Golos Ichkerii

Дуй хьиджаб кхераме духар?


Маршо Радионо ладогΙархошца дахначу кΙиранашкахь дийцаре дира нохчийн божарийн а, зударийн а духар муха хила догΙу. Жоьпаш деллачара алссам тергоне оьцура тахана бусулбанашалахь яьржаш лаьтта хьиджабаш а, никъабаш.

Вай духарш хьехош Ιеччу юкъанна, Нохчийчоьнна уллерчу Ставропол-махкахь губернатора бусулба зудаберашна школе лелон мегачу духаран кеп а, мехкарийн куц а гурашка дуьллуш сацам тΙеэцна. Бац губернаторан сацамехь меттиг я никъабашна а, я хьиджабашна а.
 

Нохчийн гΙиллакхашна, Ιадаташна, амална тΙеΙаткъамбеш духар хетий шуна хьиджаб. Вайнехан хΙума цо тодо я эшадо? 

Иштта хир ду Маршо Радионо ладогΙархошца кху кΙиранах дийцареден хаттар.
Хетарг довзийта кху телефонашкахула. Праге зΙе тухуш: код +420, лоьмар 724019832.  СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65. Иштта имейл хьажо а мега Маршо Радионе: Этот адрес электронной почты защищен от спам-ботов. У вас должен быть включен JavaScript для просмотра.

Довзийта шайна хетарг. Вай дицаре даре хьаьжжина дерза а ма тарлой вайн дахар!

 Marsho radio

Copyright © Информационное Агентство «Golos Ichkerii». При использовании материалов ссылка обязательна.

Top Desktop version