Golos Ichkerii

Яндарби Зелимхах лаьцна дагалецамаш

 

 

Кху шаран 13-чу февраляхь, 16 шо кхочу, нохчийн къоман шолгIа президент Яндарби Зелимха, ФСБ олучу Россин тербандо, тешнабехкаца вийна Катарехь.

Нохчийн къоман яздархо хилла ца Iаш, Зелимха ву нохчийн къоман турпалхо, иза хилла ву халкъан лидер, дуьненна чохь уггаре йоккха йолу Россин пачхьалкх, эхь деш вай махкара арайоккхачу муьрехь хьалханча хилла, халкъан бакъ воI ша хиларе терра.

Нохчийн гергарчу исторехь болу, кху тIаьххьара диъ бIешаро лоцу тIеман къийсамехь, нохчаша толам боккхуш коьртехь хилларг ву къоман хьалханча, шолгIа президент Зелимха Яндарби.

Цуьнан айъана и сий дара, Аллахьан деза совгIат. Иза, шен къомана а, махкана а, ямарта ца хиларна. Иза, мостагIчунна хьасталура волуш вацара, вацара иштта кхералура волуш хIетте а. Вацара иза, Iехалура волуш а дуьненан хIуманах.

«…Зелимхан, И.О. президента» олий яздо вайн мостагIийн информ ресурсашкахь, иштта нохчийн ю бохучу информагенствашкахь а. Цул совнаха, цуьнан бIонакъостий бу шаьш бохуш леллачара а магадо шайна, цу мостагIаша ма-яздарра, «…Зелимхан И.О. президента» хилла олий яздо цара а. Иза, Iаламата йоккха харцо ю. ХIунда?

Вай Нахчийн Конституци тIехь, цуьнан 75-гIачу статйано бохуш хиларна (йаздина ду): «В случае отставки Президента, или его отстранения от должности, Вице-президент становится Президентом до новых президентских выборов по праву».

«Исполняющий обязанности» аьлла яздина дац, «становится президентом» аьлла, хаддам болуш чIагIдина ду дIасхьа тетта йиш йоцуш. ХIара бух шайна дIагайтича а, кхи эхь ца хеташ «И.О.» олий йаздо (доьшу) цара а, вайн цIарца лелачара а. Вайн мостагIчунна ца лаьа, Зелимха, президент санна историна юкъавоьдийла. Царна бохкабелла, «вайх бу боху» чуьра хьогIенаш а, шайн хила цабезам бахьана долуш, цу мостагIийн и харцо бакъйеш лела.

«ШолгIа Президент» цунах ца олуш, цуьнан маьIналла охьадаккха, царна дага ца догIуш хIумма а дисна дац – «лаьттина президент», «хилла президент», иштта цу тайпа кхин дIа а.

 

БIаьрла масала ду цуьнгара даьлла хьуьнар (масане дара уьш).  Даймахкарчу къонахошка дIакхайкхина, тIелатарца доьзна цхьа терахь а долуш «6 июль» и хийца лерина кхин берш а болуш (цIе езаш берш) цу хенахь Зеламхас шен амал ца гайтинехьара, леринарг доха сахьт доцуш хьал дара кхолладелла.

 

Вай «арара мостагIаша», вай чуьрчу йамартахошка бойтуш болх бара Зелимхина дуьхьала лерина. Царна хаара, Зелимха вохкалур воцийла а, кхералур воцийла а.

 

Цунах лаьцна цхьадерг хьахор дара аса.

Иза йара, вайн къомо билгалйина хан йоцу гулам (бессрочный митинг) дIакхьайкхийна хан – 1991-гIа шо.

Зелимхица шиъ охранник бен ца вуьсуш, оцу цхьана муьрехь, даима цунна юххехь хилла болу, цуьнан, уггаре а юххера накъостий бу аьлла хетарш, цхьацца бахьанаш лоьхуш, девне буьйлуш, юххера дIабевлира. Цхьаъ, джамаIате дехьавелира, важа Удугов волчу вахара, кхин верг, кхечанхьа вахара.

Соьга, сан цIа а оьхуш, «Iадд Iе, вита иза», иза иштта вуй, вуьшта вуй бохуш, цунах лаьцна доцург дуьйцуш, буьйла белира. Сан воккхаха волчу вешига а, «дIавакха иза, цунна юххера» бохуш дог, лозурш хилла лийлира уьш.

 

Суна иза, цара хIунда леладо ца хаьара, сайна тIе рагI кхаччалца.

Цхьана дийнахь, со митингехь лаьтташ а волуш, суна тIевогIу сан деншича кIант, «воло, хьайн  машенна чухаийта вайшиъ» олий. ДIаволало ша леринарг дийца: «Зелимха, Iадда вита везара ахьа» олий, аса хотту «хIунда?». «Iадда вита, хIара гIуллакх гена дIагIура долуш дац хьуна, хьо хьалхе дIа мел вели а цунна юххера, хьогахьа ду хьуна. Хьайна лаахь, Джохарана юххе гIо, йа кхечанхьа, амма иза Iадда вита олу цо соьга. Аса, вуьтур вац аьлча, дIаволало иза, ша деана коьртаниг дийца «Хьуна ма-хаъара торговля вай керахь, ма-дарра аьлча, ХаджиевгIеран керахь ю (иза, ХаджиевгIеран уллера стаг вара), хIуна луъу, «торговый база» ло хьуна, ахьа иза, Iадд витахь. Ткъа со, даима госторговлехь болх бина вара. Цу хенахь, «торговый база», уггаре а тоьлла болх лоруш бара, йоллу махлелоран тIегIанехь.

Аса, юхаа а вуьтур вас аьлча, тхойшиннан дов долу, цо суна кхерам а тосуш: «…ахьа иза Iадда ца витахь, кхана уьйрана баьхкина, меттара гIаттина хьура ву хьо» олий. Аса, кхин а доьхнарг дуьхьал олу.

Тхойшиъ, чIогIа эвхьаза волий вовшаха къаьста. Цул тIаьхьа, кхаа шарахь вовшенга вист ца хуьлуш лелара ву тхойшиъ.

Иза дIавагIча, машенчохь Iачу аса ойла йо, «хIара, хIу ду те»? олий. ТIаккха кхета-кх со, Зелимхана юххера, уггаре уллера бу аьлла хета накъостий, дIа хIунда бевлла.

Кхи ойла ца еш, сихха Зелимха волчу  а вахана, Зелимхега олу аса: «Зеламха! Суна хала ду, балха а лелаш, кхуза схьалела, со хьуна шофёр а, охране а схьавогIу кхана дуьйна» олий. Сайн хилла къамел ца дийцира аса цунна.

Зелимхас вела а вела, «болха-м хир бара, хьавола» элира соьга.

Со балхара дIаваьлла схьавеъча, Абдулла а схьавеара, иштта кхин берш а баьхкира. Оцу хенахь, Зелимхан жимаха волу ши ваша цIахь вацара, дукха хан йукъа ца йулуш и шиъ а махка вирзира. Иштта, юха а стоммабелира Зеламхан го.

 

Цу тIехь, мостагIчуьнан белхан, йамарталлица йоьзна кеп чекх ца елира.

Арахь а, чохь а цхьатерра беш болх бара, Зеламхан имидж йохо, харц мел дерг кхуллуш, дуьйцуш.

Цуьнца доьзна, цхьа масала далор ду аса.

Иза дара, Зеламха вице-президент волчу муьрехь 1993-гIачу шаран, 30-гIачу августехь. Сан лулахь Iачу шича волчу вахара со. НеI йиллина со чоьхьа ваьлча, цуьнан стоьла гонахьа Iаш 10-15 стаг а гина, цаьрга салам а делла, царна йолчу паргIатонна дIаваха со юхавирзича: «Собарде, схьавола цхьаьна Iийра ду вай, дIа ма гIо» аьлла сацира со. Царех цхьаберш хиллера, шай дагахь со хьовзо лерина.  

Цу чохь вара, ЧРИ Генпрокуроран Хьалхара гIоьнча а, налоговой службан Министран гIоьнча а, иштта массо а беса «оппозици» олучу юьртара а, Шелара а Грозни гIалара а хьеший, сан шича вина де даздан лерина баьхкина. Хье ца луш, шайна Iеткъарг дийца болабелира «хьеший». Джовхарна цара цаъ олуш, аса шиъ дуьхьала олуш, Зелимхана цара цхьаъ Iоттар еш, дуьхьала олучунна со кIела ца вуьсуш тхо ахбегаш, ахбакъдерг дуьйцуш Iачу хенахь, Замминистра налоговой службы волчо олу-кх соьга: «Ша, цхьа хIума дийций хьуна» аьлла, массарна хезара долуш.

- «Схьадийцал» олу аса а.

Ша вара боху цо, «контрольный проверка» йан хьажийна, вай махкара мелла нефтепродукт дIаяхьна хьажа, Ростове проверка йан, командировке вахийтина. Ша цигахь проверка йича, Яндарбиевс куьг йаздина, дукха миллионшкахь ахча долуш, отчёташ йайра суна».

- Иза бакъ дац, ахьа харц дерг дуьйцу – элира аса.

ТIаккха цо, хьалагIаьттина бепиг схьа а эцна дуй биира: «ХIокху, Делан беркатора, бакъ ма ду иза олий.

Чохь берш сох боьлура: «Хьуна хаийтина хира дац Зеламхас» бохуш.

- Суна хаьа иза бакъ доцийла. Ахьа харц дерг дуьйцу хIинца – аса аьлча, цо, юха а дуй боу, хIинца туьхи тIехь ша дуьйцучунна Дела теш а хIоттош.

Дуй юкъабаларо ойланашка вахийтинера со: «Йа АЛЛАХ1! ХIокхо дуйнаш а ма буу, иза бакъ хила йиш йолуш а ма дац» бохуш ечу ойланаша, цхьа кIезгачу ханна, сан корта хьере хиллаза буьсу.

Эццахь, Дала дагатосу-кх суна, Хаджиев Сулумбека ша Москва балха дIавоьдуш, шен метта Грознефте, Зеламхан шича кIант, Яндарбиев Леча хIоттийна хилар.

ТIакха, хьалагIоттий, аса олу цуьнга: «ХIинца, дуй баал, иза, подписаш Яндарбиев Зелимхан йара алий»

Со, шен хIиллана тIекхиъний хиача, ша волчу охьалахвелир къера дуйнаш биънарг, тIакха аса, чохь болчарна ма-дарра дерг хаийта и подписаш Яндарбиев Лечин хиллий хаийтача, чохьболучера белакъежар сиха дIаделира.

- ТIаккха цаьрга, кхи ма дац шу къера дуйнаш баий, харц дерг дийций бен. ХIара манипуляци чекхйаьллехьара, дуйца чIагIбина аьшпаш баржора бар-кха аша, цу шун Iалашонна со тIе ца кхианехьара.  ХIинца, хIунда ца доьлу шу? Кхин ма дац шу! – олий, уьш Iаччохь а буьтий, со араволу.

Цу кепара, тIехь доцург дуьйцуш Зеламхан сий дай-а гIертара йамартахойх болу нохчи. Амма ДАЛА, сий дира Зеламхан. Иза, Президент а волуш, белира АЛЛАХ1А вайн халкъана толам.

АЛЛАХ1У акбар! АЛЛАХ1У акбар! АЛЛАХ1У акбар!

 

 

Ибба Шапи Шейхи

Осло, февраль 2020

Copyright © Информационное Агентство «Golos Ichkerii». При использовании материалов ссылка обязательна.

Top Desktop version