Golos Ichkerii

Чунгарой1


(«Ча/н/-гарой»)
Хетарехь долчу, 770 шо хьалха, цхьана ден хилла боху кхо кIант: Дишни, Чунгаро,
Харачо. И тIаьххьара шиъ (Чунгаро, Харачо) цхьана нанас вина хилла боху, Дишни кхечу
нанас вина а волуш. Цу кхаанан да, цхьаъ хилла ву. Цу цIеран этимологи а, кIезгачу барамехь,
шина кхетамо кхоьллина хиллачух тера ду. Шеко а йоцуш царех цхьа кхетомо чулоцург ду и
ваьр цхьаннан гар (-гарой) хилар гойтуш. Масала. Кху чурхе тIехь, кхаа кIентан-эпономин
кхолладелла лоручу гаройх цхьаъ, чунгаройн гар хилар шеко йоцург ду. Ткъа «чун» олу
кхетамна гонахьа, лингвисташа болх бан беза аьлла хета суна. Делахь а, суна хетарехь, цара
тидаме эца еза аьлла хета «Чанхо» олуш хилла эвла. И эвла ю Ботлихан кIоштахь, садоша,
чунгароша цхьаьна кхоьллина лоруш а йолуш.
Тимуран бIоно эшийна, уьш «Iаьндин дукъ» долчу кIоште юхабевлича, кхоьллиначух
тера ду цара и дехийла. «Чун-» олу дешадакъа, сан хьесапехь хила тарало, диалектан аларца
болу, хено хийцина, гIазкх., «медвежья» олу кхетам «ча», «чан» (ан /ча+н/ «н» элп, легаро
кхоьллина чеккхе а йолуш).
Алмакх («Ал-ма-кх» гIазкх., «Высшее и единный божество Ал/Аллах/ +Закон божий –
«Ма»+ариал обитание/место/- «кха») эвла кхоьллинарш а бу олу курчалой а, чунгарой а. Цу
меттера и чунгарой юкъабоьлхуш бу, «аренан-аьккхи» олучу тукхаман декъана.
Кхин а, ГIойтIе-юьрт кхоьллинарш а лору дишни а, чунгарой а, иштта эгIашбатой а.
«ГIой» олучу хи тIехь баьхна чунгарой, тIаьхьо1848 -1849 шарашкахь ГIойтIа а, Хьалха-
МартантIе а, дIакхалхар тIедожадо гIазкхийн, Iаткъаме долчу Iедало. Чунгаройн, Устархан-
Юьрт олу дехийлан бахархой а, иштта дIакхалхийна цу ГIойта.
СаIдин-КIотарна, къилб-малхбалехьарачу меттигна гергахь девзуш ду, чунгаройн цIарах долу
чIаж а.
Монголан бIо Кавказе хьаьлхиначу муьрехь (1238-1239 шш), кегаделлачух тера ду нах-
меттан ваьрраш. Тахана, тайпанин хIоттам хIоттийначеран бехкенна, цхьацца
галаморзахаллаш юкъаевлла ларамаза нисъеллехь а, Iилманчаша, ца хаарца, я хуушшехь
нисйинехь а.
Кхузаманчохь а хаало, цхьацца болу, «серлончин» цIе езачу нехан иштта хабарш:
«гунойн орам а, чунгаройн схьабовлар а, гуннан халкъаца лаха деза» бохург. Иза, Iаламата
зуламе хабарш ду. Вайн хьогIечу мостагIчунна, дезарг а ду.
Тахана, Дагестанера, нах-орамах долчу ваьррашна суьйли бу бохуш цхьаберш а болуш,
нах-ораман ваьррин, жуьгтийн этнохалкъаца зIе таса лерина, хIайт-аьлла хьийзаш ву, цхьа
Амагов боху стаг а. Иштта болу и аьшпийн «псевдоIилманчаш» шайна хууш а, ца хууш а,
вайн халкъан историна а, тIейогIура йолчу тIаьхьенна а, инзаре зулам дийриш бу. Вуьшта
аьлча, цу жуьгташа, даррехь ахчанах эцна уьш (бохкабелла), я кIеда аьлча, Iехабелларш бу –
мискачу чуконо хьийзош болу, мацалло байъарш.
Чунгарой а, гуной а, гуннех дIатоха гIертачарна ца хаьа техьа, цу гуннин шира истории а,
вайнехан этногенезо кхиийнарг а?
16-гIачу бIешаран хьалхара, доьалгIачу декъехь (хетарехь долу 1515-1520-гIачу
шарашкахь), Тимуран бIоно, цхьабIе ткъайха шо хьалха диначу зуламо, гIелдина хилла
ламанхойн гIора. ЖамIе масала ду, Органан чIажерачу Дишнин махкахь нисделларг. Цкъа
Чунгаро 1 - иза ду, дишнин ваьррах схьакъаьстина (хетарехь, XVI-гIачу бIешаран юьххьехь), нахчийн цIена ваьр. Кхузаманан Дагестанан
махка тIехь, суьйлашна юкъахь дисна цуьнан жима дакъа, хенан йохаллехь цу суьйлех дIаийнарг ду. Шайна дан тарало тардарах
(ассимиляции) ларалуш. Церан ондаха долу дакъа, малхбузехьа доьдий, Орга хин аьтту бердаца йолу аренашца даха хоу.
ницкъаллехь хиллачу ваьрран, тусхаройн 2 Усур коьртехь волчу дишнешна, цхьатерра тIелета
падхарой, шайн пхеа ваьррана коьртехь лаьтташ Итонан3 кIант, эла Жели (иза, шен орамца
баццо хилла) а волуш. Цу къовсамехь дишний оьшу. Тоьллачу падхароша нацкъара тотту и
тусхарой, харачой, зумсой иштта кхин долу ваьрраш а. Итум-Кхалана гергахь долу «Нана-да-
каш» олу, падхарой-дишнин кешнаш ду, кхузаманхошна девзуш. Цу муьрехь, йоллу
Нахчийчохь дIасхьайаьржина олуш ду, шайн эшар ца ладелла, шина декъе екъаелла дишнин
этнотоба. Цхьа тоба малхбалехьа а йоьдуш, шолгIаниг, малхбузехьа яхна олуш ду, цхьа
кIеззиг бен, Орган чIажаца баха ца буьсуш. Малхбалехьа бахначу дишниша кхоьллина олуш
ду Веданан эвла. Царех кхолладелла лоруш ду харачойн, чармойн, эластанжойн, иштта
чунгарой и ваьрраш. Ткъа малхбузехьа бахна дишний, Джейрах (гIазкх. транскрипци) олучу
меттехь баха хевшина, шайн лулахой аьккхи, я изза болу фяппи а, гIалгIай а болуш. Цу
махкахь, дишнин цхьа-шина чкъоро, керста дин тIеэцначух тера а ду. Монотаизмана герга
долу дин тIеэцар, иза церан прогресс хилла. ЖIараш лелош уьш хиларна, цуьндела, «жIархой»
аьлла царех. Цу «жIархойх» кхолладелла лоруш ду «леймо», «цхьоруо» олу ваьрраш а. Цхьана
«цхьоруойх» кхоллало, кхин а иттех сов ваьр ду олу.
Вайн чурхица, вайна ладаме дерг, чунгаройн ваьр ду. «Чунгаро», «Харачо» цIе йолу ши
эпоним, Веданан кIоште кхаьчначух тера ву дишнийн-падхаройн тIом хиллачул тIаьхьа. Шеко
а йоцуш, и зама хила тарало монголашна а, тимуридашна а дуьхьала, нах-ваьрраш къийсам
латтийна чолхе мур дIабаьллачул тIаьхьа (хетарехь долу 1515-1520-гIа шараш), я и монголаш
(1238-1239 шш), тимуридаш (1395/96 шаран Iа) цу Невр Кавказана бевзу зама (1238-1396
шараш – 158 шаро лоцу дохалла). Цхьадолу ваьрраш малалуш, вуьш дерш чIагIлуш,
тIаьххьарачара, цу кегаделлачу хьолах пайда оьцу зама хилла и хенан мур.
Цундела, чунгаройн ваьрран этногенезан биллам баста, вай къасто деза уггар хьалха
ши хIума: маца кхолладелла, дишнин тукхаман кийрахь и ваьр – монголаш чухьаьлхачу
муьрехь кхолладелла, я церан Iаткъам Невр Кавказехь лахабеллачул тIаьхьа. Иштта,
ладамениг ду хаар, маца кхолладелла Веданан дехийла а.
Аренан ваьррашкара хуьлу и Iаткъам ца лерича а, цIеххьашха гучабаьллачу лазаран
Iаткъамо, Веданахь туш тоьхна Iачу чунгорошна, цигара а меттаха бовлар тIедожийначух тера
ду. Цунна бехке хилла олуш ду, цу метте хьевзина ун (гIазкх., «чума», я «холера»). Цу
муьрехь, кIелхьарадовлар тIедоьжначу чунгароша, суьйлин махка кхалхар до. Суьйлин мохк
а, цу муьрехь, монгол-тимуридаш бахьана долуш, мелла а къебелла хиллачух тера бу шен
автохтонех.
Цу хенал тIаьхьа дуьйна, цу Веданахь чунгарой бехаш ца хиллехь а, церан шира ларо
йитина ю, «Чунгарой куп» олу топониман цIе. Ткъа суьйлин махка бахначарех хIун хилла?
Царех цхьа дакъа суьйлех дIаийна, хенан йохаллехь шайн ненан мотт а бицбеш. Важа, онда
дакъа Нохчийчу юхадеъна. Амма церан хилла латтанаш а, дехийлаш а, кхин тайпанаша
дIалаьцна хилла (царех ду олий, хьахош ду айткхалойн ваьр). ТIамца шайн латтанаш
юхадерзалура доцийла кхетта чунгарой, кхин а малхбузехьа таьIа, шайн кху Невр-Кавказехь
хиллачу исторически агана герга гIуртуш. Уьш баха хевшина Хьалахара а, ТIехьара а
Мартанан кIошташкахь.
Мифан турпалхой бу Моцкъарера Садо, Саьркъи, иштта тIаьхьо гIарабевлла къонахой
бу Дама (Дами-дукъ. гIазкх., «хребет Дами»), Атаев Атаби - Шамалан наиб а, Жима
Нахчийчоьнан мудир а хилла волу.
тусхарой 2 - Тусхарой («тушхара», «тусхара») — дукхаллин терахье яккхина цIе ю «Тусхара», я «Тушхара» («туш» - стоянка; «хара» -
пещера) олучу кхетамаша кхоьллиначух тера ю и топаним. Цу цIеран этимологица догIуш маьIна, иштта хира ду цу меттиган – «Туш/с/хара
мохк», «Туш/с/харойн латта».
Итон 3 - Итон-ГIала (гIазкх. транскр. «Итон-кхалле») кхоллар доьзна ду Итон цIарца. И Итон, цу метте веъна олуш ду, Орга хин лакхенгахь
долчу, «Бацой-мохк» олучу меттигерачу дехийлашкара.
Тахана а, гуннин халкъаца доьзнарг, Iилманчашна шайна а, Iаламата дукха къайленаш
йолуш ду. Цул совнаха, «гунна» (лат. Chunni, Hunni) олу и халкъ, даьлла лела аренан халкъ
хила ду, Китайан тешаллаша ма-баххара, шайн схьадалар «хунна» олу юкъ-азин халкъах а
долуш. И «хунну» олу мохк а, халкъ а, ширачу оьмаран 51-гIачу шарахь шина декъе
декъаделла – малхбален, малхбузен. Хьалхараниш бу, Китайан императорна муьтIахьалла
гайтинарш. Ткъа малхбузен дакъа, цара аратеттина хилла Юккъерачу Азе. И дакъа а, масех
декъе дакъаделла олуш ду: гIажарийметтан эфталиташ («кIай гуннаш»), кидариташ («Iаьржа
гуннаш»), хиониташ («хонаш») аьлла. Амма, хиониташ («хонаш») олучу кхетамца
доьзначунна гонахьа, харцмаьIна дина тешалла ду, кхузаманан литературо кхузамане
кховдийна, и «хоны» олурш, «кавказан гуннаш» болуш санна. Бакъду, тахана а дIачIагIдина
дац, цу «кавказхойн хонин» хилар, Европана бевзачу гуннашца гергарло. Гуннаш кхоллабелла
(даьлла лела халкъ санна), 2-4-гIачу бIешарашна юккъехь, Приуралье олучу кIоштахь. Ткъа
«хонаш» кхоллабелла зама, кIезгачу барамехь, ширачу оьмаран 6-5 бIешаре а, боккхачу
барамехь, 17-гIачу ширачу оьмаран бIешаре а кхочу.
370 шарал тIаьхье бен ца бохийна, Баламбер («Баламе бере» аьлла, цIе цунна и
тиллинарш, аланаш-ам бац те?» олий а хета) коьртехь волчу цу гуннаша, нах-орам болу
аланаш а, уьш иштта ца кхаьчна, цу муьрехь бен Невр-Кавказе а. Бакъду, 394-395 шарашкахь,
и гуннаш, Кавказан Доккхачу дукъал дехьа а бовлий Сийри а, Каппадоки а кхочу. И мехкаш
чIана а дохий юхадогIу. Иза а хилла, талоран тIелатар. Цу юкъахь (тIаьхьо, нах-ваьрраш
хиллачух тера ду цаьрца дакъалоцуш), нах-орамах йолчу макроэтнотобанан, шен хьашт
(интерес) а хиллачух тера ду – шира, ага-даймохк дIабаккхарца йоьзна чIир эца, «Тагорман
барта» юккъера, эрмалой-симитех.
Цул тIаьхьа, 828 шо даьлча, вуьшта аьлча, 1223-гIачу шарахь, монголин бIо Невр
Кавказе кхочачу муьрехь, кобан-аланан макроэтнотобанна юкъахь хиллачех ду шуотойн,
аьккхин, гIалгIайн ораман ваьрраш. Ткъа гуннин хIу, тIепаза дайна ала мегара долуш, VII-
гIачу бIешарахь Европан халкъашца дIаоьш, историн тIегIанера дуссу.
1220-гIачу шарахь, 20 эзар бIахойх лаьтта, Субэдэй, Джэбэ цIераш йолу
тIемабаьччанаш коьртехь лаятта бIо, ТIехьарачу Кавказе чугIуртий, цигара мехкаш таIзаре
дохкуш Дербенте кхочу. Цу гIалан бахархоша дуьхьало йича, монголаша, нацкъара кхин некъ
юхьара лоцу Невр Кавказе кхача. Чоьхьара Декъастехула, цу хала болчу лаьмнин новкъахь,
царна дуьхьало йо «лакзы» (кхуз. «лезгинин» дай) олучу халкъо. И ламанхой эша а бой,
ДегIастанан, Нохчийчоьнан аренга болу монголин и бIо.
1222-гIа шо ду, Субэдэй, Джэбэ «Ал-ане-йа» (Аланийа) махка кхаьчна терахь. Цу аланин
бартахой болуш дуьхьала долу кипчакин (гIазкх.теш. – «половцы»; европ., визант.теш. –
«куманы»; Iарб.-перс.теш – «кипчак»; башк.теш. – «кыпшак»; казах.теш – «қыпшақ»,
ишт.кх.а), я туьркин, ахдаьлла лела халкъ. Бакъду, монголаша хилла дой, уьш Iехабо: «Тхо а,
шу а цхьа халкъ ду цхьана ораман ваьрраш. Ткъа аланаш, вайна хийра бу. Оха шуьца барт бо,
вай вовшашна тIелетара доцуш. Оха иштта шуна дашо а, духарш а ло аша сацийта аллалца,
аша уьш (аланаш) тхуна битачахьана». Iехабеллачу кипчакашна, аланаш битар пайдехьа хетта
тIама юккъера бовлу уьш. Бартахой хилларш, ша-ша. цхьацца а бохий бохабо монголаша.
Цул тIаьхьа даьхкиначу 1237-1240-гIа шарашкахь, гIазакхин эллин мехкаш олалле далон
хIуьтту монголаш, цхьатерра, Невр Кавказ олаллина кIела а ялош. 1237-гIачу шеран гурахь,
Батый элас (хан) шен суран баьччанаш, Менгу-каана (Менгу-Тимур) а, Кадана а коьртехь волу
дакъош догIийту Невр-Малхбузен Кавказе, цигара адыгаш (чергазий) а, аланаш а бохабан.
Адыгин эла Тукар а воьш адыгаш бохабо монголаша. Ткъа 1238-1239-гIа шарашкахь аланаш
бохош, церан пачхье йолу Магас йохайо монголаша. Аланан мохк кхоччуш эшийна а боцуш,
1239-гIа шаран бIаьста а, гурахь а, монголаша йоккху Дербент а, иштта Аварин мохк а. Ткъа
1240-гIачу шарахь, южу Кумух а. Делахь а, цу монголин чухьалхаро, массанхьа а олалле
балийна бац, цу меттигера бахархой.
Цу муьрехь (XIII-гIа бIешаран юкъ), гIазкхин къилбера аренашкахула чекхволуш,
Плано Карпинис билгалдаьккхина ду, аланин дакъа «хIинца а церан /монголан/ олаллина
кIеладалийна дац» бохург. Вукха некъахочо - Вильгельм де Рубрукас хаам бо, 1254-гIачу
шарахь, даккхархойн, чекхдаьлла олалла дац адыгашна, аланашна, декъастахошна тIехь. Цу
муьрал тIаьхьа а, Невр Кавказан халкъаша, монгол-татарашца латтош болу къовсам кхин а
дIабоьдуш хилла.
Хууш ду, 1274-гIачу шаран февраль баттахь а, Батыян кIента кIантас Менгу-Тимурас
гIазакхин бIошца цхьаьна го лоций, аланин гIала «Дада-ков» (кхузам. Эльхонтово
олуюьртана дуьхьала нислуш, Теркан аьрру бердаца хилла «Дедяков» олу, «ал-ане-йа» олу
халкъан ладаме юкъ) яккхар. И хиламаш хиллачул тIаьхьи бен кхолладелла (я Iарадаьлла)
хира дац, даккхийчу этноюкъараллин (шуотой, аьккхи, гIалгIай, нохчмахкахойн, ишт.кх.дI.а.),
и кегийра ваьрраш: чунгарой, харачой, ишт.кх.дI.а.

Яздинарг ву Сулейман Асламбеков, шайн шира орамна сагаттадеш болчу чунгаройн
тешаллашна тIетовжарал совнаха, шена хуург а хьесапе оьцуш

Copyright © Информационное Агентство «Golos Ichkerii». При использовании материалов ссылка обязательна.

Top Desktop version