Strict Standards: Declaration of JCacheControllerPage::store() should be compatible with JCacheController::store($data, $id, $group = NULL) in /storage/content/42/1004242/golosichkerii.com/public_html/libraries/joomla/cache/controller/page.php on line 199 Вай мостаг1, вай доькъург ву

Golos Ichkerii

Strict Standards: Declaration of JCacheControllerView::get() should be compatible with JCacheController::get($id, $group = NULL) in /storage/content/42/1004242/golosichkerii.com/public_html/libraries/joomla/cache/controller/view.php on line 137

Вай мостаг1, вай доькъург ву

 

 

 

БИСМИЛЛАХIИРРОХЬМАНИРРОХЬИЙМИ!

 


Вайна массарна а хаьа, вай вовшашка дийца а дуьйцу мостагIаша, вай декъна бохуш.

Оцу цамгарна, тахана вай дарба лаха деза, юкъарчу некъа тIехь дIанисдалла а гIуртуш.

Тахана вай тоба а дина, вовшеха дагадовлуш дIанисделчи бен, ДАЛА вайна, Шен кхинхетамца, гIо дийра дац.
Вайн цхьа барт хилла, вай цхьаалла гайтахь, иза вай боккха толам бу ДАЛЛА хьалха а, нахана хьалха хIетте а.
Вай, кху Европехь шибIе езар сов адам ду.
Вайна ма-хаара, цу адамо вайн ю бах 2-3 правительство, екъаелла Парламент а.
Вайн ЧРИ Конституцино бакъо ца ло царна иза лело.
И Конституци лар ца йича, вайна юкъах болу барт хир бац.

Уггаре а хьалха вай ваьшша, цу Конституции тIеьхь дерг, бертахь лардан деза, Ичкерии пачхьалкх вайна эшахь.
Масале эцча, мел беламе хIума ду: Парламенто Правительство а кхуллий, цул тIаьхьа шо даьлча и Правительство Парламентас дIаяккхича, Цу Правительствос и Парламент дIайoкху бохург. Цхьа исбаьхьаллин беламе сурт хIоттор ду-кх.
И нах шайн лаамехь белахьара, цара, вайн Ичкерин Конституцица, барт ларбийра бара.

Вай кху Европехь Iаш болу Ичкери граждани цхьаъ радио хила еза, юкъара цхьа сайт хила еза, массеран цIерах хIума ала а, яздан а йиш йолуш.
Вайна, вай мостагI мила ву хаа деза. Вайн мостагI, Российн империи ю, цуьнан боьхачу Iедалан къепе ю.
Сайташкахь, вайн къомах бIаьрг боду хIуманаш яздан ца деза.
Вай гайта езарг вайн халкъан оьздалла, гIиллакх ду.
Вайна новкъарлонна, я аьшне яздинарг собарца, хьекъале къамелаца, бакъ масалашца дохо деза.

Тахана вай, вайн барт хира болу бух кхоллахь, иза ю вайн тIаьхьало, вайн толам.

Суна муха го, вай барт хинболу некъаш, кху Европехь, вайн цхьаа законашца, бакъонашца тIетовжа организации а, я Комитет а яц, ши бIе езар нохчийн цIарах йист хила а, я кхайкхам бан а йиш йолуш, I0 шо хан ю вай кхузахь дехаш долу.
Вайна масала хила дезара жуьгтий, эрмалой, туркой, мараканцаш, масане бу уьш бийца а, вайна масала эца а.
Суна хетарехь, кху Европехь йолчу хIора пачхьалкхехь, цигахь бехачу нохчийн цIарах, диаспоршна вай регистраци яхь, иза бу Iаламата боккха кхиам.
Цул тIаьхьа, Европехь мел йолчу нохчийн диаспорин цIарах Конгресс йан еза.
Цунна тиллина цIе хила тарло: «Конгресс чеченских диаспор в Европе».
Нагахь санна, вай, х1ора Европера пачхьалкхехь вайнехан диаспорашна регистраци йича, цу Конгрессе богIун болу оцу диаспоран векалин бакъо хир ю, Европехь мел болу ши бIе езар сов нохчи цIарах къамел дан а, кхайкхамаш бан а, вайн массарех хьакхало гIуллакхаш бертахь кхочуш дан а.
Цу Конгрессехь, даима болх беш йолу къинхьегаман орган кхолла еза, иза Европа законашца йог1уш (легитимни) орган хир ю, масала Страсбургех шен Штаб а хир йолуш.
Вай тахана, вайна беркате хира долчу агIонца, ДЕЛА, реза хин волу болх бан беза, эладитне герз охьа а диллина.
Тахана, вайн кегий нах, кху Европехь тайп-тайпана дешараш дешна, хаза кхетамаш болуш дуккху а бу. Цара бохучунга а лaдогIа деза вай, кху юкъарчу гIуллакхан гIаж цаьрга кховдош, бaлхаца цаьрга дакъалацита.
Вай тахана, Европан, пачхьалкхан, бахаман урхаллехь куьйгалла дечу институтех пайда эца беза кханенна лерина. И кегийрахой бу, вайн Iедалан мукъ караэца а, вай дIабала а безарш. Иза вайна хила ца Iаш, вайн къоманна а пайденна хира ду, ДАЛА мукъалахь.
Кху дуьненчохь йолу, уггара тоьллачу пачхьалкхин дикачу масалех пайда а оьцуш, вайн пачхьалкхан гIуллакхаш, ларамечу тIегIане даха деза вай.
Кхин а, цхьа дехар дара сан вай парламентан декъахошка, шайна юкъахь йолу хьагIнаш, хIуьмалгаш лелор Iадда а дитна, вовшаха а кхетта, вайн Ичкерин Iедалан цIарах массарна томехь долчу, адамах правительстсво, я ханна цхьа комитет a кхоллина, цхьа Урхалла кхоллахьара аша, Ичкерийн цIарах юкъара къамел дийца бакъо йолуш, шайна юкъахь дерг дIа а нисдахьара аша.

Вайна, Парламентан болх чIогIа оьшуш бу тахана.

Дала, нийсонна тIаьхь аьто бойла вайн! Дала, барт цаI бойла вайн!

Ассаламу Iалайкум варахьматуллахIи, ва-баракатухIу!

Шейхи Ибба
Осло Норвегия
03.12.2011.

Copyright © Информационное Агентство «Golos Ichkerii». При использовании материалов ссылка обязательна.

Top Desktop version