нах болчу нахана оццалла д1акхетича хуар ду моьтта суна!
Вай культура х1аллак ян, вай оьздангалла юкъара д1аяккха, вай дин бяхдан, вай 1адаташ сисаз дан, вай къонах к1енти мах цабар, уьш цаларар ду иза!
Къонахчунна тезят ду иза, стаг воцчу стагана-ловзар ду иза!
Вежари, мадахита шаьш нахдоцчу, хила къонахи, маэхита мари шай йо1ари, хьо чохь телевизорига а хьожаш, хьан керта машенаш а оьхаш, майигита хьай уьт1ара хьай доьзалхо д1а, юртана а хуаш,  хьо стаг воцчу а воккхиташ, хьо къонах велахь саца де хьайна т1едеана эхь!
Вайгара дика, оьзда, хаза г1иллакхаш, цхьацца бахьанаш а дохаш, уьш вайгара д1адаха г1ерташ, вайна т1яхь денна а, буса а болх беш вай мостаг1 ву!
Самадовла вежари, боьршанаг-боьрша хила, зудчунна шен меттаг а хаа, мадахита вай оьвхьаза а, нахдоцчу а!
Стаг волчу стагана, чог1а эхь долаш х1ума ду иза, д1адаккха иза вайна юккъера!
Аллах1а г1овше дезар а, дашар а, барт, марзо а, маьрша 1ар-дахар а лойла вайна.

 Казбич Чеченский.

Copyright © Информационное Агентство «Golos Ichkerii». При использовании материалов ссылка обязательна.

Top Desktop version