Golos Ichkerii

«Маршонан бIахо»

 

 

 

 

Исполнилось 22 года, со дня начала Русско-Чеченской войны (с чеченской стороны Отечественно-Освободительная война). Речь пойдёт о «героях нации». Один из них был Мержоев Ваха, сын Наиба мержоевского из с. Ачхой-Мартан.

(Дагалецамаш)

 

 

           1973-чу шарахь Орджоникидзе-ГIалахь, со институтех доьшуш волуш, дуьххьара йийшира аса «Еха буьйсанаш» цIе йолу роман. ТIаьхьа, сан накъосташа, шайн жималлехь хилла ойланаш йовзийтучу хенахь, цу тIера иллин дешнаш хуьлура цара дуьххьара хьахьош дерш:

«…Тхо цкъа а, цхьаненна

къарделла совцур дац,

Маршо, йа Iожалла -

Шиннах цхьаъ йоккхур ю…»

 

аьлла яздина дешнаш дуьххьара аса дешча, дегIе хорш еъна тхьосъелла меже санна дог лаьцна, и карзахдоккхуш керчина ойла, малхо башийча ша-тIулгах хуьлу Iаьнар санна, сан ойланаш Iарчешка айъелла хьаьвзара синтем байна. ХIинца хаьа суна, сан а, хийла ден а, ойла хиллий цу муьрехь, къийсаман хорше ерза кийчча. Иза яра, къоман керлачу тIаьхьенан маьршалла евзина маргIалаш денделла, делахь а, шех хийцамин лазар кхетта пачхьалкхийн а, адамийн а дахар техкош, къуркъамане хьийзош йолу XX-гIачу бIайшеран чеккхе.

Дукха хан ца йолуш, цу Делан лаамца кескийн дакъош хилла дIаелира чIогIачарех йолу цхьа импери – СССР. Шайх хилларг хIун ду ца хууш, Iадийна хилла мехкан дай шаьш меттабаьхкича, уьш гIоьртира и кескийн дакъош схьа а гулдина, юхуш йоллу и импери меттахIотто, «обновленная Россия» аьлла, цунна керла цIе а туьллуш. Россис, дуьнене дIакхайкхира: «…ша, СССР-ан преемник ю» аьлла. Кегийчу халкъашна хийцам бацара иза, цаьрга юха а кхийдош ерг яра, бIешерашкахь шаьш дIакхехьна империн политика. И импери меттахIотто арабевларш, дан хIумма а доцуш бисанера, маршонан новкъаяьлла Нахчийчоь бахьана долуш. Шен масаллица, кегий къаьмнаш самадаьхнера нахчаша. ХIунда аьлча, маршонан чиркх латош нахчаша, кегийчу къамнашна керла некъ гайтина ца Iаш, «неделимая, единая Россия» боху, и импери тIаьхь лаьтта бух бохош лаьттара, йозуш йоцу шайн пачхьалкх цара дIакхайкхор бахьана долуш. ТIаккха, Россин Iедало коьрта Iалашо лецара, кхоллаелла и керла нахчийн пачхьалкх, боллу шен ницкъ тIетаIийна хIаллакйан, шен чохь долчу халкъаца цхьаьна.

Цуьнан дуьххьара гIулч йоьзна яра, дозанаш дIакъовларца, чудогIу ахча сацорца, хIаваъ-некъаш дехкарца, зулам-питанаш лелорца, Iеламнах а, интеллигенци а эцарца. ЧудогIу рицкъ, хIаваъ-некъаш, доза дехкарх а, йа Iеламнах, чиновникаш, интеллигенци эцарх а гIуллакх ца хилла, империно яккхина шолгIа гIулч йоьзна яра, ницкъаца Нахчийчоь сихонца хIаллакьйан, иттех дено лоцу хан ялале. Ткъа Сийлахь-Везачу АллахIа къобалдинарг кхин дара.

           ТIекхечира 1994-гIа шо. Цу хенахь, ТIехьа-Мартан кIоштахь хьал муха дара аьлча, цхьана агIора лаьтташ бара гIазкхашна бохкабелла, церан зуламе питана дендан арабевлла, вайн къомах бу боху ямартхой. ШолгIа агIора, вовшахкхетта бара шен къомах а, пачхьалкхах а дог лозуш болу нах. КхозлагIа агIо яра, шайн гIуллакх нисделчахьана бен ца хеташ, дехьа-сехьа а теIаш, тIетаьIIина юкъарчу бахамах катухуш берш. Цу хьолах пайдаоьцуш, юкъарчу а, доларчу а бахамах каетташ бара талархой а.

ШаIами-Юртара «Маршо» олу госхозан контора чохь, кест-кеста гулалуш хуьлура, лакхахь аса бийцана шолгIачу тIегIан тIаьхь лаьтташ болу, махкахь кхолладеллачу хьолана сагатлуш болу къонахой. Царна юкъахь бара, кIоштана чуйогIачу шийтта юьртах, итт юьртана доладеш болу дай а, масех госхозан куьйгалхо а. И тоба яра, цу хенахь кIоштан «даьIахк» хилла лаьтташ.

КIоштан Префект волу Идигов Леча, цу хенахь вара, цу лакхахь хьахийначу кхозлагIчу тIегIан тIаьхь лаьтташ волу Iедалан стаг. Эхь доцуш, юкъара рицкъ, адамин къа дуура долуш, докъа тIера марчо доьхкина а, цунах шен пайда бен болчех стаг вара иза. Россино блокада йиначу цу халачу муьрехь, хина, некъашна, хала бохкачу нахана лерина юьртбахаман рицкъ, цу массо самоуправленийн счеташ «заморозить» а йина, и ахчанаш шен куьйга къеладерзорхьама, «комендантан службина, герз оьцуш ву ша» бохуш, кетарлонаш а лелош, и ахча хьалакхуссуш вара и хьараме кIоштан да. Амма, комендантан гIуллакхна тIехь куьйгала деш волу Вахина, гина дацара и ахча а, я герз а. «И ямарта гIуллакхаш, кхин дIалан йиш яц» аьлла, вовшахкхеттачу кхеташоно (лакхахь хьахийна шолгIа дакъа) сацам бира, Президентана тIе, шайх декъашхой бахийта, ма-дарра кIоштахь долу хьал цунна довзийтуш. Векалин коьрте, со хIоттийра цара. ХIунда аьлча, цу хенахь сан аьтто бара Президентана тIекхача, сайн ваша Ахьмадехула. Сох накъост а тоьхна, тхо гIалийтIа дахара. Изза гIуллакх дохьуш веъна вара цу дийнахь Мержоев Ваха а, шеца ши накъоста а волуш. Иштачу хьолахь вевзира суна, дуьххьара Ваха. Шина тобано хьажийна тхо векалш вовшаха а тоьхна, Дудаев Лечас, Шабазов Iелас, вашас Ахьамадас гIодеш тIекхачар а хилла, цу сарахь Джохараца къамелаш хилира тхан. Дукха хан ялале, тхан кIоште керла префект Умалатов Саламу ваийтара цо.

 

Зоьрталчу дегIахь, хьажар эхье, иманца долуш, доггах а, кхетаме а къамел долу и къонах вовзарца доьзна сурт, иштта дара сан. Вевзначул тIаьхьа, и сурт кхочушдеш тIетоха а, ала а ду сан цуьнан комаьршаллех, къинхетамах, тешамах, майраллех лаьцна долу васташ. Балхаца, накъосташца, доттагIашца доьзна долу некъаш, лакхахь билгалдинчу цу гIиллакхашца доьзна дара Вахин. Амма, Дала ларвойла, мостагI хилла, хьо цунна дуьхьала нисваларх.

 

Хан елира. 1994-гIачу 26-чу ноябрехь, къоман ярматхой, даррехь герзаца Iедал дохо гIоьртира. Районехь, зулам айьадиначарна коьртехь бара МугдановгIар, БакриевгIар, ОздамировгIар, иштта кхин дIаболу нах а. Цул тIаьхьа ши кIира далале, оцу питанахь пайда эцна, Россин пачхьлкхо агресси йира, къоначу Нахчийн пачхьалкхана дуьхьалла.

Официал йолу тIом дIаболабелира, 11-гIачу декабрехь 1994-чу шарахь.

Цу шеран 31 декабрехь, буьйсана исс сахьт даьлча кхечира со «Президентан Двореца» чу, сайца 22 стаг а волуш. Цу буьйсана, подвал чохь гира суна Ваха, бихкина корта а болуш. Иза лазийна хиллера, вокзал йолчохь мостагIчуьнца хиллачу тасадаларшкахь. Цу вовшахакхетарх самукъадаьлла, дукха къамелаш хилира тхойшинна. Дагалецамашка ваьлча, хаа лууш дерг хуьлура, тIеман хьелашкахь муха лела веза а, лело деза гIуллакхаш а. Сан бIаьргаш чохь, Вахех хиллера тIеман говзанча, иза тIамана юкъахь хилла хан, ялх сахьт бен йоццушшехь.

ШолгIачу Iуьйрана, «муха» тоьхна БМП а йохийна, цунах самукъадаьлла, «дерриге дуьне сох цецдаьлла, тамаш беш хIунда дац-техьа?» аьлла хеташ, боргIал санна тIемаш дуйсина со лелаш а волуш, Ваха тIевеара суна:

- Сулейман! Вай, районехь хила деза аьлла хетий хьуна? – элира цо, - Вай, кху чохь сов ду. ДIакоьссича а, цхьа пхи-ялх бIе стаг ву кху чохь, схьаеъна кхалла хIума, чу а кхуссуш Iаш! Бабичев гIали чувеъна аьлла, вай паргIат довлахь, тешнабехк хирий техьа, вай дIатесна йитанчу районна? Хьан отрядан герз дика а ду, дукха а ду, районехь оборона чIагIъян езара вай. Цу тIе, хьо, член Военсовета а ма ву.

- Ваха! Хетарехь, хIара тIом, хьелург хир бац. Вай кхузахь церан батт йохаяхь, уьш хIуьттура бац, затяжной тIом кху махкахь бан. Царна, дуьнено а могуьйтура дац. Со тешна ву, Кавказан къонахой а, вайна гIоьнна гIовтург хиларх, вай, Абхазина санна, – аса аьлча,

Ваха велакъежира:

- Со а теша цунах. Делахь а, район вай чIагIйича, тылан некъаш вай хедош хилча, кест-кеста тохар а деш, пайда алсам хира бара аьлла хетара суна-м.

- Ваха! Со, ханна воккха хиларе терра, юьртарчу отрядца ца Iийча ца волу. ХIунда аьлча, Абаз а, ТIаус а молодой ву. Шайн жималлийца, цара бераш хIаллакдарна кхоьру со, цхьа хатI доцчу а кхиссина. Церан да-наной, со цаьрца хиларна сапаргIате бу, хьерадаьлларг ас цаьрга леладойтура дац аьлла тешна. Хьо лазийна а ву, цу тIе районехь болу кIентий, хьуний бен муьтIахь хира болуш а бац. Со, шина-кхаа дийнахь кхуьнахь хIун хуьлу а хьаьжна, цIа вогIур ву. Ваха! Аса, сайн меттана директор витнарг, Джабраилов Умар ву хьуна. Госхозан таронех оьшуш долу гIо, цо дийр ду хьуна, – аьлла, тIаьххьара гуш санна, чIогIа маракъовлуш дIасхьакъаьстира тхойша.

Цхьа бутт а балале хиара суна, Ваха кхоьруш хилларг а, цо йо ойла а, нийса хиллийла. КIоштан Военный Совет, шена тIедиллина декхаршца ца ларалора. Районан куьйгалхойн а, цу Советан цхьа болчу декъашхойн а ойла сеццера, кIоштан юкъ ца йохайойтуш, «мирный перегавораш» ян еза аьлла. Вуьшта аьлча, къера хилла, кIайн байракх айар магадора цара, багах нахе дIа ца кхайкхадахь а. Церан болх боьзна бара, дIалийцина нах а, деккъий а схьадахарца. Оборонана сагатлуш верг Вахий, цунна гонохьа волу масех къонахь бен вацара. СемаIашкахь а, ШаIами-Юьртан хьуьнхахь а, кхоллабелла бара «оборонан кхерч», царна гIонна бахка даима кийча заканюьртхой, хаьмбирзхой, катархой, валаргхой а болуш.

1995 шеран 15-чу январехь, кхоъ вен а вуьйш, исс тIемало лаза а веш, ШаIми-Юртара отряд, шайн юьрта юхайирзира, ши дакъа дуьсуш, уьш цIадан аьтто боьхна.

Цу хенахь дуьйна, доладелира сан а, Вахийн а, вовшаха деттадаларш.

Дуккха хан ялале, гIаттамхойн командираша вовшахтоьхна, кхеташо хилара МартантIерачу Военкомата гIишлон чохь, Гелаев Хьамзат коьртехь а волуш. Дийцаре диллира, цу Гелаевна, тылан а, вооруженин а гIоьнчий харжа. Иштта, лерина дара, Штабан Начальник харжар а. Штабан куьйгалхо хаьржира, СССР армин хилла прапоршик Албаков Ширвани, Начальник вооружени Бисултанов Арби билгал а веш. ТIаьххьара, тылан Начальник хоржуш билгалавинарг сой, Вахий вара (Гелаевна, цу даржехь Ваха хуьлийла лаьара шен гIоьнча).

Амма Вахас а, цхьацца болчу тIеман командираша а, со хуьлила шайна лаар дIахаийтара Гелаевга.

– Сулейман директор госхоза хиларе терра, цунна район дика евза, куьйгалхой а бевза. Сулейман хилча бакъахьа ду – элира Вахас а, кхин цхьа-шиммо а.

Ваха, кIоштан Комендант чIагIвира цу чохь. Цул совнаха, цу хенахь, «Руслан» цIарца волчу Гелаевна тIеоьхуш юкъарчаш бара, «…гIазакхин инарлаца, къамел дан резахилахьара хьо» бохуш. Цара, Хьамзате доьхург дара, юьрта чохь тIом ца беш, шина агIоно (тхой и гIазакхий), и тIом юьртал арахьа бар. «Шу ара а довлий, кху чуьра дIа тIом байта тхойга» эра доцчу Хьамзатас, церан юьхь ларош, «шун дуьхьа ша реза ву церан инарлаца къамел дан» элира, нах Iехош и адам чухоьхкучеран дийца хIума ца хилийта.

Тхо, цара ма-боххура, ойла йисте дахна лаьтташ а долуш, тIеван везачу инарло керла билламе хабар даийтара, «…шена болчу тешамна, Гелаевн гонна юкъара ши гIоьнча, ленакаравиллинарг (заложник) хила веза» аьлла. Хьалха резахиллачарех сой, Вахий вара, хьалхе яккха жимма къовсар а хуьлуш.

- ХIара, сан юьрт ю, цундела, со ваха веза заложник метта, - Вахас аьлча,

- Ваха! Уггаре а хьалха, хIара 12 юьртан юкъ ю. Хьан санна, массеран дакъа а долуш,  - аса аьлча, Хьамзатас шен сацам бира:

- Сулейман а, префект волу Умалатов Саламу а гIура ву цига, - аьлла.

 

Дехьа-сехьа шера аренаш а йолуш, айъабеллачу некъа тIехула дуьхь-дуьхьала воьдуш шишша стаг вара. Цхьана агIора тIевогIург вара инарла, харц цIарца волу «Черкасов», йа бакъ цIарца вевзура волу инарла Н.В.Скрыпник, 11-гIачу июлехь, шо даьллачул тIаьхьа, ГихтIахь воьн волу. Цуьнца вара, гIоьнча - эпсар.

Царна дуьхьала, кисана «Ф-1» олу ши граната а йоьллина воьдачу суна дагаеънарг, СССР-ан гIараваьлла талламхо «Абель» хуьйцуш кхоьллина кино яра, цу чохь санна сурт хIуттуш. Тхуна а, царна а, шина агIора тIехьажийна яра снайперш. Амма тхан, кхера, хIумма а дацара. Тхо лахь а, тхайн Даймехка дуьхьа леш дара. Ткъа уьш? Инарлан кIайъеллачу юьхье хьаьжча суна гинарг, кхерарца ийна, кхочуш ца дича, ца долург дара. Аса, цуьначух эра дацара «декхар».

«Архиологин барза» тIехь дIачIагIбеллачу гIазкхаша, ткъаха метар шайна герга ца дахкийтара тхо. Церан коьрта биллам ларош, тхо герз доцуш тIедахкарца доьзна хиллехь а, царна турмал чухула гина хила таралора, аса сайгара, Саламуга елла шолгIа граната. Ма-диццара, хьал чекхдолуш ца хилахь а аьлла, оха шиммо Iалашоне лаьцнера гергахь йолу «бруствер», «пулемётан гнездо» олу церан чIагIонаш.

Бакъду, и вовшахкхетар, цхьаа тIаьхьало йоцуш чекхделира. Тхойша юхакхаьчча, суна, хьалха мараиккхинарг вара Ваха. «Шуна цхьаъ хиллехьара, доккха эхь дара мартанхошна дуьсург. И ловзарш, кхин дийра дац вай» элира цо соьга.

 

Дукха хан ялале, ТIехьа-Марта йити йийзира куьйгалхойн бехкенна а, тхуна гонахьа а хьийзаш, дуьххьара жигаралла гойтина, цхьацца, мартанхойх болу тхан «накъостий» ямарта бовларна а.

1995-гIачу шаран апрель беттан хьалхарачу декадехь (10/04/95), мостагI, Мартанна гуо лаца Iалашо йолуш чугIоьртира. Штабан коьртехь волу Албаков Ширвани, Джаниев Мохьмаддий, цуьнан ваша АбужахIиллий (Башир), Шабазов Iелий, Бисултанов Арбий, сой, тхо сихонца Янди-кIотарехьа юхадевлира, цигахь Штаб кхолла сацам беш. Со кхеташ хIума дацара иза, цу хенахь. Делахь а, суна масала дара Главный Штаб ВС ЧРИ. Цуьнан а хуьлура, иштачу кепехь, кест-кестта «передислокаци» яр. Цундела, и дара сан дагна хьаам бийриг, «кхераделла-м хир ма дац тхо?» олий. Цу тIе, хьалхарачу дийнахь, Масхадовс схьадаийтана яздина буьйр а дара, «…10-чу апрелехь, лома кIела юхадовла, ломахь базанаш а йохкуш…» аьлла. Амма, оха хьалхо бина сацам, «МартантIе, тIом ца беш дIалура яц» аьлла бара.

Делахь а, Вахас куйгалла а деш, цу дийнахь тIом хилира МартантIехь. «ППС» олу, хьаьжкIийн хIу цIандечу заводан кертара, дIа тIом а беш, масийтта бронетехника а йохош, ткъе итт сов мостагI вуйш доьхьало йинарг йара, Вахин ваша Кунта коьртехь волу жима тоба. Кхоъ къонах, декъала хилира цигахь.

Ваха, чIогIа «хозяйственный» стаг вара. «Ачхой-Мартан, деллий бен дIалур яц!» бохуш тхо лелачу хенахь, Ваха, ломахь шен «базанаш» еш къахьоьгуш вара, цига хьала цхьа дакъа а дахийтина. Цо лелочунна, наггахьа, со а ца хуьлура реза. ХIунда аьлча, аса гуладеш долчу рицкъах онда дакъа, Вахас хьала а хьой ломахь дIадуьллура. ТIемалошна юучу а, юхачу а хIуманна амал бан безаш хиларе терра, сан дукхаха къахьега дезаш хуьлура. Оьшшачу хенахь дIадала, карахь тоъал рицкъ ца хилар, сайн ледарло хетачу суна бехказло яцара «дац!» бахар. Цу тIе, массара магийна куьйгалхо а ма-варий со. И дара, суна гуш дерг.

Дукха хан ялале, оцу тIаьхь а, Ваха бакъ хилар гучаделира суна.

Вахина гонахьа болу, МартантIера дика кIентий а, шайн баьччана хьакъ болуш бара. Царех 90% тIемалой, гIазотехь декъалла хиллира цу шина тIеман шарашкахь. Дала, гIазот къобал дойла церан!

Региональный Комиссар ву аьлла, Роьшнин хьаннашкахь, Джохарас, суна тIе дарж диллира август беттан хьалхарачу декадехь. Цу буса: «Мила хила луур дара хьуна ЮЗН-а чуйогIачу еа районан коменданташ?» цо аьлча, аса билгалваьккхира Мержоев Ваха а, Хачукаев Хизар а, сайн «хьалхара гIоьнча» Баматгиреев Вахид а.

– …Сунженски районехь, Комендант Хайхароев Руслан хир ву – элира Джохарас цу буса, – Хьалхара гIоьнча - Амаев Саламбек!

«Джохар вара, хьох дерг хоьттуш, хьо Региональный Комиссар хIотто дагахь» аьлла сайга хаам хилча, цу хIалхарчу буса «Особый отделан» Начальникаца дагаволуш сайн къамел хиларна, цу кхаа къонахчуьнан кандидатураш сайна хIайбате хиларна, сапаргIат даьлла тIеийцира аса. Делахь а, сан йоьалгIа, Баматгиреев Вахидан кандидатура тIе ца эцаро, мелла а дог дохийра сан. Саламбек, вевзаш ца хиларо, йохийна хира яра сан и дог-ойла цу муьрехь.

 

Басаевн отрядо, Буденновске йиначу рейдано, Нахчийчохь тIом сацийра цхьана юкъана. Амма и тIом, цкъаа сецна бацара ЗГВ-ан фронтан зилца. Делахь а, машаран хьокъехь дагадовларш Нахчийчохь доладелча, районехь, «машар бан» кхоьллина СНК комиссин Председатель вара Астамиров Иса а, цуьнан гIоьнча Ваха а. Шайна тIедехкина декхаршца ларалуш, бан ма-беззара болх дIаьбаьхира цу шина къонахчо. Цу хенахь бан ма-беззара, и болх биначарех лоруш яра Нахчийчохь шиъ юьрт: ТIехьа-Мартий, Зандакъий. Со а вара, и тайпа болх беш Олхазаран а, СоIадин а кIотаршкахь.

«Переговораш» йо бохуш, мостагIчо лелош дерг, хIилла дара. Шайга Iехалуш верг Iехош, эцалуш верг оьцуш, тIамна кечлуш бара уьш, юха а «Iаьнан компании» йоло. Амма Джохар а, цхьацца болу халкъан патриоташ а, кхеттера цу хIилланах, вайн «Переговорни комиссин» декъашхойх дукхаха берш Iехабеллехь а.

Гурахь, Нахчийчохь юха болабелира, оха белхийна тIом.

 

Цул тIаьхьа, «Борз» олучу операцехь доккха, жигара дакъа лецира Вахас. Джовхаран омрица, операци «Борз» ечу юкъана билгалвира цуьнан куьйгалхо, ЮЗН Командующи волу Гелаев. Цу ханна (кхаа денна), цуьнан тылан гIоьнча хIоттийра со а.

Цу хенахь, соьгахь, шиъ дарж дара. Со вара ШолгIачу Секторан Командующий а, Регионан (еа кIоштан – ТIехьа-Марта, Хьалха-Марта, Соьлжа, Галайн чIаж) Комиссар а. Аса, сайн приказаца и операци чекхяллалца, сайн метта Командующи хоттийра, цу хенахь «Западный полкан» Командир волу Мержоев Ваха. Цунна тIедиллина дара, заводашкахь йолу гIазакхийн тIеман подразделенеш йохон а, мехка даьтта чохь долуш болу хIоамаш (ёмкости) лелхийта а, иштта установкаш, цехаш а, йоха е аьлла. Вахина, иштта тIедиллина дара юург а, тIеюхург а, герз-патармах хийца томехь долу кхин тайпа рицкъ а, гIалийчура арадаккха аьлла. Цу балхаца, Ваха дика ларавелира. Шен тIемалоша йиъна, «йогурташ» биста кхаччалца, юьззина отчёт а елира цо суна.

Лакхахь ма-аллара, соьгахь шиъ дарж хилар бахьана долуш, цкъацца йолчу ханна, со, фронтехь кIезга хуьлура. ХIунда аьлча, сан куьйга кIелахь а, тидме хила езаш а, йиъ район (Хьалха-Мартан, ТIехьа-Мартан, Сунжан, ГIаланчIажан) хиларна. Автоматаца тIом барал сов, и тIом, идеологически фронтехь бан безаш бара, дIагойтуш дуьненна а, мостагIашна а, вайн халкъ а, тIемалой а, цхьана йозаш, цхьана чархан меженаш юьйла хоийтуш. Цу балхаца суна гIоьнчий хилла лаьтташ бара, Комиссариата Штабан куьйгалхо волу Амаев Саламбек а, Хьлхара гIоьнча Баматгириев Вахид а, тIеман журналист Тахаев Руслан а, Ахматова Зайнап а, иштта районан Коменданташ болу Хачукаев Хизир, Хайхароев Руслан а. Тхуна накъосталла деш яра, Беталгиреев Салман коьртехь волу, «Президентан канал» олу телеэфир.                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                  Ткъа Вахас, и болх хьеха безаш боцуш, бан а хууш бора. Цуьнан бала боцуш ца хуьлура митинг а, телевидени а, ярташкахь юург-мерг гулайайтар а, агентура кхоллар а, тIемалойн цIахь долу хьашташ кхочашдар а. Вахин вовшахтохараллин балхо, суна чIогIа гIо дора. Ваха, шен отрядашца хийллаза, гIонна а вогIура суна оьшшачу меттехь.

Изза болх беш вара, Махаев Докка а. Изза гIо хуьлура суна, Особый отделан Начальник волчу Шабазов Iелера а.

Цхьацца болу, лаккхара даржера командирин питана бахьаненна (ГIойист юьрта гонахьа питана айъана), Джовхарца йолу юкъа-меттиг, цхьана юкъана галаяллера Гелаевн. Цуьнгахьа гIодоккхуш со хиларна, Джовхарца, сан а хуьлура кега-мерза галаморзахаллаш. Делахь а, сан цхьацца долу хIуманаш, могийтуш дара Джохарас. И бахьана долуш, сайггара сацамаш бан марзделлачу сунна, тешнабехк хилира.

Иза дара, Янди-кIотар мостагIаша дIаякхна шолгIа де. И юьрт ларъеш хиллачех бухависнарг, 30 тIемло бен вацара. Амма, мостагIчо тIетаIийна ницкъ, бIозза ала мегара долуш, тIех боккха бара. Аса омар дира: «Янди-кIотар йита» аьлла. ХIунда аьлча, тхойгахь биснарг цхьа урам бен а бацара, кестта тIекхача гIо а дацара, Iуьйренга тхо девлича, цхьаа дийна вуьсар волуш а вацара тхох. Цундела, бисначу тIемалойн доь ца дайъа, дина дара аса и омар. Джохарна а гуш дара и сурт (2-3 киллометар бен генахь вацара иза). Делахь а, сан «бIонакъостехь» цхьаммо, къайлахь диначу харц тоьшаллех хилла  дара и питана (Сулейманас, Джовхарна «авантюрист ву» аьлла, «цунна муьтIахь ма хила» аьлла, бохург дара цу питанчо даржийнарг).

Джохарас, со харц веш, Командующи волучуьра дIаваьккхира, Махашев Казбеке гIазкхашха олуш: «Пусть Асламбеков занимается своими прямыми обязанностями Регионального Комиссара, Командующим фронта будет Мержоев Ваха».

Со, цу сацамна чIогIа реза вара сайн дагахь. ХIунда аьлча, питана диначеран, шайх цхьаъ коьрте хIоттаваре сатуьйсуш йолу Iалашо, кхочуш ца хиллера церан сан хьесапехь. Цу тIе, сан метта хIоттийна Командующи, сан тIеман бIонакъост а, хьанал ойла йолу къоман кIант а вара.

СемаIашкара, Серноводскера тIемалойн отряд ца лерича, тхан фронтехь рожехь, йоккхаха йолу отряд, ТIехьа-МартантIераниг яра. И отряд йохош, къайлаха беш, чIогIа болх а бара ямартхоша. И ямарта болх дIакхоьхьуш вара, ЗавгаевгIеран префект волу Бураев Шамиль а, цуьнан гIоьнча, милицин Начальник волу Оздамиров Кюра а. Цаьрца, Нахчийчуьрчу ФСК-ан цIарах болх беш вара, инарла (тIаьхьо генерал-майор) Хоперсков.

Баматгиреев ВахIид, коьртехь волчу Развед.Управленера соьга хаам кхаьчнера: «БураевгIара, шийтта тIемало «вербовать» а вина, Вахин отряда юккъе вахийтина» аьлла. Особый отделан Начальник волчу Шабазовс а, шен каналашкахула «и информации ю» бохург чIагIдора. Янди-кIотарний, Шалажа-юьртаний юккъехь, кест-кеста хаалуш болх бора, ямартхойн рацеша. Наггахьа, оха а пеленговать йора и рацеш. Делахь а, и ямартхо лацалуш вацара. ХIинца, хан яьлча со тешна ву, и ямартхо хилла ала, тхо тешаш долчу, тхан «бIонакъостех» цхьаъ, я шиъ.

ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа, ямартхойн ардангана гIодеш, уьш цIанбеш лийлара цхьаболу тхан «бIонакъостий» хилларш. «Ямартхо-II» аьлла, цу кIоштахь цIе тиллина хилла Оздамиров Кюра цIанвеш, Iедале дехарш деш куьйгаш яздира, селхана цу Вахин а, сан а накъостий ду шаьш бохуш леллачу «тIемалоша». Цара, тхуна дуьхьала тухург дара, «амнисте» еш даьккхина Зеламхан Указ. Зеламхас «бойъура бац» аьлла и Указ даккхарх, уьш Iедале хIиттош, «Люстрацин закон» юкъа ца доккхийтуш лелларг, Масхадов коьртехь волу Iедал дара. Фронтан, Особый отдело биначу талламашца, НСБ-н органашка лацийтана волу Оздамиров, цу кехатех бахьана а дина, шайна йогIург схьа а эцна, Iедало арахийцира «цIена ву» аьлла. Масхадов кхетча, тIаьхьа дара. Чкъург, керчина яллера.

Амма, тIом болчу хенахь, Ваха а, сох кхета лууш вацара, аса сайн йолу шеконаш шега дIайийцача. Аса олура цуьнга:

- Ваха! Изи-изий, сан тешам боцуш ву – аса аьлча, Ваха ца тешара, шен бIонакъост ямарта хиларх.

Цо олура:

- Сулейман! Вайца цхьаьна, окопаш чохь хIара бомбанин а, снарядин а гIовгIа ловш, Iийра вац вайца и ямартхо!

Иза тешара цхьана хIуманах:

- Дуьне дезарна вохкавелла ямартхо, муха Iийра ву жоьжагIате чохь, кху дуьненах вала, йоккха юкъ а йоцуш? – олура цо.

Дукха хан ялале, Ваха, сан метта Командующи хIоьттийначул тIаьхьа, цо элира соьга:

- Сулейман! Цхьацца долчу хьан хIумнашна, со реза ца хуьллура хьуна. КъинтIера вала суна! ХIинца хаьа суна, мел докхха дукъ, хьуна тIехь Iуьллуш хилла.

Ваха дIасхьасетта (гIазкхашха, «лавировать») хууш стаг вацара, Iодаца дIахецна пха санна, нийса дIагIертачарех вара иза. И волчохь, тIом бан а безара, къоман ямартхой байъа а безара, хало а, мацалла а лан езара. Цундела, и веккъа висира, шен кIеззиг болчу тешамечу накъосташца. Цу накъостех, итт а стаг ца висира МартантIехь. Шаберш аьлча санна, гIазотехь, декъалла хилла уьш. Цу Сийлахь-Везачу АллахIа, гIазот къобалдойла Вахин а, цуьнан тIеман вежарийн а!

Доцца ала луур дара суна цхьа-ши дош, Вахин доьзалах лаьцна а. Джохаран а, Гелаевн а омраца, дIалаца йийзира сан ТIехьа-Марта кIезгачу ницкъашца, коьрта тохаран ницкъ, «Президентан Гварди» а йолуш. Цу операцин цIе яра «Дарц». Вуьшта, «Iаьнан дарц» а олура цунах. Цу тIехь, онда къахьийгира Шабазовс, тхуна, чудаха бух кечбеш.

 

Суна и операции дага хIунда еъна аьлча, дера еъна, цхьа-ши дош Вахин безамах лаьцна ала лууш. Ваха хьовзавора аса кест-кеста: «Делахь, Ваха! «Бобыль» санна, лелла вера вуй-техьа хьо? Зуда яло езара ахьа!» олий. «Хьуна, цхьа хIума хилахь, дагахьбаллам хир бу-кх суна а, хьо везачарна а» аьлла, ша ас хьовзийча, Ваха цIаста санна цIиэ а лой, йохь лачкъо санна корта охьатаIабора, вела а къежий. «ДIавалахь, Сулейман! Зударий буьйцучохь дацара вай-м!» олий, и хабар, кхин тIегIана тIедакха гIуртура иза.

Лакхахь ма-аллара, ТIехьа-Марта дIалоцуш префектура а, кхин йолу гIишлош схьалоцуш тIемалой дIачIагIбелира. ГIазкхин-Завгаевн Iедалан карахь яра, милиции чохь йолу, еккъа цхьа гIишло. И гIишло дIалаца а, итт минот ца оьшура тхуна. Делахь а, оха и схьа ца лецира. Тхан хьалхара Iалашо яра, дуьненна дIагайта, харжамаш Нахчийчохь ца хиллий а, Джохаран куьйга кIелахь, нахчийн Iедал дуй а. ШолгIа делахь, Джохарас тIедиллина дара, «яьрташ ца йохайойтуш, адмашна кIезга зен хуьлу агIо ларъелаш» аьлла. Цундела, «Завгаевн Iедал духонза ду» ала гIерташ, моттаргIанаш лелош болчу БураевгIара, ОздамировгIара, МугдановгIара тхан аьтто бора, гонахьа лаьтташ долчу россин эскаршка генара чуетташ, бехк боцу нах ца байъитарца а, и юьрт ца йохаярца а.

Оцу Iалашонца нисбина, дIахIоттийна бара аса, сайн коьрта болх. Цхьацца болу тIеман командираш, сан тактикана резабацар а гора суна. Царех цхьаъ вара, Президентан Гвардин командир волу, сан ваша Ахьмад. Шен амал йолчу вешига а, бакъдерг дийца йиш яцара (Гвардейцех лачкъийна, хIумма а дацара цуьнан), ямартхой бара сема ладоьгIуш. Цу тIе, «шен тIемалошна са чудиллина волу Ахьмад, кху Вахех, амалца къаьсташ вац» аьлла, харц ойла кхоллаелла вара со а.

Префектура дIалаьцнарг яра, Президентан Гварди. Делла сан буьйр дара: «…бакъо йоцуш, цхьаа стаг а, я тIемало а, Префектуре чу ма вита» аьлла. Цу чуьра кехаташ луьстуш, нах бара сан билгалабаьхна. Тхуна гучуделира, СемаIашкахь геноцид еш и йохаяйтинарг Завгаевн Префект Бураев а, СемаIашкан юьртда Лоьма а, гIазкхийн инарла «Черкасов (-ский)» а хилар. Цара, и юьрт бахьана долуш тоьхна цхьа хьостам а боцуш, бIенашкахь, миллионаш доладаьхнера, белхаш дина бохуш харц кехаташ а кечдина.

ТIаьхьо тхуна билгаладелира, геноцид йиначех коьрта чалтач инарла Романов хилар а, и Iазап цо деш, цуьнан хилла псевдоним «генерал Антонов» юьйла а. 1995-гIачу шаран 7-гIачу октябрехь (тIеман 301-чу дийнахь, къоман къонахоша-чIирэцархоша) Романов-Антоновн новкъахь, бекхаме, эккхийтар дира вайн къонахоша. Иза нисделлера, кхо бутт ца-кхоччуш хьалха, хIара харжамаш хилале (харжамаш юкъаха бисира, 90% аьшпаш ца лерича).

Лакхахь ма-хьаххора, 1995-гIачу шеран 14-гIачу декабрехь, оха дIалецира ТIехьа-Марта. Дуьххьара, Хьалха-МартантIехь санна, кхаа-деа денна лерина и яккхий шахьарш дIалаца хилла тхан Iалашо, гIазкхашна хьалха, чин даккха лериначу ямартхоша, и тхан хенаца йоьзна Iалашо йохийра. Тхан политикан кIодаллех, шайна дивидендаш яха лиара царна. Сихха тхо арадевлича, тхо девддарш дийра долуш, декъаза бух бара цара хабаршца кечбеш берг. Иза хууш со а, сан бIонакъостий а бара. И бахьана долуш, цу МартантIехь цхьа бутт баккха бийзира тхан, «милици» олачу цу бен чу и декъазхой а ховшийна. ТIаьххьаре а, телевидени а йолаелира церан болх бан. Иштта, тхайниг а яра хьалхе дуьйна, цуьнца цхьатерра Зайнапан беркатца болх беш. Иза, тхуна дезарг дара. Оха, тIех къа а ца хьоьгуш, тхан балхана, рекламма еш вара Бураев.  

Цу чохь тхо а долуш, цхьана Iуьйранна, Ваха, со волчу а веъна:

- Сулейман! Гвардейцаш аьллча а, оцу хьан берзалоша, со а чу ма ца вуьтту цу Префектуре. Со, ца вевза техьа царна? Хьоьгара, записка я боху-кх цара! – элира, цецвалар а, оьгIазвахар а цхьано хьалагIерташ долчу Вахас (Вахин ваша Кунта а, сан ваша Ахьмад а доттагIалла тасаделла вара, хIетте а, Ваха чувитина ца хиллера гвардейцаша).

- Ваха! Церан бехк бац хьуна иза. Уьш, чеха ма белахь. Цара кхочушдийриг, сан омра ду хьуна - ас аьлча, «хьуний, суний юкъахь хIун башхалла ю?» олуш санна, сакхе хилира Ваха.

Делахь а, девне ца волуш собаре а хилла:

- Цхьа гергара зуда яра сан, оцу Префектури чохь болх беш. Цунна, дош деллера аса, цуьнан «баргалш схьаоьцийтара ю» аьлла. Товш ца хета-кх. Кхин хIумма а дацахь, Комендант вац со, зударшна гергахь дозалла дан а? – аьлла, мелла а балда делакъажийра Вахас.

И санна долчу хIуманаш тIехь, буьрса хуьлуш волчу Вахех, сайн дагахь цец а вуьйлуш, язйина записка елира ас цуьнга. Ваха, дIа аравелира. «Почтий» чуьра (Штаб цу чохь яра сан) арахьаьжча, жима ши зуда улло а хIоттийна, майданехула воьдуш сайна Ваха гича, цуьнан велакъажар дагадеъна, шеквелира со: «Деллахь, Ваха тIехьийзаш хила там бара царех цхьаъ?» аьлла.

Цо зуда ялор лууш волу со, чехка сайн гIуллакхаш а дитина, Префектуре, царна тIаьххье чувахара со а. Шен хIуманаш схьагулаеш жима зуда а, цунна тIехIоьттина неIарехь лаьтташ Ваха а, гергахь вайн Iадат ларо санна Iуналла деш лаьтташ шолгIаниг а йолуш, со чоьхьа велира:

- ХIара хIун къуьй бу, кху чохь берш!? Шуна хьан бакъо елла, кху чугIерта?» - олуш, мелла а буьрсачу озехь.

Вахин, хьажа юккъе шад гулабелира, къаьрззина соьга а хьожуш. Ши зуда, Вахига хьаьжира, иштта къаьрзина. Вахига корта ластира ас, «муьлхарниг ю, кху шиннехь хьайниг?» олуш санна ишар еш. Массарна девзаш долчу велакъежарца, Вахас агIонца кегийра туьйнаш туьйхира, пIелгаш воьшаха а хьакхадеш:

- Муьлханиг къастийча, бакъахь хета хьуна? – олуш, цкъаа, суна ца хазийна бегаш бира цо.

- Аса-м, шеа ядора яра» - ас аьлча, царех цхьаъ «и хIун бегаш бу!?» олуш санна, къаьрззина Вахига хьаьжира, «ХIара цхьаъ-ам, ядор хилахь тамаша бу, - элира, и тидаме эцначу аса а.

Гелаев Хьамзатас, сан дехарца ши эзар доллар а даийтина, цул тIаьхьа ши кIира далале, онда синкъерам а беш той диара Вахин бIонакъосташа, мостагIаша го бина лаьттачу МартантIехь. Иштта, кхоллабелира и керла доьзал, луьрачу цу заманчохь керла бен кхуллуш, ирсо туш тоьхна меттиг, цунах хиларе сатесна.

 

Бумматанний, Iашхой-КIотаранний юккъехь лаьтташ бу «гIала лаьттина корта» олу лам. Цу лома тIехь оборона лаьцна, шина дийнахь тIом бира, Бумматна тIехьахашхула мостагIий чу ца бахкийта дIахIоьттиначу Вахин жимчу отрядо (24 стаг тIемало). Царех вейтта, шайна юккъехь турпалла йоI Зайнап а йолуш, гIазотехь декхелхира АллахIан дин а, шайн мохк а, пачхьалкхан сий а лардан юкъ йихкина болу и тарпалхой. Цу тIамехь вуйжира ши ваша – Вахий, уггаре а жимаха волу цуьнан ваша Исламмий. Делан кхелаци бен Iожалла хила йиш йоцийла сайна хаахь а, суна даа, хIара къиза дахар а дитина, сан метта и Ваха дIавахча санна ойла ю сан тахана а, цу генадолачу дахарах хьерчаш. Сан метта, и Командующий хIоттийна ши бутт а балале,декъала хилира, цхьана мержойн тайпанан хилла ца Iаш, доллу нахчийн халкъан кIант волу, бакъ къонах Ваха.

 

Ткъа цу 1996-гIачу шеран 2-чу ноябряхь, гIазотехь дIакхелхиначу Вахина, боьрша тIаьхье йоцуш дIабахначу вежарийн хIу ца хадийта санна, сох бахьана а хилла, цу ялийначу зудчо кIант вира. Цунна, цIе тиллира ден дас, ден нанас «Мубарик» ву аьлла. Дала дукха вахавойла иза, шен ден, ден вежарийн санна яхьо дог дуьзна! Тахана, цуьнан 20 шо кхаьчна хила деза. Дала, хан йахйойла цуьнан. Цу Вахин лар, дуьнен чохь ца йайьа, дика дина волу тхан Дела! Хьуна бу-кха, тхан дист доцу хастам!

 

Суьйренан цIиэн зIаьнарш, стиглара Iаьрчешца хьерчачу хенахь, Бусалба йижарша иллин мукъаме дерзийна, хийлаза хезна ду вайна, «къоман йоIа», Исламова Зараа яздина хIара дешнаш:

Кечбина мартанхой, турпала и кIентий,

Байракх тIехь варкъ доккхуш «Аллаху Акбар!»

Юьртаха велира, Мержойн кIант Ваха:

«Аьтто бац, къиза тIом, юьртахь бан» аьлла.

 

Ямартхойн лар йойъуш, юьртан сий айьадеш

Декъалла хилла хьо, Мержойн кIант Ваха!

ГIазотан цIена некъ тIаьхьенга кховдош,

Масала хилла хьох, хуур ю яха…

 

Цу къоман гIазотехь, декъалла хилла Вахин ши ваша - Кунта, Ислам. Царех а, цу АллахIан пурбанца, къаьсттина яздийр ду вай тIаккхахула.

Мокхаз тIулг хилла лаьттира, и турпалла кIентий кхиийна нана Тамара.

Тахана, и санна болчу нанойн деш сий дац. Амма Тамара а, кхин болчу наной а тIаьхь лаьтта тIегIанан лахенгахь, церан сий дайъа гIоьртинаш, шаьш сий дайна Iоьхкура бу.

Дала гIазот къобал Дойла шун, Ваха, Кунта, Ислам! И кIентий кхиийначу ден Наибан а, ненан Тамарин а!

 

бIонакъост Соломон.

 

 

 

 

Copyright © Информационное Агентство «Golos Ichkerii». При использовании материалов ссылка обязательна.

Top Desktop version