Golos Ichkerii

БархI вешех лаьцна дийцар

Для раздела НАХОЛОГИЯ, автор Асламбеков Сулейман.

 

              Я, в своей жизни очень много людей встречал, которые, против моих доводов, в качестве примера приводили обоснования из грузинских, или армянских источников. К примеру, такими являются труд Леонтия Мровели «Картлис цховреба», или же сказочный труд армянского средневекового историка Моисея Хоренского (410-490 гг.).

Если грузины соблюдают какие-то правила приличия в исторических спорах, то армяне настолько фанатичны, что от малого пацана до глубокого старца верят своей лжи, что даже иногда и завидно. Да, я не отрицаю, что у армян были яркие и героические страницы в истории, но когда речь идёт о древности, то они настолько исказили её и закрепили религией, что просто невозможно игнорировать их искусные подделки. Научный мир планеты настолько обворожена армянским (да и еврейским) научным лобби, что даже иногда ненаходишь аргументов и понимания для защиты не только своей точки зрения, но и фактической истины.

              Эту статью я вывесил специально, чтобы наша интересующаяся историей молодёжь знала: «Не всё, что блестит, это есть золото». Кроме этого, вы должны знать, что «Летать может не только утка, но и муха». В нашем примере, мы для других осы. Для начала, мы должны, хотя бы превратится в осовидные шмели, чтобы в исторических просторах не только колоть, но жужжать (это, чтобы нас слышали).

 

 

«Историн чурхе караэцначо, дуьненан Iилман массо а тIегIа хьесапехь латтош, леррина, иза листа еза». /Яздинарг/.

 

«БархI вешех лаьцна дийцар»

(«Картлис цховреба» олу тептаран, хьалхара дакъа)

 

Ширачу оьмаран 9-гIа бIешараш тIера схьа, хилларг гойту историн раж хIотто, бIегIийла тешалла ду аьлла хета суна, «Картлис цховреба» олу тептаро Iорадаьккхинарг. Амма цу юккъера, дерриг а бакъдерг лара хала ду. Иза, лахахь хьахор вай. Ткъа хIинца аса билгалдоккху: ваьр, царех лаьтта юкъаралла, цу юкъараллех хилла халкъаш, я къаьмнаш кхолладала оьшуш хилар, еха хан лоцу процесс. Тахана, цу шираллехь кхиъначу халкъашца доьзнарг, ма-дарра вайга схьакхачийна яздина тешаллаш ду, и тешаллаш бакъдерг а ду ала, аьтто болуш вац цкъачунна кху дуьненчохь цхьаа Iилманча. Халкъ кхолладаларах лаьцна, дукхаха долу историн тешаллаш вайга кхаьчна, цу хенал дикка тIаьхьа баьхначу историкашкара а, я цара дийцинарг ду бохуш, я шайна хетарш яздина хийрачеран хаамашкара а. Цундела, цу хаамех дукхаха дерш шеконе эца дезаш, я и шеко кхуллуш хуьлу. Тахана, дуьненчохь цхьаа ву моьттуш вац со, «дуьйцила а йоццуш, хIара, я иза цIена раса ду» ала ваьхьара волуш Iилманча, я стаг а ву. ХIунда аьлча, этногенез хиларна чолхе а, еха а процесс, цу юкъахь дакъалоцуш хиларна дукха ваьрраш, халкъаш. Цу процесса юкъа озош нисло, бухарчу халкъаца цхьаа юкъ, гергарло доцу этнотобанаш. Цу юкъаозийначу этнотобанашна тардар дича а, бухахь даьхна халкъ, я ваьр, цхьа Iаткъам боцуш ца дуьсу цу этнотобанашкара.

Этногенезан и проблемаш толлуш башхалле ю археологин, этнографин, лингвистин хаамаш, иштта кхин йолу материалаш. Долу тешаллаш хьесапе дехкича а, вовшашца уьш дуьхь-дуьхьал хIиттийча а, даима, цхьана маьIне далор ца хуьлу уьш.

Истори кхиарехь, хурритин ваьррех йисна ю урартуойн (нахирин) этнокультураметтан элемент, бух кхоьллина йолу, кхузаманан нах-меттан ваьрраш кхион. Вай деш долу къамел доьзна ду, кхузаманан нах-ваьррин шира дай а, кхин долу кавказхойн этносаш а, Iаламата шираллера дуьйна, II-гIа эзар шараш юккъедаххалца хIетте а дехаш хиларх лаьцна, кавказхойн лаьмнин а, хьалхараазин аренан а тIех даккхийра латтанаш тIехь. Къаьсттина хурритин (нахарин) юьхьца ехаш хилла ю, и этнокультураметтан дийнна цхьаъ. Цу муьрал тIаьхьи бен ца доладелла, цу кIошташкахь долу латтанаш дIалеца а, шайна юкъахь декъа а, хийрасистемин меттанаш дуьйцучара (прасимиташ, праиндоевропейцаш, ишт.кх.дIа а.).

Дукхаха йолу пранах-меттан элементаш (кхузаманан меттанаш, аларш билгалдарца а) гуш ю, гергарло долчу хуррито-урартуойн меттанашкахь. Уьш хьакхалуш ю меттан массо а тIегIанан хьелашкахь: фонетикан, морфологин, синтаксисан а, лексикан а, юкъаялош этнонимаш а, топонимаш а. Дукхаха болчу Iилманан талламаша тешалла до, Кавказан а, шира Хьалхара Азин а энеолитан бахархойн антропологин тайпа цхьанадогIуш хилар. (В.Алексеев, Я.Федоров, ишт.кх.б.). ТIаьхьа а, жимма модификации эцнехь а, шен хилла бакъ куц дисна цуьнан (элементаш). Иштта, вай кхетош ду и этногенез а, нах-ваьрраш кхиаран шира муьраш а (къаьсттина нахчийн) хилар, цхьана могIарехь долчу Iилманин (лингвистин, этнографин, археологин, антропологин, философин, этикан, эстетикан, палеонтологин, ишт.кх.дIа а) комплексни проблема.

Кху тIаьхьарчу ялх эзар шарахь, масала нах-ваьрраш (церан этносаш), къаьсттина Кавказехь, мелла а эволюцица, цхьатерра, ша-башхалла йолуш кхианачех ду. Царех дукхаха дерш, Къилбседа Кавказехь даха хевшичахьана, гергара долчу ваьррашца цхьаьна, цара кхоьллина цхьаалла а, башха а йолу культура. Цул совнаха, генетикан физически куц а хилла, тахана а ду, церан юкъара. Иштта, церан мотт а хилла, генетика цхьаъ йолуш.

Хурритин маттахь а, и мотт буьйцучаьргахь а ду (гергара кеп, гайтам, бух ишт.кх.а.), ширачу оьмаран III-II-гIа эзар шарашкара нах-ваьррин историн процессан, бух хаарца боьзна билламан догIа. Изза ала мегара ду, урартуой маттаца доьзначунна а, II-I-гIа эзар ш.оь. шарашкара урартуойх а. Йоллу материалаш а, положенеш (низамаш) а, гергарчу матташца, этносошца (пракартвелин, пранахин, прадагестанин, праабхазо-адыгин, ишт.кх.а.) цхьанайогIуш йолу, уьш генетикца юкъара ю. Яц, цхьаболучара ма-диццара тIеэцначех-ам, цу юкъахь хила таралахь а, мелла а процент хийраниг. И матераалаш тайп-тайпана ешар доьзна ду, цхьангахь уьш хилар шаьш ма-хиллара, ткъа вукхаьргахь уьш йисна ца хиларна, я хила тарало хийцар дина, нацкъарчо Iаткъам бина. Гуьржийн историк волчу Иванэ Джавахишвилис хьалхатеттина ойла ю, гуьржийн халкъан гергарло хилар кхечу кавказхойн халкъашца, картвелин мотт хиларна, генетикан зIено цу халкъин матташца бихкина (абхазо-адыгейан а, вайнах-дагестанин а, цу дагестанин хьалкъин ца хиллехь а башха Iаткъам). И ойла дукхачара тIеэцна а, шуьйрра дIасхьаяржина а ю. Картвелин а, кавказхойн а меттанаш, цхьана тобанан ларалуш ду. И тоба ю, иберийн-кавказхойн матто кхоьллинарг. Иванэ Джавахишвилис лоруш хилла, гуьржийн, кхин долу кавказхойн ваьрраш къилбехьара даьхкина а, цу Кавказехь шен-шен муьрашкахь даха хевшина а. Цо, и дIакхалхар доладелла лору, ш.оь. XIV-гIачу бIешарашкахь. Амма, цуьнан цу ойлана аса тIетохар дийра дара, хьуна сан дешархо хоийтуш и дIакхалхар хиллий, уггаре а кIезга лерича, ш.оь. VI-гIа эзар шарашкахь Кавказ-Загроссера (ширакавказхойн расан ага). Пхи-ялх эзар шо хьалха, Хьалхарачу Азин доккхаха долу адаман дакъа, Европан къилб агIонгахь (Пиренейан, Апенинан, Балканан ахгIайренаш) даха хоу. Иза ду, юххера гергарло долу, цу Кавказ-Загроссан агано кхиийначу ваьррех дакъа. Цул тIаьхьа (25-24-гIа ш.оь.бIешарашкахь) Къилб Месопотами кхочу Африкера даьхкина африо-семитин ваьрраш а, Европе баьхкина индоевропейцаш а. Цу шина расо, шайн Iаткъамна бухадаладо шира ширакавказхойх долу халкъаш: симиташа – Месопотамера шумарш, субарташ, тIаьхьо хуррин дакъош; индоевропейцаша – Пиренейан, Апенинан ахгIаренаш тIехь этрускаш, баскаш; Балканехь – пелазгаш; Жимачу Азехь, Невр Месопотамехь, Хьалхаракавказехь – хатташ, арии-шубарт-урартуош. Билгалдан деза иштта цу субартин, нах-хуррин, арии тIаьхьенаша кхуллар онда кхоъ империи – Митанни, Касса-Дунеяш (касситин Дуьне-йа-са), Урарту. Иза доьзна хилла, цу шина расан (симито-индоевропейцин) экспанси юхатохархьама. Ширакавказхойн империн, цу экспансина дуьхьала латтар дахделла, ширачу оьмаран 1786-гIа шара тIера, ш.оь. 580-гIа шо кхаччалца – 1200 шо гергга. Цу тIехь чекхдаьлла дац и дуьхь-дуьхьала латтар. И импереш хуьйцу церан тIаьхьенаша. Ширачу оьмаран VI-гIа бIешарахь Урартуо йоьжча, кхузаманан Гуьржийн а, Азербайджанан а латта тIехь кхоллало онда паччахьаллаш - Иберийа, Ал-Бани-йа, кхин а чIагIло КIолхин пачхьалкх. Пачхьалкхан а, культуран а юкъ, къилбера невре дIашаршар хилла ду, цу доккхачу латта тIехь, шена тIехь дехаш цхьаораман адам а долуш. Тахана а, кхоччуш билгалдаьлла лоруш дац гуьржашна, хатташна, хурриташна юккъера гергарло. Цул совнаха, шеконе эцна ду нах-ораман бух хилар, гуьржийн цхьадолчу этнодекъин (масалина аьлча, кахи, эрра, картвела ишт.кх.дерш а). Кхузахь, билгал ца дича ца долу Леонти Мровелин, кавказхойн гергарлонах лаьцна теорех дерг а, и халкъаш цхьана этноюкъаралло кхоьллина хиларх лаьцнарг а.

Керлачу оьмаран 12-гIачу бIешарахь, кхоччуш кхолладелла даьлла, «Картлис цховреба» цIарца девзу и тептар. «Картлис цховреба» аьлла тиллина и цIе а, «Гуьржийн дахар» бохург ду.

Гуьржийн и шира тептар гочдеш, цуьнан «БархI вешех лаьцна дийцар» аьлла яздиначу, «Картлин дийцар» олу хьалхара декъа тIехь а, шолгIачу декъан могIанаш юкъахь а, и ца дешадалийта (шифровка) санна йина къайле ю. Историна девзу кхин тешаллашца и къайле юзуш хьесапе эцча, гучадолург ду: «ширакавказхойн расан» тIаьхьенаша дахарехь бина некъ а, цу некъан ларраша лаьцна Iалашонаш (ориентир) а. Цу гучадаьллачо вайн аьтто боккху, хетарехь йолу ражан къеп хIоттош, 3.2-3.1 эзар ш.оь. шарашна тIера схьа, цу оьмаран I-ра эзар шараш юккъедаххалца, хетарехь йолу истори кхолла (диц ма де, кхин йолу шира истореш а, иштта кхоьллина хилар).

Цу тептаран и хьалхара ши дакъа, мифан алар долуш санна хIоттийна делахь а, цуьнан коьрта Iалашо хилла, «кавказхойн» орам болу халкъаш кхечарех схьакъастор а, цу халкъаш юккъера, гуьржийн, историн хьалхара мур бовзар а. Къаьсттина вайна ладаме ду, цу гуьржешца гергало долу «нах-меттан» ваьррин дахар, цара хIоттийначу цу историн конструкци юкъахь, башха бух болуш хилар. «Нах-этносан» бух тIехь кхолладелла ду гуьржийн халкъ» аллал, уллера генетикан гергарло долуш ю и ши этнос. Уьш вовшахакъастина (шайн-шайн, историн некъ болуш) зама лара мегара ду, ш.оь. III-гIа бIешарна тIера, къаьсттина, цу бIешаран юкъо лоцу хенан мур.

 

*[1] «Хьалха, билгала дан деза «эрмалойн», «картвелан» а, «ранан», «мовакананхойн» а, «херахойн», «леканахойн» а, «мегрелан», «кавкасахойн» а, цу массеран хилла  цхьа да «Таргамос» цIе йолуш хилла. И Таргамос хилла Таргиман кIант, Яфетан (Иофетан) кIента кIант, Ноян кIант хилла волу. Таргамос турпалхо хилла». Цу могIанаша билгала доккхург ду, Леонтий Мровели ваьхначу заманчохь девзаш хилла и кавказхойн халкъаш, Нухь заманара схьа, дайн цхьа орам болуш, я мелла а уллера гергарло долуш хилла ала гIертар. Амма, цу могIанаш юкъахь долу «эрмалойн» халкъ, Таргомосан тIаьхье ю алар, Iаламата йоккха гIалатло ю Мровелин. ХIунда аьлча, «кавказхошца» гергарло цу халкъан ду алар, Iаламат нийса доцург ду. Бакъду, и халкъ «кавказхойн» цIий кхетта хила таралахь а, иза цу Кавказехь дахар долуш тахана делахь а, уьш, «кавказхой» бац шен генетикан бухе кхевдича. Сан хьесапехь, кхузахь ала догIу: гуьржийн а, эрмалойн а мозгIараша, динан бух тIехь лехначу тIеттIадахарца доьзна (бусулба дин даьржачу муьрехь), жамI ду, Мровелис кхузаманхошка кховдийнарг. Цул совнаха, и «Таргома» олу кхетам кхоьллар а доьзна ду, цIенна цхьана динца (дIадолор эрмалошкахь а долуш, тIаьхьо, гуьржийн мозгIарша шех герз дина пхьола). Вай дицдан ца деза, Леонти Мровели хилар XI-гIачу бIешаран дарча (гIазкх., «деятель»). Цу муьрехь, гуьржешкахь хала хьал хиллехь а, церан мохк, голош тIера гIоттуш хилла. Кхолла езаш хилла, адам вовшахатухура долу ойла а, иштта кавказхойн ваьрраш кIелахIуьттара долу юкъара байракх а – Юкъара Гуьржеха. И Iалашо кхочушъян, юкъара ойланца боьзна, бух кхолла безаш хилла – «Таргомос, кавказхойн юкъара да ву» аьлла.

Цу тIе, кавказхой шаьш а кхеташ хилла, Кавказан дукхаха долу халкъаш, цхьана ден тIаьхьенаш хиларх. Делахь а, Мровелес дуьйцург а дац, дерриге бакъ. Масала, эрмалой а, хIирий а, цхьацца долу кхин тайпанаш а, кавказхойх лара мегара дац, уьш дехаш делахь а цу Кавказехь.

 

Вайна евзачу, дуьненчохь билгалаяллачу кхаа континента тIехь (Африка, Европа, Ази), кхоъ макромотт (яфетан, симитин, хамитан) хилар девзу вайна. Инжила тIехь и кхо мотт, Нухь пайхамаран кхаа кIантаца нисбар дуьйзина ду, шираллехь кхолладелла кхаа ораман адам, расаш, уллера, генетикан цхьа орам болуш ду ала. Нухьан кIентий-м хилла, ца хила, Симан цIарца билгалбевлла симиташ, Хаман тIаьхьенаш лору хамиташ, иштта боллу яфеташ а. Масала, Нухь пайхамаран кIентийн цIераш (Сим, Хам, Яфет) КъурIана тIехь хьахош яц, кIентий хилар хьахьадахь а. И цIераш ца хилча, ала йиш юьй вайн, Сим кIентан тIаьхьенах доладелла, симитин га бохург?

Вуьшта, цхьана «Адамах (Адам пайхамар) дебна, халкъаш ду» аьлла хIоттийна и схема, доккхачуьнга диллича бакъдерг ду. Амма, Нохь пайхамар доьзал тIера, кхо раса хуьлуш уьш бекъабелла бохург, дуьненан тешаллашка диллича а, Iилманан бух тIетевжича а, шеко кхоллайолийту, готта Iалашонан гIуллакх ду. Хьалхарачу Азина а, иштта Кавказана а, «африо-симитин расан» макромотт бовзар (цу заманчохь Европа, Америка хIетте а, евзаш хилла яц зуьриетна), цу Нухь пайхамаран заманал тIаьхьа, ялх-ворхI бIешо даьлчи бен бевзина бац. Ткъа «Яфетан макромотт», «ширакавказхойн расана» гергахь хила таралуш бу. Цхьана гIодан, IаддаргIа йолу и ши га (ширакавказхой, индоевропейцаш), тIехширачу геналлехь дIасхьакъаьстиначех хила деза. Амма, Нухь-пайхамаран зама хьахочу хенахь, «доллу кхузаманан адам, Нухь-пайхамаран тIаьхье ю» бохург, иза Iаламата доккха гIалат ду.

Цул совнаха, эрмалойн этнотобанах, кавказхойн историн цензарш бар а, уьш кавказхой ларар а ду, Iаламата доккха гIалат. ХIунда?

Цкъа делахь – Цу «протоэрмалойн» дай ларалуш болу «фракийцаш» (мушка, муска), «индоевропейцин» юкъараллин меттан га (диалект) долуш хиларна. Цу «юкъараиндоевропейцин» цхьааллина юкъадогIуш хилла Юккъерачу Азира «тахораш», «индогIажарий» олу дакъош. «Индоевропейцин» и цхьаалла кхуллуш, мелла а дакъалаьцначух тера ду, «кавказхойн» орамах йолчу «арин» элементо а.

Кавказера дIаяхначу цу элементан некъан цхьа лар хила мега: [«Кавказ-Загросс», я «Йоккха Кавказ» – «Къилбседа Кавказ» – «IаьржахIорданйистенан» къилбседе – «Балкано-Карпатан кIошта» – «Жима Ази» – «Арарат-лаьмнаш» – «Жима Кавказ»] олу мехкашка кхочуш а, цу юкъахь а. Цу некъаца, кхоллаеллачух тера ю, эрмалойн макротоба а.

Цунах къаьсташ а, тера а ю, «арин» этнасо йитна некъан лар (цундела гIерта, кхузаманан харцончаш манипуляцеш лело): [«Йоккха Кавказ» – «Юккъера Азин невр-малхбузе» – «Уралан кIошта» – «Къилбседа Кавказ» а, «Кхаа Iоман кхосаберган (Ван-Севан-Урмийа) кIошта а – Мисар – «Арарат-лаьмнаш» – «ТIехьаракавказ» – «Невр Кавказ», аланин юьхьца]. Цу кхалхаран (миграци) юьхьиг йолаеллачух тера ду, ширачу оьмаран VI-IV-гIа эзар шарашна юкъахь. Цу некъаца, кхоллаелла ю цIеначу «арин» этнотоба а. ГIажарийн, персийн этнотобанин, шайн-шай некъ бу.

ШолгIаниг – и «эрмалойн» халкъ кхуллуш дакъалаьцнарг ялх-ворхI халкъ хиларна, царна юкъахь «хурри-урарту-нах» орамах долу, диъ-пхиъ халкъ (тейп) хилар къобалдан деза вай. Цундела ю церан матта юкъахь, вайн шира дайшкара тIеэцна ала томехьа йолу меттан элементаш. Цуьнга диллича, глобальни агIо йолчу Мровелин «ойла, нийса хилла» ала йиш йолуш ду вай, и эрмалойн этнос лорича, генетикан чIаьнкъа сурсат (гибрид).

«Симитин» элементо, «эрмалойн» халкъ кхуллуш мелла а дакъа лаьцнехь а, иза «индоевропейцин» орамах долу, Кавказана тIедеана халкъ ду. Лакхахь ма-хьаххора, цуьнан, тIех ширалла йолу «яфетан орам» цу Кавказера, я Юккъерачу Азира хила а таралуш.

КхозлагIаниг – масех эзар шарахь, шайн дахар а, дай а болуш хиллачу «Арарат-лаьмнех» (гIазкх., «Араратское нагорье»), масех бIешарахь кхолладеллачу халкъан цIарах, «Эрмалойн лаьмнаш» (гIазкх., «Армянское нагорье») аьлла цIе тилларца, кхузаманан Iилмано магийнарг, йоккха харцо ю. Иштта йоккха харцо ю, цхьаъ ахэзар шаре кхочуш шен паччахьалла долуш баьхначу цу мехкан, «Армени» аьлла цIе хийцар а. Сан хьесапехь, Инжилаца нисйина къеп ца йохорхьама, я цхьаннан лаамах йоьзна (субъективни), готта Iалашо йолуш хила мега цу харцонин бух. Делахь а, сел боккха кхетам болчу цу Мровелица, и тайпа кIезгалла (леррина харцхьадахарш) хилла ала хала ду суна. Иза билгаладолу, кху чурхен дисна дакъа, вай хьесапе эцча:

«Меттанаш декъаделлачул тIаьхьа, «Вавилонан бIов» хIоттийначул тIаьхьа цигахь декъаделла и меттанаш, цигара, массо а махка дIасхьадаьржира уьш. Шен гергара нахаца дIавахана Таргамос, тIекхача хала долчу «Арарат», «Масис» (маса-сур) олучу лаьмнаш юкъахь ваха хиара. Цуьнан и тайп сийлахь-доккха а, дагаралурадоцуш а дара, цуьнан дукха зударий, кIентий, йоIарий, цу берин а хиларна дукха бераш, иштта ша ялх бIешарахь ваьхна хиларна а. Дебана уьш «Араратан», «Масисан» махка чуцахоьара. Цуьнан куьйга кIелахь болчу мехкан доза дара иштта: малхбалехь - «Гургенан хIорд», малхбузехь - «Понтан хIорд», къилбехьа «Оретан лам» а болуш, «Кавказан ломо» къилбседехьа долу доза къастийна».

Цу кийсако билгала яккхина зама а, адаман дахар а, ширачу оьмаран 1160-гIа шара тIера, 558-гIа шаре кхаччалца йолу хенан юкъ ю. «Митаннин оьмар» чекхйолуш, «хурритин» халкъо шен позицеш дIалуш, ерриге Месопотамехь а, Аравин ахгIайре тIехь а, иштта Палистинехь, Къилб Сийрихь тоьлаш дерг хилла симитин халкъ. Шайн экспанси  кхин а къилбседехьа ян, цара, кечамаш бо зама ю иза, жигараллин хьалхе Ассиригахь а йолуш. Цу заманчохь нисделла, «индоевропейцех» долчу «мушкин» халкъо ерриге Каппадоки дIа а яккхина, «протоэрмалойн» халкъ кхолла дуьххьара гIулч яккхар а. Ткъа Африкан континента тIехь долу «Мисаран зуьриетас», «хIордан халкъашна» дуьхьало еш, къийсамо гIелйиначу цуьнан, «керла паччахьалла» олу оьмар (1580-1160 шш) чекх а йолуш, керла дIахIоттаман юьхь хилла ю, ерриге а Юххерачу Азин сибат хуьйцуш долу хьал. «Симиташа», тахана шаьш юкъадаьккхина «демократин дахар» санна, цу заманчохь, шен ламасташца чIогIа долу «кавказхойн» цIена орам болу халкъ, шайн «симиташца», «индоевропейцашца» цхьанаэдарахьама, шаьш йийсар дина ваьрраш шайн кIошташкара меттаха дохий, хийра махка дуьгий, цигахь цаьрга дахар кхуллийтуш хилла. Хенан йохаллица, шайх тардар деш а хилла цара, бIешо далале и халкъ а, ваьр а, хIуй-пака доккхуш. И тералла йолуш ду, Мровелис хьахийна, и меттанаш вовшахаэрах лаьцна дуьйцург. Цу заманан юьхьигехь ницкъаца гIорадоцуш хилла ду, шен Iадаташца, ламасташца диса лаам болуш хилла, «хурро-урарту-нах» орамах долу ваьрраш. «Арарат-лаьмнашка» юхатаьIна хилла уьш, царех цхьадерш, кхин а неврехьа таьIаш. И зама ю «каякента-хорочойан», «колхидан», «кобанан» культураш кхоллало а, «симитин», «индоевропейцин» доьзалин бух тIехь, керла чIаьнкъа халкъаш (шира а, керла а «ассирой», шира а, керла а «вавилоной», «ахламуо», «халдеяш», «хетташ», «финикийцаш», «ханаанаш», «праIарбой», «фемистимлянаш» ишт.кх.дIа.) билгаладовлу а мур. Хьалха, билгалаяхначу цу культуран бес-бесара долчу ваьрраша, вовшахаоьш керла халкъаш а, цу халкъин цIарах мехкаш кхоьллинехь а, уьш массо а «кавказхой» хилла бу. Ткъа «ассирийцаш», «ханаанаш», «финикийцаш» («Джахиш» - «Дежа-хи»), «керлававилоной», цу могIара долу кегийра «праIарбойн» халкъаш кхоьллинарг, «африо-симитин» а, «афразийан» а бух бу.

Цу «симител» а, «кавказхошна»  гергара болу «индоевропейцин»,«индогIажарин» орамах долчу ваьрраша, хенан муьрехь цкъацца чIагIлой, цу «кавказхойн» бух тIехь, кхоччуш «кавказхой» бу ала йиш йоцу халкъаш («хеттин», «палайцин», «лувийцин», ишт.кх.дIа а) кхуллуш хилла. Цу кепара орам болуш ду, ширачу оьмаран, 7-5-гIа бIешарашна юкъахь (кIезгачу барамехь) кхолладелла «праэрмалойн» а, «мидин» а халкъаш.

Таргамосан цIарах вовшахакхеттачу барто кхоьллина бархI макротобанашна юкъахь, хьалхе, «хатта-хурри- нах-урартун» адамехь хиллехь а, ялх бIешаран дохалла долчу дахаран чеккхенахь, «индоевропа-гIажарин» орамах долчу тукхамаша, шайн караоьцу кхолламан мукъ. «Грекашца», мелла а генетикан шира гергарло долу «праэрмалойн» этнотоба, цу «кавказхойн» махкахь дебий, олалла долуш дIахIутту, ницкъаллехь болучарна (вавилонаш, грекаш, гIажарий, римхой) уьш тIетийжар бахьана долуш. Кхаа декъе декъаделла «симитин» («ассираш», «амаррей-халдеяш», «арамеяш») халкъ а, «индоевропейцин», «индогIажарийн» халкъаша кхоьллинчу «Мидин», «Персин», «Греко-македонан», «Риман», «Византиян» империн олалаллина кIеладоьду. Иштта, цу импереша Iаткъамбеш «кавказхойн» халкъаш хиллехь а, «Йоккхачу Кавказан» малзбузе, юкъ, цуьнан малхбале шайн паччахьалла долуш ехара ю, керлачу оьмаран, хIалхара эзар шараш юккъедаххалца хIетте а. Уьш хилла, дуьххьара вай билгаладоккхуш хьахийначу, ялх бIешарахь дахар долуш ваьхначу Таргамосан ву боху, бархI кIантах волчу ворхIаммо кхоьллина дахарш, кхиийна керла халкъаш («нах-халдаш», «таохи-кулхиш», «месхетта-адыга-абхазаш», «хона-картлиш», «гаргара-кахи-санаараш», «лезга-каспианаш», «шираал-албана уттиш»). Цара бийцина мотт а, шайна, цу шайн мехкашна техкина хилла цIераш а, «хурро-урарту-нахметтан» бух тIехь нисбиначу кхетамаша кхоьллина хилла дукхаха ерш.

Леонтий Мровели, шен махкахь, цу заманчохь модехь хилла, грекинматте ерзийна цIе а йолуш. Цуьнан дайн цIе, масех кхетамо кхоьллина хиллачух тера ю, «Мро-ва-эли», я «Мар-ва-эла» аьлла. Хьалхара «Мро», «Мри», я «Мар» аьлла билгала бина кхетам, эпономинан цIе хила а тарало. Суна хетарехь, «хурри-урартахоша» сийдиначу нахах «марийанна», «мари» (мар) олуш хиларна, и «Мри» аьлла яцйина цIе, «мар», «Мари» бохург хила а тарало. И «мари», «марой» а, элий хиллийла хууш ду вай. «Мровели», я и «Мриваэли» (Мар-ва-эла) элийн цIийнах хилар, чIагIдиначух тера ду цу цIаро.

«Арарат» (Арарад), «Масис» (Массус) аьлла билгала биначу шина ломана тиллина цIераш юьйзина хила тарало «Арахь лаьтта-лам» (Арара-да), «Массо-сур», я «маса-сур» бохучу кхетамашца. Урарту мехкан дозанца лаьтташ хиллачу цу «Арарат» ломанна, и тайпа цIе тиллар дуьйзина хиллачух тера ду, цунна къилбседехьа Iуьллучу латтанах, «урартахоша» «арара латта ду» олуш хиларна. Ткъа «Муцацир», «Мусасир», «Мисасур», «Мусру» олуш хилла мохк, цIу-динан юкъ хиллехь а, паччахьалла латтош болу бух а хилла цу меттехь. Цигахь баьхначу «урарту-нахах», «сурели» (Сур-эли) олуш хилла. Иза а, шина кхетамо кхоьллина цIе хилла: «Сур» (бIахой), «эли» аьлла, сийдолчучкъоран тIегIа (статус) билгалйоккхуш.

Кхузаманан «Каспин хIордах», цу заманчохь «Гургенан хIорд» олуш хилла. Ткъа цулла а хьалха, «Малх гIотту хIорд» олуш а хилла цунах. И кхоьа цIе тиллар нисдина хила тарало, иштта болчу кхетамаша: хьалхараниг - цу хIордана гергахь дехачу «каспин» хьалкъан цIарах хиллехь, шлогIачо билгалдоккхург хилла, «Гена, я генара гург» и хIорд хилар. «Гуора», «гена» боху шина кхетамца юьйзина ю и цIе. Вайн шира дай, Къилбседа Кавказе боьлхачу хенахь, уьш цкъа хьалха Колхидан агIора дIа а гIуртий (махбаран некъаш хилла уьш цу агIонга буьгург), тIаккха ломаца, малхбалехьа некъ беш хилла цара, гIотту малх Iалашо а лоций. «ХIорда тIехь гIотту малх, генара гора», «Лам тIера, хIорд гора гена» боху кхетамин чулацам болу, цIераш хила тарало уьш.

Мровелис буьйцу «Оретан лам» (Оре-тIе), кхузаманан «Арменин (малхбален) Тавр» олу, «Ван» Iоманна къилбехьа «Тигр» хица лаьтта деха дукъ ду иза. Цунах, цхьана хенахь «Сасунан лам» олуш а хилла. Ткъа «сасунаш» (сасан) Урартун «нах» хилар шеко йоцург ду. Вайна гонахьара, шайн хьостехь цу Урартуохь кхиана, цигара схьадаьхкиначу халкъаша, ваьрраша, «сасан», я симитизаци йиначу дашца, «шашан» олий йоккхуш вайн халкъан, нахчийн цIе. Мровелис буьйца «Понтан хIорд» а, кхузаманан «Iаьржа хIорд» (гIазкх., «Черное море») бу.

Леонтий Мровелес, кхин дIа а яздо: «Цуьнан (Таргамосан) кIенташ юкъахь, къаьсташ вара бархI сийдолу а, ницкъ болу а турпалхо: хьалхарачуьнан цIе «Хаос» («Хао» - грекин меттан «с» олу чеккхе йоцуш, гIазкх., «расселить» бохург ду. Хила тарало иштта цу терминна бухахь хурриташ а, иштта эрмалойн шира эпоним волу «Хай» а) яра, шолгIачуьнан - «Картлос» (Картли, Картэли, Корта-ва-Эли), кхозлагIачуьнан - «Бардос» («Бара-да» гIазкх., «есть отец, владетель» ), воьалгIачуьнан - «Мовакан», пхоьалгIачуьнан - «Лек» (леги,лезги), ялхалгIачуьнан - «Херос» (эри), ворхIалгIачуьнан - «Кавкас», бархIалгIачуьнан - «Эгрос». И бархI ваша, турпалхой бара. Ткъа «Хаос», цу турпалхошна юкъахь къаьсташ вара, иза санна верг хидестале (гIазкх., «допотопа») а, хидистиначул тIаьхьа (гIазкх., «после потопа») а дегIаца, ницкъаца, майраллица, цкъаа кхин верг ца хиларна.

«Араратан», «Масисан» махка адам ца хоарна (дуькъа хилар), Таргамосас шен мохк а, гарашка нисдина адам а дийкъира, цу бархI турпалхочунна юкъахь. Шен адамах гIолехьа долу дакъа, дикачух ахмохк «Хаосана» делира цо. Вукха ворхIанна, церан воккхалле хьаьжжина дакъа дира цо. Уьш ворхI къилбседехьа а вигна, церан сийлалле хьаьжжина цигара мохк бийкъира цо: «Картлосана» белира (мохк), доза билгалдеш: малхбалехь - «Херетин» мохк, «Бердужан» хи долуш; малхбузехь - «Понтан хIорда» тIекхаччалца; къилбехьа - «Бердужан» хин коьртехь лаьтта лам тIера дIа, «Кларджетина», «Таона» юккъехула хIорда тIекхаччалца дIаболчу вукха ломаца зил болуш; къилбседехьа - «Йоккхачу Кавказан ломах» схьакъаьстина «Жимачу ломан» дукъ, тахана «Лихи» олучу «Гадо ломаца» вовшаха хIотталучохь доза долуш. Цу дазонаш юкъахь дерг (латта), «Картлосана» дIаделира.

«Бардосана» билгала баьккхира (мохк): «Кура» хин къилбехьа долу, «Бердужан» хи тIера дIа «Кура», «Аракс» ши хи вовшахакхеттачу кхаччалца. Цу «Бардосас», «Бардави» аьлла гIала хIоттош, ваха хиара иза цигахь.

«Моваканна» билгала баьккхира (мохк): «Кура» хина къилбседехьа, «Жима Алазани» олучу хин коьртера, хIорда тIекхаччалца. Цо а, гIала хIоттийра «Мовакнети» (Мо/Ма-ва-кIентий) аьлла, цигахь дахар кхуллуш.

«Херосана» билгала баьккхира (мохк): «Курана» къилбседехьа, «Жима Алазани» олучу хин коьртера, «Ткетба» тIекхаччалца. Тахана, цунах олу «Гулгула». Цу «Херосас» дуьххьара ши «Алазани» вовшахакхетачохь гIала хIоттийра, шен цIарах «Херети» аьлла цIе туьллуш. Цуьндела «Херетчах» «Херети» олу. Тахана цу меттигах, «Херанта» олу.

«Эгросана», хIордан чуIанонна гергахь мохк белира, цуьнан дазо билгалдеш: малхбалехь - тахана «Лихи» олу «Жима ломаца»; малхбузехь - хIорд болуш; къилбседехьа - «Хозаран жима хи» тIекхаччалца «Кавказ ломан» дукъ долуш. «Эгросас» гIала хIоттийра, шен цIарах «Эгреси» аьлла цIе туьллуш. Тахана цу меттигах «Бедня» олу.

Кавказан къилбседехьа Таргамосан мохк бацара. Амма цу махкана къилбседехьа дехаш адам а дацара. Кавказана тIера, «Дурабандан» хIорда чудужу доккха хи тIекхаччалца дахар долуш бара и мохк. Цуьндела, Таргомосас шен дукха болчу турпалхойх ши турпалхо араваьккхира - «Лекан», «Кавкас». «Леканана» луш «Дарубандан хIорда» тIера, «Ломекин» хи тIекхаччалца, иштта «Хазарин» хи тIекхаччалца къилбседехьа болу мохк. «Кавкасана», цу «Ломека» хи тIера, малхбузехь долчу «Йоккха Кавказан» дукъан юьххье кхаччалца болу мохк белира.

«Хаосан» дахар, шен да Таргамосана къилбседехьа Iуьллу махкахь дара, къилбехьа «Оретан лам» болуш, малхбалехь «Гургенан» хIорда тIекхаччалца, малхбузехь «Понтан» хIордане дIакхаччалца мохк болуш. И «Хаос», шен вежаршна тIехь эла а, олалла деш а вара, вукха ворхIаммо цунна муьтаIахьалла а гойтуш. Ткъа и бархI ваша, «Неброт» турпалхочуьнан олаллин кIелахь вара, цу заманчохь дерриге дуьненан паччахь волу. Масех шо даьлча, «Хаосас» шен ворхI веше кхайкхам беш уьш гулабина, элира: «Цу Везачу Дала, ницкъ белла вайна, гергара нах а белла. Цу Дела гIоьнца, кхул тIаьхьа вай цхьанне а лай хира дац. И Дела воцучунна, цхьанне а гIуллакх деш а хира дац!». ЧIагIамца сацам беш, цу бархI вашас шайн вешина дуй биара, «Небротах» къаста а, цунна кхин ял ца яла а. Цара иштта барт бира, Небротах къаста лианачу кхечу тайпанашца а».

Тептаран цу жимчу кийсако гойту хан ю, «Арарат-лаьмнашкахь» йолу готталла сорсаниг ян, «кавказхойн» тайпанаша, керлачу мехкашкахь дахар дендан, уьш цига дIакхелха зама. Цу тептаро хьахийна и «Неброт», я цу цIарца билгалабиначу кхетамо билгалаваьккхинарг хила мега, «индогIажарин» (мидин, персин) эпоним, я Инжило вуьйцу «Нимврод», КъорIано хьахош волу «Намруд» (симит).Ткъа цу цIаро къайлаваьккхинарг ву, Ассирин паччахь хилла волу Тикульти-Нинурт-I-ниг (1244-1208 шш). Цуьнан заманчохь нисделла, халкъаш вовшахаэдар а, «Вавилонан бIов» олу кхетам юкъабалар а. Цо (Ассирин паччахь) кхерам тесна «ИбрахIим» пайхамар, «Харран-ГIалара» ведда Палистине а, тIаккха Мисар махка а дIакхелхара ву. Шен де политика схьаэцначу цо, цуьнан Iаткъамо меттахдаьхна «нах» ваьрраш (изза Кавкасианан тIаьхье), Къилбседа Кавказе дIадахар а нисделла 1250-1150 шарашна юкъахь. Цхьана муьрехь дIаихна а, я цу мехкашкахь даха хевшина а дац, лакхахь билгала виначу ворхI вешин тукхамаш а, церан дахар а. Иза иштта ца хилар чIагIдо: «Вукха ворхIанна, церан воккхалле хьаьжжина дакъа дира цо. Уьш ворхI къилбседехьа а вигна, церан сийлалле хьаьжжина цигара мохк бийкъира цо» бохучу тешалло. И вежарий-эпонимаш, цу мехкашкахь баха ховшар цхьанахенахь доцуш, юкъ-юкъа хан юлуш хилар чIагIдо (сан хьесапехь, масех бIешо а), цу историн тешаллаша. Масала: «Леканан» тIаьхьенаша, ширачу оьмаран  22-18-гIачу бIешарашна юкъахь дахар кхуллу, Къилбседа Кавказера «майкопан дахар» кхиийначу халкъан лулахь. Цуьнан малхбалера дазо хиллачух тера ду кхузаманан «Iаьндийн дукъо» а, «Сулак» хино а зил тоьхна.

«Кавкасан» тIаьхьенаш, 13-гIачу бIешарахь дIаяхна елахь а, ширачу оьмаран 6-гIачу бIешарахь бен кхолла долийна дац цара цу меттехь, шайн, «Дурдзукин барт» олу паччахьалла. «Эрмалойх» къам хила доладелла зама, 7-гIа бIешараш юкъадоьлхачу заманчохь йолало. Ткъа шайн пачхьалкх цара кхолла, мел кIезга а, шибIе ахбIешо хан езна царна, Урарту паччахьалла доьхначул тIаьхьа (580 шо). «Карталин», я «гуьржийн» паччахьалла кхолладелла, ширачу оьмаран 4-гIачу бIешарахь (330-гIа шарал тIаьхьа), цуьнан халкъ кхолладелла хилехь а, цу хенал мелла а хьалха. «Эгросан» тIаьхье ларалуш болчу «хатта-адыга-абхазин оьмар» масех эзар шо хан йолу орам болуш елахь а, шайн пачхьалкх (Абхази) кхоллар нисделла церан, керлачу оьмаран 8-гIачу бIешарахь. «Херосан» тIаьхье ларалуш долу «гаргара-каха-эритин» тайпанаш кхолладалар а, ширачу оьмаран 4-гIачу бIешарна гергахь хилла, царех, «гаргара» олу халкъ девзу оьмар, мел кIезга а ш.оь., 1260-гIа шаре кхаччалца елахь а. «Моваканан», «Бардосан» ваьрраш, Урарту пачхьалкх а кхоллаялале шайн дахар а, юкъаралла а йолуш даьхна ду. Цара, «Херосан» ю бохучу тIаьхьенашца, кхоьллина пачхьалкхаш ю: «Мана», «Атропатена», «Шира Ал-Бан» («Кавказхойн Ал-Бан»). Цу массо а Таргамосан тIаьхьенаша, цхьацца йолчу меттигашкахь «хурритин маттаца» ийна а болуш, «хурри-урартуойн нах-мотт» буьйцуш хилла.

Кху тепторо хьехош йолу и цIераш, «ширахурри-урарту-нах» меттанин аларшна тIетевжаш, дешан дакъош теллича, цу цIарна чубиллина кхетам, хетарехь бовза тарало вайна. Эпониман а, меттиган а, Iаламан а цIераш хьесапе йохкуш, уьш луьттуш билгалдаьллачо, дукха хIуманашна жоп луш санна хета суна. Аса ца боху, сан хьесап тIаьххьара инстанции ю, ма-хиллара, цо шена чудиллина маьIна ду Iорадоккхург а. Делахь а хила таралург, уллехь нислург, чулацам тера берг, маьIница догIург дуй техьа аьлла хета суна, айса гочдар дина цхьайолу цIераш, дешадакъош, царех кхоллабелла кхетамаш. Уьш, шун кхеле а йохку аса.

 

 

ЦIераш, эпонимаш

ЦIеран кхетаман дакъош

ГIазкхашха алар, маьIна.

Хиш:

«Бердужа» (Бардужи, Бердуга)

«Берд-Iу-жа», я «Бер-ду-га»

«Берег-пастух-отара», или «Есть молодая ветвь».

 

«Кура» (Кур-ара)                       

«Кур-ара» (Лаьмнин кур тIера, аренга)

«С горных высот на равнину»

 

«Аракс» (Ерасх)

«Ара-кIус», (Аре-са-хи

«Долина-макушка гор», «Равнина-душа-река»

 

«Алазани»    

«Ал-азни»     

«Река-голос», «Голосистое ушелье», «-река».

 

«Хазари»

«Хаза-Ари»   

«Красивая-равнина»

 

«Ломеки» (Ломахи-ос)

«Лома-хи»     

«Горная река»

 

«Арагва»

«Ара-гу-ва» (-ба)

«в долине есть гора», «гора есть в долине»

ХIорданаш:

«Понтан» (Черное море)

«Понтан хIорд»

«Понтийское море»

 

«Гургенан» (Каспийское море)

«Гуора-гена»

«Видно в дали», «+даль».

 

«Дарубандан» (изза Каспий хIорд

«Да-ара-бан-да»

«В долине есть, властелин страны»

Лам:

«Арарат» (Арарад)

«Арара-лам»

(Арара-да)     

«На равнине гора», «Властелин равнины».

 

«Масис» (Муцацир)

«Массо сур» (Маса-сур)     

«Все воинство» («резвое воинство»).

 

«Кларджете»

«Кхала-да, жа-тIе»

«Владелец навеса, где есть отара»

 

«Лихи»

«Ло-хи»

«Снег+вода» («снежная, холодная вода»).

 

«Орета»

«Аре-тIе» (Ор-тIе),

изза «Сасунан лам»

«Над равниной» «-над пропастью»

 

«Гадо» (изза Эрити)

«Аре-тIе»

«Над равниной»

 

«Папавари»

«Папа/лам/-ва-аре»

«Гора-есть-на равнине»

Мохк, гIаланаш:

«Уруатри» (Арарад)

«Арара да» (Аренан да)

«Владелец равнины»

 

«Адарбандаган»

«А-дар-бан-дог»

«Это было, страны сердце»

 

«Эгреси»

«Эгре-сий» (Колхида)

«Эгре слава»

 

«Херети»,Эрри-тIе (Херетч, Херетия, Херанта)

«Хере-тIе», «Кхера-тIе»

«На скалах», «Страна скал»

 

«Ткетба» (Гулгула)

«Гул-гулахь-ба»

«Брёвна есть в сборе-моссиники»

 

«Мовакнети»

«Мо-ва-некъи»

«Мо, есть род»

 

«Бардави»

«Б-ара-да-ву»

«Есть равнина и владелец»

 

«Картали»

«Корта-эли»

«Князь - голова», «главные князья»

 

«Эриахи»

«Эри-Iа-хи» (Ари-Iа хи)

«Эри/арии+живут+река», «Река, где живут арии».

 

«Тушети»

«Туьше-тIе» (Туш-тIе)

«Стан - место на верху»

 

«Хунани»

«ХIу-нана»

«семя+мать»

 

«Орбис-цихе»

«Ор-ба» (гIап)           

«овраг-есть» (цихе - крепость на реке)

 

«Гачиани»

«Га-ча-Iа»

«медвежье-род-живёт»

 

«Санадиро-калака»

«Сана-дира-калака» (гIала)

«Саны, построили город»

 

«Кахети»

«Ка-хи-тIе»

«удача-река-над» (-место), «Над рекой удачи»

 

«Цунда»

«Цуьна-да»

«его-отец»

 

«Тасискари»

«Та-сесак-аре»

«? женская равнина»

 

«Тухариси», я (Тухада)

«Туха-аре-сий» (Туьха-да)

«соль-равнина-честь /слава/», «соль - владелец», или «Владелец соли»

 

«Матверис-

«Мат-верас» (гIап)

«стоянка-опекун» (цихе /цIа-хи/ - цихе» крепость на реке)

                                  

«Нах-меттан» орам болу дешнаш хадийна кеп йолуш а (масала: «ал»-хи ду, гIазкхашха «река»), «та», «ти» боху дештIаьхье, я чолхе топофермант «тIе», «тIехь» боху кхетам болуш а хилла. «У», «и» олу аз цхьана дешан делахь а, тералла йоцуш хилла. Иштта «Iарбойн», «грекин», «латинан» йозанца хилла дац, «ш» олу аз гойту элп. Цуьнан метта, цара яздеш хилла элп ду «с». И «с» олу элп а, «симитин маттахь» ши кхетам (смысл) болуш ду «с» а, «ш» а ала йиш йолуш. Иштта, «ширагрекин йозанехь» «х», «к» олу элпаш а, вовшахакъасталуш хилла дац. Нахчийн, я «нах-адаман», хазарца цхьатералла йолу «а», «э» элпаш санна, «гIалгIайн меттахь» а, шен аларца хийцадала таралуш ду «ф» олу элп, «нах-маттера» «п» элпаца. Масала: вайнаха «форт» олучу хих, «римлянаша» «Прут» олуш хилла ду. МаьIна деш гочдича, иза ду «Аланан хи» бохург.

Ала деза, тIаьхьадисна и йозанан тешаллаш, и долу халкъашка хьаьжжина гочдар бахьана долуш, боккха гIурт бу дуьненчохь баржийна. Цу гIурта юкъахь нийсаниг лохуш, заманан и анташ вай тидаме оьцуш хила деза. ХIунда аьлча, «хатта-хурри-урарту-нах» меттан бух тIехь, шайн чIаьнкъа мотт кхоьллина цу тIеиханчу халкъаша, я империн Iаткъамо галаморзахаллаш йолу цIераш ю вайна бухайитинарш. «Нах-адаман» топонимашца, гидронамашца, этнонимашца, фамилешца, адамин цIерашца гуш йолу цхьацца сакхталлаш, Iилманан бух тIехь кхето аьтту болуш а, «нах-меттан» огласовкашца кхета а, законехь ма-ярра кIелаяло а аьтто болуш ю.

Ала деза, и болх беш шен роль ловзийна, «кирилицан матте» вайн мотт боккхуш, вайга делла цхьацца элпаш «М» (эм), «Н» (эн), «Р» (эр), «Л» (эль) и.кх.дIа а., дешнашца дукха лелорна, хадийначу кхетамин хьолехь дуьсу «М», «Н», «Р», «Л» (ишт.кх.дIа а) хуьлий.            

           

 

ЦIераш, эпонимаш

ЦIеран кхетаман дакъош

ГIазкхашха алар, маьIна.

Эпониман цIераш:

«Таргамос» (Таргам-ос)   

«Тергам»

«Надзор»

 

«Мровели»

«Мро/Мар/-ва-Эли»

«Мужи-есть-князья»

 

«Хаос» (Ха-ос)

«Ха-йа» (Хао)

«Есть /расселить/ стража»

 

«Кавкас» (Кавка, Кабк)

«Ков-ка»

«Ворота-удача», или «- рука»

 

«Бардос» (Бард-ос)

«Бара-да» (-дай)           

«есть отцы» (-властители)

 

«Мовакан»

«Мо/Ма/-ва-кIант»

«Мо/Ма-есть-сын» (-молодец)

 

«Лек» (Лекан)

«Лекха»

«Высокий, высота»

 

«Херос» (Хери-ос)

«Ха-эри» (Ха-ари)

«равнинная стража»

 

«Картлос» (Картали-ос)

«Корта-эли» (-эла)

«Главные-князья», или «Голова-князья» (-цари).

 

«Неброт» (Намруд, Нимврод, Тикульти-Нинурт-I-ниг)

 

подразум. «ассиро-амарритов», или царя Ассири.

 

«Эгрос» (Эгра/-и/-ос)

«»

 

 

«Мцхетос» (Мцхета-ос)

«Меца-хи-тIе»

«над голодной рекой»

 

«Гардабос» (Гардаба-ос

«Гар-да-ба»

«Род есть властелин», или «отец есть властелин рода»

 

«Кахос» (Каха-ос)

«Ка-ха» (-хи)

«стража удачи» (удачная-вода)

 

«Кухос» (Куха-ос)

«Ку-ха»           (-хи)

«? - стража» (-вода)

 

«Гачиос» (Гача-ос)

«Га-ча»           (-чоь)           

«ветвь /род/-медведь» (родовая-страна)

 

«Одзрхос» (Одзрхи-ос)

«а-да-зор/чоьхьара/-хи»

«это есть /«Зор»/ внутренняя река»

 

«Джавахос» (Джавахи-ос)

«Жа /-дежа/-ва-хи»

«отара /пастьба/-есть-река» «Река где пасутся отары»

                                                                                                                                  

            Цу заманчохь хилла долахь йолу цIераш, къаьсттина грекин йоза лелачу а, церан Iаткъам болчу «IаьржахIорданйистехь», ТIехьарачу Кавказехь, Къилбседа Кавказан лахара аренан дахарехь, цу цIеран тIаьхьенан чеккхе ю, «-с», «-ес», «-ос» аьлла тIетохар долуш. Цуьндела аса, къовларш юкъахь и чеккхенаш къастош хIоттийна сизалг, и грекин чеккхе вайнехан, я ширанехан бакъ цIарах дIакъастош хьаькхна ю.                                        

Царех дукхаха йолу цIераш, и цIе тиллиначу меттиган, Iаламан аматашца йогIуш хилар, шеко йоцуш ду хьуна сан дешархо. Делахь а, аса чIагIдеш дац, аса даьккхина маьIна тIаьххьара инстанции ю бохург. Хьесапан балхаца го суна, биллам схьабосту некъ.

 

«БархI вешех лаьцна дийцар» олучу декъан чеккхе:

«ТIаккха оьгIазвахначу Небротас, таргамосашна тIелата бига схьагулабира шен турпалхой а, шена муьтIахьалла гайтина массо бIош а. Хаосас а кхайкхам бира шен ворхI веше а, Таргамосан гергара болучаьрга а. Цунна гIодеш дара, малхбузера кхин долу тайпанаш. Уьш иштта, Масис лам кIела схьагулабеш, дIахIоьттира Хаос. Ша «Адарбандоган» махка дIа ма-кхеччи, Неброт а дIахIоьттира цигахь лата дагахь, шеца кхузткъа турпалхо а, цаьрца онда бIош а болуш. И Небротан бIо схьа ма-кхеччи, Хаосан ворхI ваша шайн онда бIошца цунна дуьхьала хIоьттира, шайна тIехьа Хаос вуьтуш, шен чIогIа бIоца.

Ша буьрса дарц санна, тIом болабелира царна юкъахь. Церан когаша гIаттийна чан, мокха мархал Iаьржа йолуш, церан къега гIагIанаш ша стиглара стелахаьштигаш санна къегадеш, церан бIахаллин мохь ткъесан санна къекъар долуш, дукха пхьаьрчий, иштта куьссу тIулгаш, ша луьста бетта къоранах тера йолуш, цIий Iенара ша хин тулгIеш санна. Сел чIогIа хиллачу цу тIамехь, шинна а агIора дагаралура доцуш, дукха адам дийра. Царна тIехьа лаьттачу Хаосас дог ойъуш, шен буьрса махьарца стигал къекъош санна, дегайовхо лора царна.

Небротан кхузткъа турпалхо а воьш, церан бIош хIаллак а беш, таргамосаша иштта толам баьккхира. Таргамосан ворхI турпалхо - Картлос, Бардос, Мовакан, Херос, Лекан, Кавкас, Эгрос дийна висира чевнаш бен ца хуьлуш, шаьш толарна Далла хастамбеш а болуш.

И гIуллакх хиана Неброт тIех оьгIазвахна а волуш, шен боллу ницкъ эцна, лата веара хIорш болча. Хаосан бIо, иштта дукха бацара Небротан санна. Масисан ломан басенашкахь дIачIагIвелира Хаос. ТIевеана Неброт, Хаосал лахахь болчу лома тIехь дIахIоьттира. Эчиган, цIастан герзах воьттина вара Неброт, кога пхенаш тIера коьрта тIекхаччалца. Цхьана лам тIевелира иза Хаосаца къамел дан, шена муьтIахьалла гайтар цуьнга ша кховдош, олалла дийриг ша хилар, Хаосана дIагайта. Ткъа Хаосас, шен турпалхошка элира: «Сан букъ чIагIбе аша, Небротан дуьхьала со хIотталца» аьлла.

Дуьхь-дуьхьала юьхь нислуш Небротан герга ша кхаьчча, цо кхоьссина пха, Набротан некха тIера цIастан экъанах кхеташ, букъа тIехьахула гучабелира. Неброт воьжча, цуьнан бIо а бедира. Иштта мукъаевлира Таргамосан тIаьхьенаш. ТIаккха цу Хаосас, ша паччахь хилар дIакхайкхира шен вежаршна а, шен дозанца дехачу кхечу гергара ваьррашна а тIехь. Ткъа ворхI ваша, шайн-шайн махка дIавахара, уьш, Хаосана муьтIахьалла гойтуш бара. Цу бархI вешех язйина дийцар, иштта цу тIехь чекхдолу».

Цу Небротаца дуьйзина и масала тералла йолуш ду, «кавказхоша», шина хенан муьрехь «ассирийцашца» а, «персашца» а латтийначу къийсамца. Цу шинна юкъайоьлла хан ю, кIезгачу барамехь ялхбIе шо сов хан. Тикульти-Нинурт-I-ниг (1244-1208 шш) – Нимврод, изза Намруд; Увахшатра (625-585 ш.оь.шш) - грек.мат. «Киаксар».

Балистикан башхалла йолу пхан керла вед (Небротан цIастан гIагIах чекхдаьлла боху эчиган вед), цу Хьалхарачу Азина, дуьххьара «скифашкара» девзина хенан мур бу, ш.оь. 672-гIа шо. И зама ю, Урарту пачхьалкх йоха герга яхна а йолуш, «Таргамосан ЦIа» а кхоллалуш, чIагIлуш болу «мидийцаш», Ассирих тийсабелла ца Iаш, «маннашца» а, урартуошца а хьогIе бирзина зама. Делахь а, цу Небротаца доьзна цхьана масалца, Мровелис, цхьатерра гайта леринарг хила мега, «симитин» халкъо «Митанни пачхьалкх» йохийча, цхьадолу «нах» ваьрраш, ширачу оьмаран 1250-1150-гIа шарашна юкъахь ТIехьарачу Кавказе, иштта Къилбседа Кавказе дIаихна мур. Иштта, цул тIаьхьа, «хурри-нах-урартуойн» орам болу ваьрраш вовшахадетталуш, цара юкъара «Уриатрин» а, «Нах-Аренан» (Наири) а барташ кхуллу зама а, юкъаялийначух тера ду цо. Цу Мровелин и дийцар, историн хено къастош болчу, масех муьрна бухадало йиш йолу тешалла ду. Цундела, ша ма-хиллара тIеэцна, историн цхьана муьрна кIеладало йиш йоцу, тешалла а ду иза. Цул совнаха, изза бух болуш ю, эрмалошца йоьзна гипотеза а. Цара боху: «эрмалойн» халкъан хьалхара да, «Хайк» цIе йолу эпоним хилла. «Хайаса» олу мохк а, цу эпониман цIарах хилла бу.

Цара буьйцурш бу, «протогуьржийн» халкъ кхуллура долу ваьр - «хой». И «хай», «хой», изза «хана», я «хонаш» бу ала аьтто бу вайн, и «нах-этносан» дакъа хиларна, «нахчийн» тукхамашна юкъахь ваьр санна. Дуьххьара, я кхин а нийса аьлча, цу Мровелин дийцаро билгалйоккхачу хенахь, и «хай», «хой» баьхна мохк, «Чорох» олу хи тIера дIа малхбалехьа, «Кура» хица йолчу лахене араболуш хилла бу. Иза ю, «Ацци-Хайаса» аьлла, историн тешаллаша билгалйина кIошта. Цуьнан цIе кхетамашка юькъуш дIасайиллача, пхи дош юкъадогIачу кхетамо кхоьллина хилар, гучадолу вайна «а-цIи-ха-йа-са» (гIазкх. маьIна, «эта кровь, есть страж души») аьлла.

Цу шира тешаллаша вайна иштта бовзийтина бу, маьIданан тIулго кхоьллина лам «Хацци» («Х-Ацци», «Ха-цIе», гIазкхашха., «стража-огонь») а, «луцци» (ло-цIий) аьлла цIе тоьхна, къинхьегамца юьйзина ял а. Цу цIераш юккъера «ацци»(«Iа-цIе»; гIазкх. маьIна, «пар-огонь», или «место огня») олу дешдакъа а декъало, кху къовларш юкъахь гайтиначу маьIница.

И тайпа цIераш йолу «лам», «мохк», «ял» дуьненна евзуш хилла, и эрмалой дуьненчохь билгалбовлале цхьа-ши эзар шо хьалха дуьйна.

«Гельгемишах» лаьцна эпос, «Улликумме илли», «Стигланан паччахьалла» аьлла цIераш техкина поэмаш евзиначу хенара (ш.оь.  IV-гIа эзар шаран чаккхе – II-гIа эзар шаран юьхь), оьмар йолуш мохк бу, тахана, шайн «халкъан шира ага ду» бохуш, эрмалоша кхоьллинчу туьйрано хьехориг. Цундела, Мровелига къаста ца веллачух тера ву Хаос а, Хай а.

Ширачу оьмаран 680-гIа шарал тIаьхьа, «Тагорман ЦIийнан Барт» а кхуллий, лакхараевфратан атагIахь, кхолладала долало «эрмалойн» керла халкъ. И процесс дIагIура ю ш.оь. 500-гIа бIешаре кхаччалца. Цу меттехь дехаш хиллачу, «хурритин», «лувийцин», «урартуойн», «мушкин», ишт.кх. долчу ваьррех дIаоьш, бух кхоьллиначух тера бу, протоэрмалойн маттана а, и халкъ цу махкахь олаллиниг дан а. Цу ханна гонахьа бен, бевзина хила йиш яц, «Тагорма» олу кхетам а. И кхетам схьабаьлла бух боьзна бу аьлла хета суна, боьхна лелачу яхудин (жуьгтий) орам болуш. Царна а, оьшуш ма-хилла керла мохк, дехийла.

И «Тагорман (Таргома) цIийнан Барт»(Мелитена; Алзи; Хатти; Таргома-ГIала, изза Тил-Гаримма), Урартуна дуьхьала кхоьллина хиллачух тера бу, 675-гIачу ш.оь. шарахь цу Бартах леташ верг, Урартуон паччахь, Руса-II-гIаниг (685/0-645/0 шш) хиларна («киммерийцашца» цхьаьна). Оцу хьоло, дукха хаттарш дуьту вайна листа. Царна юккъехь: «Хиллий те, Мровелес ма-диццара вежаралла, цу ворхI вешин Хаосца?» аьлла.

 

 «Картлис цховреба» олу «гуьржийн» тептаран шолгIа дакъа гочдар а, пайдехьа хира ду аьлла хета суна, цу шираллехь хилла ТIехьаракавказан дахар довза.

«К а р т а л и н   д и й ц а р»

(шолгIа дакъа)

«Ткъа хIинца вай, далора ду Картлих лаьцна дийцар, цигара тайпанех, дахарах, таханалера дийне кхаччалца дуьйцуш. Таргамосас, бархI кIантана юкъахь шен мохк бекъначул тIаьхьа, Картлосана белира мохк, лакхахь ма-хьаххора (хьалхарачу декъехь) билгала бина. Цкъа хьалха, «Арагви» хи, «Кураца» вовшахакхетачу меттиге веана и Картлос, «Армази» олучу лам тIевелира. Дуьххьара, цу меттехь чIагIонаш а кхоьллина, цигахь шен цIа хIоттийра цо, цу ломанна шен цIарах «Картли» аьлла цIе а туьллуш. Цу лома тIехь Армазина, цIу сурт хIоттолца, «Картли» олуш бара и лам. Цуьндела, «Хунани» тIера «Сперанан хIорда» тIекхаччалца йолчу цу Картлих, «Карталин мохк» олура.

Цул тIаьхьа, Картлосас «Орбис-цихе» (Орбанан-гIап) хIоттийра, тахана «Самшвильде» олуш йолу. Юха а хIоттийра «Матверис-цихе» («ченах, латтах йина гIап»), тахана «Хунани» олуш йолу.

Дукха вехара иза, дукха тIаьхье дебош.

Цуьнан берашна юкъахь, пхи турпалхо билгала велира. Церан цIераш ю иштта: хьалхарачунах олура Мцхетос (меца-хи-тIе, гIазкх. «над голодной рекой»), шолгIачух Гардобос (гар-да-ба, гIазкх. «есть владетель ветви»), кхозлагIачух Кахос (ка-хи, гIазкх. «удачная река»), воьалгIачух Кухос (Ку-хи), пхоьалгIаниг вара Гачиос (Га-ча, гIазкх. «медвежья ветвь», я «ча-нах»). И пхеа, турпалхой бара. Делахь а, Мцхетос кхечарелла къаьсташ вара.

Картлос велира. Иза дIавоьллира, тахана «Армази» олучу «Карталийн ломан», буьххьерачу лакхенехь. Цул тIаьхьа, цуьнан зудчо хIоттийра «Дада-цихе» («Нана-гIап, коьрта гIап»). Иштта цо кхоьллира, тахана «Рустави» олуш йолу «Бостан-калака» (Бостан-ГIала). Картлосан зудчо бийкъара цуьнан хилла мохк, цу пхеа турпалхочунна, шен берашна юкъахь.

Гардобосана елира «Хунани» (Матверис-цихе), къастош доза: малхбалера - «Бердужи» хи, малхбузехьа - «Гачиани» олу гIала йолуш, къилбседехьа «Кура» хи а долуш.

Гачиосана цо елира «Орбис-цихе» (мохк), «Сквиретан» хи тIера, «Обоцона» тIекхаччалца болу мохк. Цу Гачиосас кхоьллира «Гачиани», тахана шех «Санадиро-калики» («таллархойн гIала») олу гIала.

Кухосана елира «Бостон-калаке», тахана «Рустави» олу гIала. «Арагви» хи тIера, «Херети» тIекхаччалца, «Кахетин ломан» «Кура» хин юкъ йолалучу метте, кхаччалца болу мохк.

Кахосана белира «Кавказан», «Кахин» лаьмнаш юккъера а, «Арагви» хи тIера дIа «Ткеба» тIекхаччалца болу мохк а, «Херетица» доза а долуш. Кахосас хIоттийра «Гелети» (ГIали-тIе) шахьар, и еш, цунна гIодеш вара Кухос. «Дада-цихе» Кахосан мохк хиларе терра, «Галети» еш Кухосас шена гIодарна, цо цунна белира. «Кахетин» махкахь дуьххьара йина хиларна, «Бер» олура цу «Галетих» а.

Шен вежаршна юкъахь къаьсташ волу турпалхо Мцхетос, шен да Картлос ваьхначу, тахана, «Армази» олучу меттехь вехаш вара. Цо, гIала хIоттийра «Кура», «Арагви» хиш вовшахакхетачохь, шен цIарах, «Мцхета» аьлла цIе а туьллуш. «Тбилиси», «Арагви» тIера дIаболу, малхбузера мохк чулецира цо «Сперанан (Сперский) хIорда» тIекхаччалца. Иштта иза вара, шен веа вешина тIехь олалла дийриг а, паччахь а, и виъ ваша цунна муьтIахьалла гойтуш а волуш. Иштта, бIовбехира Картлосан кIентий, иза веллачул тIаьхьа цу берин нанас. Дохалла долчу хенан юкъахь шайн тIаьхьенаш, гергара нах дебош, цу наха а иштта, шайн тIаьхьенаш дебош, дукха шарашкахь бехира уьш.

Мцхетосан берашна юкъахь билгала велира, сийлахь волу кхо турпалхо, церан цIераш иштта яра: хьалхарачуьнан цIе яра Уплос, вукханан – Одзрхос (а-дар-Зор-хи), ткъа кхозлагIачуьнан яра Джавахос («Да-жа-ва-хи», я «–ха»; гIазкх. «владетель отары есть страж»). Мцхетосас шен мохк а, массо гергара нах а, царна юкъахь дIасхьабийкъара.

Одзрхосана белира «Тасискари» тIера, «Сперанан хIорда» тIекхаччалца болу оькъаман мохк. Цу Одзрхосас ши гIап-гIала хIоттийра: «Одзрхе», «Тухариси» («Туьха-ари-са», гIазкх. «соль есть, душа долины») аьлла.

Джавахосана белира «Папавари» лам тIера, «Кура» хин коьрте кхаччалца болу мохк. Цу Джавахосас а кхоьллира, шиъ гIала-гIап: «Цунда», «Артанан-ГIала» аьлла. Цу хенахь, цунах «Каджта-калака» («жинин, я каджаван гIала») олура. Тахана, «Хури» а олу цунах.

Уплос, шен да ваьхначу «Мцхетахь», ваха висара «Тбилиси», «Арагви» тIера дIа «Тасискари», «Папавари» кхаччалца болчу мехкан да а волуш. «Уплис-цихе», «Урбаниси», «Каспи» олу гIаланаш хIиттош, «Армази» тIера, «Тасискари» тIекхаччалца болчу цу махкана, «Лакха тIера мохк» аьлла цIе тиллира цо. Тахана, «Чоьхьара Картли» олу цу махках.

Мцхетос валлалца, и берриге Таргамосан гергара нах, юкъахь безам болуш бехаш бара. Бакъду, цаьргахь даима «неброташкара» кхерам бара. «Цу Небротан чIир, шайх эца гIертий техьа цуьнан тIаьхьенаш?» аьлла шек бара уьш. И тайпа кхерам хиларна, шайн гIаланаш чIагIйора цара.

Картлосан кIант Мцхетос велча, Картлосан кIенташна юкъахь кхоллаелира хьагI. Вовшаха лета бевлира уьш. Картлосан кIант волчу Уплосана, муьтIахьалла гойтуш бацара вуьш, дас шайна тIехь олаллениг а, цIийнан да а иза витанехь а. Вовшашна тIелеташ, къийсам бара цара дIахьош. Цкъа цхьана хенахь, цу цIийнах волчу шиммо, цхьанне дуьхьала гIаттам бича, вукхарех цхьацца болучара, гIо дора уьш тIелеттачунна. Ткъа царех цхьаммо, шен хиллачу бартхочунна дуьхьала къовсам болийча, иштта, вукхара царна а дора гIо.

 

Цкъацца, царна юкъахь машар хилахь а, юха вовшаха хьаьрчий летара уьш. И тайпа гIуллакх дара царна юкъахь. Царна юкъахь цхьаа вацара сийдолуш а, я цIе йолуш а. Амма, шайн-шайн меттигашкахь коьртаниш бара уьш. «Мцхеттехь» верг массарна тIехь олаллиниг волуш санна делахь а, цунах «паччахь» а, я «эристави» а ца олура. Цуьнан йоккху цIе, «мамасахлиса» яра. Иза вара маслаIатан а, кхелан а да, кхечу картласхошна тIехь. «Мцхета-ГIала», кхечу гIалел айъаяларна, цунах «коьрта гIала» олура. Цу заманчохь, шаьш кхоьллина Дела вицвина, уьш «маьлхана», «баттана», пхеа «седана» таваккал деш бара. Церан чIагIо яр а, дуйбаар а дуьйзина дара, Картлосан коша цIарах».

Масалин метта, «БархI вешех лаьцна дийцар» олучу тептаран хьалхара дакъа хьахочу хенахь, меттиган, адаман цIераш юкъайогIу таблица хIоттош, хетарехь билгальяхна йолу, евзуш йоцу и цIераш а, маьIнаш а карора ду вайна уьш эшахь, цу таблици тIехь.

Тахана вайна евзу Гуьржийн чоьнах а, цуьнан къоман дакъойх а лаьцна дийцале, вай билгаладан деза и халкъ, ширачу оьмаран кхо бIешарашна юкъахь, шен паччахьалла а долуш дIахIоттарх лаьцнарг. Ша Гуьржийн чоь, истори-географин бархI декъах лаьтташ ю. «Абхази», «Мегрели», «Свано-Двалети» (цу юкъахь «Къилб ХIирийчоь» а йолуш), «Хева-Тушети» (цу юкъахь «Пшава-Хевсурети» а йолуш) олу и этнически мехкаш, «Йоккхачу Кавказан» ломан дехачу дукъаца Iоьхкуш ду. Иштта цу юкъахь, Турцица доза долуш йолу къилбехьара «Месхети» а лерича, вуьш долу пхи дакъа («Аджари», «Гури», «Джавахети», «Имерети», «Картли», «Кахети») тахана, «цIеначу гуьржийн ду» ала мегара долу, мехкаш ду уьш. Лакхахь хьахийна «Сванети», «Давлети», «Хевасурети», «Тушети» шеко а йоцуш, «дурдзуки» (Дур-дукъе-тIе) олу халкъан дакъош ду, шайн хьостехь, цIенна «нах-ваьррех» а долуш.

Вуьш долу «ибери-картвелин матта» юкъара халкъаш (мегрелаш, занаш, зугдидо-самурзакаш, чанаш, сенакаш) дикка теллина, сайна девзаш ца хиларна, цкъачунна Iора ца дохуш дуьту аса.

«Картлин дийцаро» юьйцучу цу историн юьхьигехь, «протогуьржийн» хилла мохк бу, таханалера «Лакхара», «Лахара Картли» а, «Кахети» (къилбседе йоцуш) а, «Джавахи» а, кхузаманан Азербайджанехь долу «Шамхорчай» олу хи тIекхаччалца болу, «Кура» хина къилбехьа Iуьллу мохк а. Цу заманчохь, таханалера «Имеретин», «Месхетин» мехкаша хадийначу дозанца, цуьнан малхбузехьа хилла ю «Колхидан пачхьалкх». «Хурро-нах-урартахойн» тайпанаша кхоьллина и пачхьалкх, шина декъе юькъуш нисделла, хIордайистонца «грекаша» кхоллиначу «Фасис» (Потин кIошта), «Диаскуриада» (Сухуми кIошта) олучу лаьцнамехкаша (полис). Царех тIаьхьо, «Понтан пачхьалкх» кхоллалура ю. Кхузаманан «Арменин лаьмнашкара» схьадолу, «Шамхарчай» олу къилбера хи, «Бердужа» олу, шира цIарца девзу хи хила мегаш ду иза. И хи чудужучу лакхахь нислуш, «Кура» хил дехье (къилбседе), «Каспин хIорда» тIекхаччалца хилла и малхбалера мохк, «Шира Ал-Бан» пачхьалкх кхоллалура йолу мохк хилла, цуьнан малхбузехьа а, къилбехьа а деха тайпанаш, «гаргаран» (нах-ораман ваьр) а долуш.

Лакхахь аса «протогуьржий» алар бахьана ду, цу заманчохь цу махкахь дехаш хилла «хонан» халкъ, «нах» тайпанан орам болуш хиларна а, и «гаргараш» коьртехь болчу «албанхойн барта» юкъадогIуш иза хиларна а. Вайна хаа дезаш дерг ду, и «гуьржийн» халкъ, дуьххьара шина халкъан доьзало кхоьллина хилар. Шира яздина тешаллаш, меттан Iилман агIо ларош зерца хьесап дича билгалдаьлларг ду, «гуьржийн (иберин) мотт» кхуллуш дакъа лаьцнарг, лакхахь ма-хьаххора, боккхачу шина доьзалан меттанаш хилар. Царех цхьаъ, «ширакавказхойн» орамах долу «нах» ваьрраш ду. Цул совнаха, «индоевропейцин» маттаца гергарло долу, тIедеана халкъ хила а тарало цу маттаца ийна. Делахь а шеко йоцуш, и гуьржийн мотт кхуллуш, онда дакъа лаьцнарг бу, автохтоналла йолу ши мотт. «Ширагрекин» историк волчу Страбонас а билгалдина ду, «Иберехь» ехаш,къаьсташ йолу ши этнотоба хилар. «Иберехь, аренашкахь деха дакъа латталелош а, машаре дахар долуш а, «эрмалой», «мидийцаш» санна кечамаш бар долуш бу. Ломахь беха дукхаха берш, бIахалалла йолуш а, шаьш лулахь дехачу «скифин», «сарматин» тайпанах тера дахар долуш а бу, цаьрца иштта, гергарло а долуш. Цхьа кхерам тIебеача, иттанаш эзар бIахой вовшахатуху цара» бохуш яздо цо. Вайна хаьа, цо буьйцу «саки» олу и «скифаш» ТIехьаракавказе баьхкича, ханна туш тухуш, церан дуьххьара баха ховшар, цу «Каспи хIорданан» йистера кIоштахь хиллий. Цигара дIа Мана, Мидин махка экспанси ян йолайо цара, 659-652-гIачу ш.оь. шарашна юкъахь. Цу скифаша Хьалхарачу Азехь яккхина хан бIешо а ца хилча (672-585 шш), и этнотоба кхиана хира яц, автохтонни болчу маттана хийцар дан, цаьргара цхьацца элементаш тIеэцна хила таралахь а. Амма, башха тешалла дитина вайна «Мокцевай Картлисай» олучу хенан хаамаша (хроника). Цо дийцарехь, бухахь даьхна автохтонан дакъа, «бIахалалла йолу хонаш» хилар билгаладоккху вайна. И «хонаш» а, «кобанан культура» кхоьллиначу «нах» тайпанах хилла бу. Ткъа церан шира бух аьхкича, вайна иштта билгаладолу и «хонаш», «колхидан культура» кхоьллиначу халкъах долу тейп, дакъа хилар а. ХIунда аьлча, цхьана хенахь шайна тIегIартачу хийра орам болчу халкъах дIа ца эрхьама, «Чорох» (Чхьора-хи) хин коьртера, «Триалет ломан» дукъаца къилбседехьа таьIаш, «мосхашна» тIе а биссина (ш.оь.VII-гIа бIешо), цул тIаьхьа, къилбседа-малхбале гIоьртиначух тера бу и «хонаш», «Кура» хин юккъерачу меттигехь баха ховшуш. Цу тайпанах долчу цхьана декъо, «Даръялан чIажехула» кхин дIа а некъ биначух тера ду, Къилбседа Кавказехь кхуьачу «кобанан культура» юкъахь дакъалаца. Иза мухха хиллехь а, Нахчийчуьра «чIаьнта-органан чIажахь» яхна ю и «хонойн юкъаралла». Тахана, вайнехан тукхамаш юкъахь карабо вайна уьш, «хой» олу ваьрца.

Иза иштта хилар хьахош ду, «Арменин географи» олучу тептаро а. Билгала дан лаьа кхин цхьаъ а, ширачу оьмаран II-гIа эзар шарашкахь (1732 шо), «Дияла» хин коьртехь даьхна касситин тайпанаш, «Хана» олучу махка хьаьлхина хилла, Евфрат хин чIажера «амарреин» («а-мар-аре-я»; гIазкх., «он обитатель равнины», я «он властелин степи») олалла дIадаккха. Цу заманчохь, аренан тайпанаш хилла «субартахой» (Шубарта). Уьш, керла кхоллабеллачу «гиксоса-митаннин барта» юкъабоьлхуш Палестине а, Хеттин пачхьалкхан малхбузехьа а бахна хилла. Суна хетарехь, цу «хонойн» тIаьхьенаш хила еза, «Чорох» хин коьртера баьхкина, цу «Кура» хин юкъахь а, «Йоккхачу Кавказан лаьмнашкахь» а, баха хевшина и «хонаш» («ханаш»). Цу «Чорох» хин атагIара баьхкиначех бу, историна бевзу «санаараш» (Сана-ари), изза болу «цанараш» а. Цу хонойн орамах хила а тарало и нах-мотт буьйцуш хилла «санаараш». Кхузаманчохь, ТIехьаракавказехь дисна цу «санаарин» дакъа, хевсураш, тушинаш, сванаш санна, керста дин тIеэцначул тIаьхьа гуьржеха дIатараделла. Неврехьа дахна цуьнан дакъа, бусулба а долуш, нахчийн къоман дакъа ду.

Сан и тешалла къобалдеш ду, академика И.Джавахишвилис ТIехьаракавказехь дисначу кхузаманан нах-ораман дакъойх лаьцна яздийраг: «…хевсураш, пшаваш, сванаш, двалиш, иштта кхин дерш а ду, гуьржехалла (грузинированные) тIеэцна  нах-халкъан ваьрраш». Кху тIаьххьарачу шина эзар шарашкахь тардар даза диснарг ду бацбийцан (цова-тушин) ваьр. Изза къобалдо, Iилманча волчу К.М.Тумановс а.

Ширачу оьмаран, I-ра эзар шараш юккъе доьлхачу заманчохь, цу меттигехь дика кхиам болуш дIахIутту латталелоран гIуллакх а, эчиглалор а, корматаллаш кхиор а, иштта махлелорца дуьйзинарг а. И тайпа кхиамаш болу туьшаш, эвланаш вовшахакхеташ кхоллаеллачу яккъех, тIаьххьаре а гIаланаш кхоллало. Иштта, кхоллаелла ю «Мцхета-ГIала». I-ра эзар шаран шолгIачу декъера, керлачу оьмаран V-гIа бIешараш чекхдовллалца, «Карталин» пачхье а йолуш, ехара ю и шахьар.

Юьртабахамехь ялта кхиорал совнаха, бошмаш, кемсашлелоран гIуллакх а хилла дикачу тIегIена тIехь, куьйга дина хидахкарш а долуш. Шайн-шайн долалла кхолладала доьлча, цхьана хенахь кхоллабелла «саспийрин барт» бухуш, масех декъе бекъабелла и мохк, кхоллалуш тайпанан аристократи а, къанойн корта а.

«Мидин» олалла дIадолуш, цуьнан бух тIехь «Персин импери» кхоллалучу заманчохь (549/50-гIачу ш.оь. шарахь, Мидин коьрте догIу «Ахеменидан цIа, коьртехь Кир-II-ниг а волуш), цу Хьалхарачу Азин латта тIехь, этносурт а хийцало. Цу муьрехь, сорсаниг хиллачу цу протогуьржийн махка хьаьлха, кхоччуш хилаза болу «эрмалой» а, шайн паччахьалла доьхна лела «жуьгтий» а, «грекаш», «ассирех» йисна тIаьхьенаш, «сарматаш», «хонашца» генетикан гергарло долу «нах» тайпанаш а. Цу ялх меттанан тобанаша, шайн-шайн йоза, мотт, культуран дика ламасташ деана ца Iаш, къастам беш долу васташ, гIиллакхаш, кхин тайпа амалш а йохьу цу махка. Цу хене кхаччалца, «хурри-нах-урартун мотт» буьйцуш хилла и кIошта, ширачу оьмаран 4-гIа бIешараш долалучу муьрехь, кхузаманан «гуьржийн мотт» кхоллабала болабеллачух тера ду. Лакхахь ма-аллара, дуьххьара «гуьржийн мотт» кхолла томехь болу бух, шина боккхачу маттах лаьтташ хиллехь (протогуьржий, нах), тIаьхьо, ялх матто дакъалоцуш кхуьура бу и мотт – «тюркойн», «грекин», «ассирийн», «жуьгтийн», «протоэрмалойн», иштта, бух хилла лаьттина болу «хурри-нах-урартун юкъара мотт» а. Делахь а, цу махкахь Iедалан хьалханча хийцаваларца йолу кеп, гергаралонаца йоьзна хилла ю.

Шира, халкъан аларца а, «ширагуьржийн» йозанан тешаллаш а теллича («Мокцевай Картлисай») билгала долург ду, хьалхара паччахьалла кхоьллинарг (ш.оь. III-гIа бIешо), «Азо» цIе йолу, кху махкана тIевеана волу стаг хилар. Цуьнца и паччахьалла кхуллуш, дакъа лаьцначух тера ду, Жимачу Азин къилбседа-малхбалехьара баьхкина болчу династин масех хьалханчо. «Гуьржийн этнос» кхуллуш, «мушкин» элементо дакъалаьцна хиларна, и «династеш», «мушкех-ам ца хилла техьа» ала а тарало. Ткъа, ша и «Азо» схьавьлла меттиг, «Ариан-Картли» (Аренан-корта-эли) хилла бохуш чIагIдо тешаллаша. Александр Македонскин бIо кху махкахула болуш, цу бIоно валийна хила веза, цу «Ариан-Картлин» махкара, паччахьан кIант волу и «Азо». Ткъа иза, нисделла хила мега, ширачу оьмаран 330-гIачу шарна гергахь йолчу заманчохь. Цу Азос шеца далийна хилла, шен тайпанах долу эзар доьзал болу 18 гар а, итт элин цIа а. «Македонойн» гIоьнца, «хонойн» коьрта шахьар «Мцхета» дIалоцу Азос, цу мехкан да волу паччахь а, цуьнан цIийнан нах а бойъуш. И терахь (ш.оь.330 шо) лара мегара ду, «Ибери» (И-ба-Ари) олу пачхьалкх кхоллаелла шо.

Цу Азос ша вийнехь а, я цул тIаьхьа паччахьалла дIахьош хиллачарех волчу кхечо паччахьо вийнехь а, цу меттигера «мамахлис» воь цара. Цуьнан веши кIант волу Фарнаваз (Парнаваз – хила тарало цу цIеран иштта маьIна – «П-арена-в-аз», гIазкх. «Стена+долина+есть+голос»), и гIеметта хIоьттина кIант, паччахьан го юкъахь витана хиллачух тера а ду цара. Меттигерачу халкъаца къизалла лелош волчу цу Азонна, я цуьнан тIаьхьенна дуьхьала биначу цхьана гIаттамна, коьрте хIутту и Фарнаваз. «Колхидан» паччахьаца а, ламанхой болчу «нах» тайпанашца (дурдзукаш) а барт бой, кху махкахь, шайн Iуналла хилар дезаш болчу «селевкидашна» тIе а тевжий, ша паччахь хилар дIакхайкхиначу цу Фарнавазас, «азонан» тIаьхьенах леташ толам боккху.

Цу цхьа бIешо бен йоцчу заманан юкъахь, олаллехь хиллачу «азоша», хIаллакбеш цу махкара лаьхкина хилла «тюркаш», «ассираш», иштта лаьмнашка таIийна хилла «нах» тайпанаш а. Цул совнаха, охьатаIийна хилла, кхузара, шира бух болу автохтонан ваьрраш а.

 

Ширачу оьмаран III-гIа бIешараш долалуш, меттигерачу, мелла а чIаьнкъа дирзиначу «хонан» тайпанах долчу паччахьан цIийно, «Карталин пачхьалкх» («Корта-эли») кхуллу. Цу заманчохь, и тIетевжина хилла Селевкидан паччахь Антиох-III-гIаниг (ш.оь. 223- 183\186, я 187 шш) хилча, и ша ваьхна шараш 242-187 шараш а хилча, Фарнавазас «Азон паччахьан цIа» коьртера лаьллина зама, цу шарашна юкъахь хила еза. «Кура» («Кур») хин аьтту берда тIехь, «Мцхета-ГIалана» дуьхьала нислуш, «Армаз-цихе» (Армазан гIап) аьлла, «Армаза» цIе йолу «беттан дела» цIарах гIала-гIап хIоттайо Фарнавазас. Цу цIун сурт хIоттош, цуьнан культ цу махкахь хирг хилар а, дIачIагIдо цо. Фарнавазас иштта шен эскар а, Iедалан кIошташ а, ял гулаяран къепе а кхуллу. Цу паччахьна тIера дIайолаелла ларалуш ю, язйина «гуьржийн истори» а, йоза а кхоллар. «Селевкидан пачхьалкхана» тIетевжина хилла «Картали» и мохк а, ша Фарнаваз а. Иштта, цуьнан тIаьхьенан дахар а, зазадоккхий дIахIутту цхьана юкъана. Цуьнан бахьана хилла «Риони», «Кура» олу хишца махлелочу къепалан некъаш дохкуш, «IаьржахIорданйистонан» Индица зIе тасар. Жима Кавказан ламанхойх долу Карталера «нах-адам», хIинца а, чIаьнкъалла тIеэцаза хилла цу заманчохь. Иштта, Йоккхачу Кавказан лаьмнин къилб басенашца дехаш а хилла «нах» орам болу тайпанаш. Уьш бIахалалла йолуш хиларна, Карталин эскаре тIемалой хIиттош а хилла. Кхин дашца аьлча, «тIемалойн сурсат» латтош йолу кIошта хилла, къилбседехьара лаьмнин агIо. Цул совнаха, Фарнавазас «дурдзукашца» долу гергарло чIагIдан, цу заманчохь «дурдзукин» паччахьан йоI а ялайой, цу захалоца кхин а чIогIа и гергарло чIагIдо. Иштта, «овсин» (уьш бац, хIирийшца цхьаа юкъ йолуш) халкъан паччахье, шен йиша маре а лой, къилбседехьара шена кхерам хира боцуш, и агIо цу кепара чIагIйо цо. «Дурдзукех» йолчу зудчо виначу кIентан цIе хилла, «Саурмаг» аьлла. Да велча хIуттура волу, Картлин шолгIа паччахь ву иза.

Цу «ширачу оьмарехь» а, «керлачу оьмаран» V-гIа бIешараш чекхдовллалца а, лакхахь ас ма-хьаххора коьртачарех а, пачхье а хилла лаьттина ю «Мцхета-ГIала». Иза йоцург а, иштта онда хилла шира гIаланаш ю «Севсамари» (Севсана-Мара), «Урбниси» (Ор-ба-ниса), «Гори» (Го-Ари), Каспи, и.кх.дIа а.

Ширачу оьмаран II-гIачу бIешарахь (187 шарал тIаьхьа) «Селевкидан пачхьалкх» малаеллачул тIаьхьа, «Эрмалойн йозуш йоцу пачхьалкх» а кхоллалучу хенахь, «Карталин пачхьалкх» а малало ханна. Делахь а хьал долуш, ца йоххала гIора долуш а, адам дуькъа дехаш хилла мохк бу иза. Лаьмнашкахь бехаш даьхнелелорхой а болуш, хин атагIашца а, аренан акъарашка хи дуьллуш латталелорца, кемсашлелоран гIуллакх кхиорца, дика кхиамаш болуш мохк хилла иза.

«Карталин» (Ибери) юкъараллин коьртехь лаьтташ хилла, лайлелош болу сийдина адамаш. Церан коьртехь а хилла, «паччахьан цIийнах» долу гар. Цу горах болчу «нахе» бен луш хилла дац, бIош тIехь долу куьйгалла а, кхелахойн гIант а. Махкахь башхалла йолуш хилла бу иштта, цIу-динан дай а. Церан куьйга кIелахь хилла, дукха аренан латтанаш. Сийдиначу адамашца цхьаьна, олалла долчу чкъорана юкъабогIуш хилла, и динан дай а. Дисна адам, маьрша латталелорхой хиларал совнаха, низамехь йолчу яртин юкъариаллаш кхоьллинарш а хилла, цу махкарчу дахарехь ладаме а, мелла олалла долуш а болуш. ТIаьхьо уьш а, екъаяла йолалура ю. Цуьнан юьхьиг, Фарнаваз паччахь веллачул тIаьхьа а йолуш, цуьнан кIант Саурмаг, кхин масех паччахь хийцалуш яллачу юкъахь, нислура бу и мур. Екъалуш йолчу цу юкъараллашка диллича, хIинца а шира ламасташца бехачу ламанхой-даьхнелелорхойн амал чIогIа хиларна, бIешарашка бахбелла и хийцамин мур, дикка дIахьура бу цу халкъо. Цу заманчохь, «нах» орам болу тайпанаш а хира ду, шайна догIачу декъана, шаьш лулахой хиларе терра, цу махкана Iаткъамбеш а, политикан дахарехь дикка дакъалоцуш а. Иза иштта хилар бакъдо, «Картлос цховреба» олучу тептаран, «ШолгIа паччахь Саурмаг» аьлла билгалдинчу декъан, йозано дечу тешалло. Цу тIера цхьа кийсак, гочъер вай хIинца:

«….. чIагIам беш сацам бира (эристави, «эри-сту-ва») Саурмаг вен. И кхерам хаабелла Саурмаг, шен нана а эцна, къайлаха ведда дурдзукин махка вахара, шен нена вежарий болча. Цуьнан махкара цхьацца болу азнаураш, ромеяш (хетарехь, жуьгтий) «Дурдзукети» тIаьхьа а баьхкина, Саурмаге цара элира: «Хьан дегара, дукха диканиг гина тхуна. Цуьндела, оха сацам бина хьуна тешаме а, муьтIахь а хила» аьлла.

Цул тIаьхьа, Саурмаг «овсин» паччахь волчу а вахна, шен дейишин (Фарнавазан йиша) кIанте (шича) гIодар дийхира цо. Важа, цунах самукъадаьлла, гIодан резахилира. Иштта, дурдзукаш а гулабина, картвелашна тIелата вахара Саурмаг. Цхьаа, цунна дуьхьало ян ницкъ болуш вацара. Шена ямартло йиначарех, дукхаха берш хIаллакбеш, йоллу Картли дIалецира цо. Бакъду, ямартхойх цхьацца берш, къинхетам беш дийна а битира. Делахь а, картлосахой охьатаIош, азнаураш хьалаойъуш, дурдзукин тIаьхьенаш шен махкахь дебийра Саурмагас.

Цу хенахь, дурдзукел чIогIа йолу «хазарах» («Савромати») маьршалла а, маршо а йолуш уьш белахь а, «Дурзукетин» махкахь дахар дуькъа хиларна, цу чу ца хоьара уьш. Саурмагас, цу Кавкасан тIаьхьенех ах адам шена тIеоьцуш, цхьацца берш хьалаойъуш, царех цхьаберш «Мтиулети» олучу лаьмнин кIоштахь а, «Дидоета» тIера дIа, «Эгреси» кхаччалца а, шен ненахой баха ховшийра цо. Иза бу, «Сванети» олу мохк»

Билгала дан деза цхьаъ, «Чоьхьара Картли» олучу махкана, неврехьа долчу лаьмнин лакхара кIоштахь, даима дехаш хилларш ду: «двали» («да-ва-эли», я «–али»), «глигви» (гIала/-хой/гIой хила а мега), «хевсур» (ха-ва-сур), «кисти», «тушети» (туш-йа-тIе) олу «нах-тайпанаш». Цу лакхара тешалло а гойту, кхузаманан «Сванетехь» а, ширачу оьмаран II-гIа бIешарна гергахь цу меттехь даьхнарш, «нах» ораман ваьрраш хилар. Цу «Сванетина», «Хеви», махкана юкъахь баьхна «рачахой» (Рачан мохк) а, дехьо беха «дугарой» («дигорцаш», изза «сирахиш», изза «ду-гара», гIазкх., «есть ветвь») а, лулахой хилла. Вахушти Багратионес дийцарехь, тIаьхьа йогIура йолчу заманчохь и «дугарой», мелла а, цу «рачахойх» бозуш хира бу, ясакъ яларца. Ткъа историно «двали» олу ваьр, цу лаьмнашкахь деха зама (Г.А.Меликишвилис а бакъйо и ойла - /44, с. 62/), Ассирин паччахь Тиглатпаласар-I-ниг (1114-1076 ш.оь.шш.) ваьхначу муьре юхататта еза. Нахирин мехкаш дагардеш, цу паччахьо хьахийна ду, «туали» (ТIо-али, гIазкх., «ущелье скал») олуш хилла и ваьр (хьажа кепе).

«Рачи», «двали», «санаари» (Iарбошха, «цанари») олу ваьрраш лулахой хиларал совнаха, цара Iуналла деш хилла «Дера-йа-али» (Даръял) олу чIажана а, «Крестовый перевал» олу тIехуленна а. Цу меттигах, «Аланин ков» олуш а хилла. Цунна, малхбалехьа долчу «Ассински» олу чIажо кхоьллина ю, «Дурдзукин ков» олу тIехуле. Иза, дурдзукин Iуналлехь хилла ю. Масала, В.Ф.Миллеран ойланца догIуш ду хIара сан тешалла.

Кхузаманан «Iилманан бешахь» кест-кеста нислуш ду ишттаниг – цхьана меттиган шира этноним тIеязъяр, керлачу, цу метте еъначу (вайн масалица тардар диначу, я аратеттиначу) юкъараллина. И тайпа этнониман инверси хьакхаелла туали-двалин ваьррах. Наири-Урартуо хенара и шира этноним дуьххьара дIало цхьана юкъараллина (масала хIирий), цул тIаьхьа царна гонахьа кхоьллина туьйра, кхечара тIеэцаре хьаьжжина, уьш дIачIагIбо автохтонни халкъ долуш санна. Масала, шаьш двалаш ду боху и хIирий, бакъболу двалаш бехачу хенахь, дуьненчохь хилла а бац. Двали-туали билгалбевллачу хенал тIаьхьа, 1600 шо даьлчи бен бевзина бац. Иштта нисделла, «аланаш шаьш ду» аьлла, цара цIе (этноним) тIеэцна адам а дехаш хилла, цу шираллера Урартуо мехкан «арии» а болуш (кхоъ макроэтнос – хурри–арии–нах-ламарой). И этноним а тIеэцна ю, дуьненна и аланаш бевзиначул тIаьхьа, мел кIезга а 500 шо даьлча. Тахана, Кавказан карти тIера дIайайъина, шира ваьрран цIарца (двали-туали) яьхна и юкъаралла Йоккхачу Кавказан дукъан шинна агIонгахь (къилб, невр) яхна хиларал совнаха, уьш хилла,  ш.оь. I-ра эзар шараша лоцачу муьрехь кхоллаелла, «Кобанан культура» кхиийна ширакавказхойн расан этноюкъаралла.

 

Цу ширачу заманчохь, «Иберин» бIош шина декъах лаьтташ хилла - гIашсалт, дошлой. Дай герз долчу Iодахойн, гоьмукъахойн хилла, акхаройн неIарш тIеозийна яккхийра туьрсаш, цу неIарх дина тажаш. Дезагерз долчу гоьмукъхойн дакъош хилла, аьчка гIагI а, тIе эчиган экъанаш лаьцна туьрсаш а йолуш.

«Карталийцаша», таваккал деш хилларш бу, цIуй. «Варкъ оьмаран» хенара, «тотемизман» Iадат долуш, таллархойн, даьхнелелорхойн цIу-делин дин хилла цу махкахь. Пачхьалкхана Iуналла до цIу, «беттан дела» волу «Армаз» хилла. Цуьнга нийсса, къаьсттина сийдиначу адамашалоруш хилларг ву, «маьлхан дела» волу «Митра» а. Кхечу мехкашца юкъаметтигаш латточу цара буьйцург, леррина болу «грекин мотт» хилла. Ширачу оьмаран III-II-гIачу бIешарахь, «Иберин» махкана девзаш хилла, Иранан махкара махлелорхоша, кхуза деана долу «арамеин йоза» а. И йоза, меттигерачу маттана кIеланисдина а, лелош а хилла ду цу махкахь. Иштта, «гIажарин» цIераш тохкуш а хилла, сийдиначу адамин берашна. «ГIажарин культураца» ехаш йолу яккхийра гIаланашкахь, тIаьхьо цунах дIаоьра йолу «Грецин», «Риман культура», модехь а хуьлу цу махкахь. Иза, гуш хилла гIишлойн архитектураца, маьлхан кешнаш дарца, иштта пхьегIаш, духарш, месаш лелорца а, цIераш тахкарца а. Цу махкахь, цхьа хан а йогIура ю, лакхахь ма-хьаххора, «грекин мотт» коьртаниг болуш.

 

Ширачу оьмаран 1-ра бIешарашкахь, Римана дуьхьала бечу тIамехь, Митродатан, Тигранан бартахо хилла «Картали». Ширачу оьмаран 65-гIачу шарахь, Пампей коьртехь волу Риман эскар, цу «Картлин» коьрта шахьар схьа а йоккхуш, мехкан кIоргенашка кхочу. «Картлийцаш», майра дуьхьало еш дикка леттехь а, уьш оьшу цу цхьатералла йоцучу тIамехь. Кулхин махкара нах-ораман ваьрраш, Невркавказе кхалхарш до, кобанхошна тIедуьссуш. Цу заманчохь, «Карталин» паччахь волчу Артагас, Римаца машар бо. Пампейна муьтIахьалла гойтуш, цо шен бераш ленакара ло, иштта даккхийра совгIаташ а до цо цунна. Цул тIаьхьа,      

 

 

 

Риман бартахо а йолуш, «Даръялан чIаж» тIехь Iуналла деш хилла ю, Риман дола дарна (протекторат)кIелахь йолу «Картали». Цу заманчохь, Римана, Iаламат башхалла йолуш хилла «скифаш», «сарматаш», «аланаш» тIелеташ долчу «Даръялан чIажна», «ибераша» ларадарца до Iуналла. Римо, цу махках йоккху цIе хилла, «Ибери» аьлла. Цуьнан халкъах цара «иберийцаш» олуш хиллехь а, меттиган цIарца: «аджараш» («а-да-жара»; гIазкх., «он есть крест»), «гурийцаш», «джавахаш», «картлийцаш», «кахитинаш», «имереташ», «месхеташ», «мегрелаш», «сванаш» («Со-Ван»; гIазкх., «я есть ван»), «хевсураш» («Хе-ва-сур»; гIазкх., «стойбища есть стража»), «эриташ» («ари-тIе»; гIазкх., «над равниной», я «-долиной»), «двалиш» (ист. «валы», «двалы»; нах.м. «Да-ва-али», гIазкх., «У ущелья, есть владелец»), «санаараш» («Са-На-ари»; гIазкх., «душа+Проматерь-долина/равнина»), иштта кхин тайпа, тайпанин цIераш хиллачух тера ю, цу махкахь лелаш.

Керлачу оьмаран I-ра бIешарахь, лайлелоран пачхьалкх а йолуш, чIагIлуш хилла и мохк. II-III-гIа бIешарашкахь, къебелла латталелорхой, юкъараллин долалла декъалуш, хьал долчу нехан олаллин кIелабаха болабелча, ахархой бацабечу хьоладайн (феодалан) дIахIоттаман бух кхоллабала хьал хIутту «Иберехь». И бахьана долуш, идеологи а хийцало цу махкахь. Керлачу оьмаран, 4-гIа бIешаран хьалхарачу декъехь, 337-гIачу шарахь, официал йолу керста дин тIеоьцу, цу пачхьалкхан паччахь волчу Мирианас (Михран-III-ниг). Цуьнан бахьана хилла, «Сасанидан Иранера» гуш болу кхерам. И керста дин даржош къахьегначарех ю, Сий долу Нина.

И бахьана долуш, Сасанидан Иранний, Риманний юкъахь болчу тIамо, «Арменина» санна Iаткъам ца беш юьту имперес, «Ибери» (Картали) олу и пачхьалкх. Риман ницкъ дIабаллалца, «цезарин а, римлянин а доттагI» ларалуш йолу и «Ибери», бозуш боцу мохк хилла ехара ю, дикка еха йолчу хенан юкъахь. Цу «Иберина» къилбседехьа деха «нах» тайпанаш, Страбонас а ма-дийццара «дика лулахой санна хилла ца Iаш, гергара долуш санна даьхна ду», «шира оьмар» дIа а ялла, «керла оьмар» тIекхаччалца йолчу заманчохь хIетте а.

V-гIа бIешарахь, Риман Iаткъам, Кавказехь лахбеллачу муьрехь, Картлехь совбала болало Сасанидан Иранан Iаткъам. Картлин паччахьаш, жим-жимма хуьлуш Перси паччахьан вассалаш хуьлу. Картлин керла пачхье йолчу Тбилисехь, персийн сардало шен туш туху. Амма, цу бIешаран шолгIачу декъехь, картлин паччахь Вахтанг-I-раниг (Горгасал – «Берзан корта») коьртехь а волуш, къовсам болабо цо персашна дуьхьала. 502-гIачу шарахь Вахтанг воь. Тбилисехь, доллу Iедал шен карахь а долуш, «марзпан» цIарах персийн сардал хIутту цу махкахь. Иштта, яккхийчу гIаланашкахь а, шайн гIаролаш чуховшадо персаша. Вуьшта, 523-гIачу шарахь сасанидин аьтто болу дIалаца Малхбален Гуьржеха. Цуьнан Малхбезен агIо, Византин олаллин бухахь хилла ю цу хенахь. Гуьржийн хаамаша дийцарехь, иштта и гIажарий, Кавказан дага юккъерачу лаьмнашка кхочу: «…цара цигахь кевнаш кхуллу, доккханиг Овсетехь, важа шиъ – Двали, дурдзукера Парачванехь, цигара ламарой, доза лардан а хIиттош (дозанхой; /35, с. 706, прим. 3/). Цу сасанидаша кхоьллина и чIагIонаш, цул тIаьхьа баьхкиначу муьрашкахь, кхин а тIееш, чIагIъеш хилла. Делахь а, билгалдан деза кхин цхьаъ, гIажаршна и чIажаш, тIехуленаш йовзале а, башхалла йолуш хилар и кIошта, кхин а хьалхарачу шираллехь.

ХIара чурхе дIаерзош, суна билгалбаккха лаьа Картлин историна бевзина хенан мур – Исламан мур. «Футух Аль Баладан» олу тептар тIехь, Белазарис хьахош ду, 25-гIачу беттан хиджрахь (647 шо) долало Армени мохк баккхар, Хабиб Ибн Муслим коьртехь волчу бусулба бIоно. Иза нисделла, халиф Iусман Халифатан коьртехь волчу муьрехь. Цул тIаьхьа, иза Гуьржеха (Джорзан) воьду. «Улудж» олучу ваьррашна тIехь толам баьккхича, иза Тифлис чувоьду, цуьнан бахархошка, машаре барт а кховдош. И бартбар бахьана долуш, цуьнан керста дин лелочу адамна маршо хилла шайн килсаш, аьрда-цIенош чохь таваккхал дан а, маьршша дин лелон а. Цу Кавказан кIоштахь Исламан дин дIахIоттар бахьана долуш, Тифлис гIалахь, 500 шарахь бусулба урхалла латтон а, бусулба адам даха а аьтто хилла. Бусулба, керста адамаш доттагIалла долуш бертахь даьхна цу шахьарахь. Цу хенан юкъахь, бусулбанаш, цу керста адаме, ницкъалгIа дин тIеэцийта ца гIиртина. Бакъду, ял яла езаш хилла уьш, Халифатан хазне. Бусулба дин тIеэцнарг, мукъавуьтуш хилла ял яларх.

Делахь а, йоллу Гуьржехахь хилла дац и тайпа дахар. VIII-гIа бIешо юккъедоьдачу хенахь, гонахьарачу мехкашкахь болало, мохк паргIатбаккхарца боьзна болам. И бахьана долуш, IX-гIа бIешо долалучу муьрехь, Iарбойх йозушйоцу кхоъ феодалин юкъаралла кхоллало Кахитехь, Эгрис-Абхазетехь, Тао-Кларджетехь. Цхьа Тифлис (Тифлисан эмират) ца лерича, вуьш йолу гуьржийн мехкан кIошташ, мукъаяха йолайо къам паргIатдаккхарехь къовсам болийначу гуьржаша. Цу къовсамна нацкъара лаьттиначу Тифлисан сардало, шен Iуналлехь йолчу кIоштара машаре мур чекхбоккху шен куьйгашца. Иза ву, Тифлисан эмир (сардал) волу Исхак ибн Исмаил, «Тифлисан гIаттамхо» аьлла цIе яхна волу. Цо дIакхайкхина хилла, ша, Халифатах возушвацар а, цунна ял лург ца хилар а. Амма, халифатера баийтанчу ницкъана, дуьхьало яр ца хуьлуш иза оьшу. Цуьнан корта, дукха хан ялале Багдаде дIахьо. Амма, барт боьхча ма-хиллара, гонахьара мехкаш мукъадохуш болчу боламо, Тифлисан гонахьара латтанаш дIалеца доладо.

«Ахсан Аль Тагасим» цIе тиллиначу шен тептар тIехь, ишттаниг яздо Мокадесис: «…Тифлис, 515-гIа, беттан хидржан шо кхаччалца, бусулба адамин карахь яра,…» бохург. Цо гойту вайна, и гIала Тифлис, 1137-гIа шо кхаччалца, гуьржаша иза мукъаяккхалца, Исламан Iуналехь хилар, цуьнан кийрахь бехаш бусулбанаш а болуш.

Керла бохам кхочу Гуьржийн махка. XI-гIачу бIешарахь, туркаш-сельджукаш тIелета Гуьржехана. Цаьрца къовсаме хIоьттинарг ву паччахь Давид IV-гIаниг. Цуьнан вуьшта йоккху, исторехь йисна цIе ю «Давид Строитель». «Дидгорин тIамехь» толам боккху цо, болу мохк турке-сельджукех дIацIанбеш. Цу муьрехь нисделла, цу паччахьо Тифлис дIалацар а.

Иштта вовшахтоьхна Гуьржеха ехара ю, зазадаьккхина, монголин Iаткъам цу махкана бовззалца. Цул хьалха, уггаре, цу махко зазадаьккхина зама ю, паччахь Тамара паччахьаллехь йолу хенан мур (1184-1213 шш).

 



*[1] - Леонтий Мровелин дийцаран гочдина дакъош, стомма, Iаьржа шрифтаца а, курсиваца а яздина ду. 

Copyright © Информационное Агентство «Golos Ichkerii». При использовании материалов ссылка обязательна.

Top Desktop version