Golos Ichkerii

"ШОВДАН КОЬРТЕРА ТАРХАШ" = ХЬАЛХАРА ДАКЪА

 

TITUL-KORTA.png

          Делаца йоьзна юкъ ларар; шайн сий уггаре лакхенгахь латтор; хийрачаьрца, шайн цIий ца эдар; шайн юьхь-амат тарадарах ларадар; дахаран кIуркIманино зоьш, кхиийна «халкъан эс» ца дицдар; боьрша тIаьхье йоцург, кхане ца хетар; цу ялх хиламо тIум кхоьллина, эзар шараша дахчийна, цу шираллера дуьйна, луьрачу къийсамехь кхоьлладеллачу «ваддца» (менталитет) дахар хилар ду нах-ваьррин Iадат. 
                                                                                                                                                                     авт. Сулейман Асламбеков.

          ХIара, «ЦIийн аз, боданехь» («Голос крови во тьме») аьлла цIе тиллина коьрта тептар, кхаа декъе декъана хира ду сан (кхотептар), туьллуш царна шолгIа цIераш: «Тов а, шира чкъоьрнаш а» (гIазкхашха, «Мгла и древние пласты»)«ЦIийн синпха а, Iаьржа ницкъаш а» (гIазкхашха, «Пульс крови и чёрные силы»)«БIаьрла са» (гIазкхашха, «Яркий свет»аьлла.  
          Хьалхарчу, «Тов а, шира чкъоьрнаш а» олучу тептар тIехь, со Iораяккха лерина ву, вайн этнос кхоллаялале а, и кхоллаеллачул тIаьхьа а хилла вайн шира истори. Аса лерина, нах-этносо таханалерачу Къилбседа Кавказе кхача йина, йоккха йиъ кхалхаран (гIазкх., «миграции») тулгIе Iорайоккху исбаьхьаллин диъ сурт кхолла.
          Со гайта лерина ву, шолгIа доккха кхалхар Къилбседа Кавказе дале, Хьалхарачу Азира «Арарат-лаьмнашкахь»* кхолладелла хьал гойту сурт. И хан ю, вайн шира дайша (хурриташ*) кхоьллина «Митанни»* (Меттан-На) олу пачхьалкх юхачу заманчохь, цунах хилла кескаш вовшаха хIотторхьама, цу вайн шира дайша, керла барт кхуллуш, и чIагIбан гIерташ уьш лелла зама. Доцца аьлча, иза ду ширачу оьмаран, 1266-гIачу шарна гергара исбаьхьаллин сурт. Цу декъана аса тиллина цIе ю «Кхалхаран юьхь а, барт кхиор а» (гIазкхашха, «Начало миграция и поиск согласия») аьлла.
          ШолгIа, исбаьхьаллин сурт хIотто со лерина ву, «нах-этнасо» Къилбседа Кавказе кхозлагIа доккха кхалхар дар гойтуш. И зама хира ю, вайн шира дайша кхоьллина «Урарту» олу ламаройн пачхьалкх юха гергаяхначу заманчохь, ширачу оьмаран 622-580-гIа шарашна юккъерачу муьрехь. Цу тептаран декъана аса кхуллура йолу цIе ю: «Махо хIу даржийна баппа», (гIазкхашха, «Одуванчик, что ветер рассеял семя»). 
          ДоьалгIа доккха кхалхарца дуьйзина кхоалгIа сурт кхуллуш, аса гойтура йолу зама ю, ширачу оьмаран I-ра бIешара юккъера зама. И зама гойтачу тептаран декъана тиллина цIе хира ю «Шовдан коьртера тархаш» (гIазкхашха, «Утёсы у истока родника»).
          Исбаьхьаллин доьалгIа сурт кхуллуш со лерина ву гайта, керлачу оьмаран 8-гIа бIешо долалучу хенахь, нах-этносо пхоьалгIа доккха кхалхар «Нахчийн махка» дарца дуьйзинарг. Цу декъана тиллина цIе хира ю «Къилбседа, некъан седа» (гIазкхашха, «Полярная звезда» - путеводная звезда»). Цу заманчохь а, цул тIаьхьа а нисделла ду «Акко» (протоаьккхи), «Шото» (шуотой), «Глигва» (гIалгIай) олу тукхамаш дахкар «Шира Гуьржеха» а, «Нахчичоь» а.
          Исбаьхьаллин пхоьалгIа сурт кхуллуш, со лерина ву «Дашо арданган» олалла дохош, Аланин чеккхе гойтуш, Кавказан кийра кхоччуш ислам дирзина мур – Тимуран Iаткъам. Цу декъана тиллина цIе хира ю «Эмкалан баI бохьу аренан мох» (гIазкхашха, «Степной ветер, что несёт верблюжью колючку»). 
          Сан дахаран хан тоахь, «Ал-Ани-йан паччахьалла» (гIазкхашха, «Государственность Ал-Ани-йа»олу дахар гойту, сурт кхолла а дагахь ву со.
          Исбаьхьаллин суьрташ хIиттош аса гойтура дерг, сайна хетарг дац. Со гайта гIуртара волу цу заманан дахар хира ду, архиологин, лингвистин, историн, философин, корматаллин, тIеман, Iаламан тешаллаш а, мифан баххаш а толлуш, вайн а, цIена болчу кавказхойн а амалшна, ваддна (гIазкх., «менталитет») тIетевжина, кIорга хьесап дарца кхоьллина сурт гойтуш.
          «ЦIийн тулгIе хьийзачу боданехь» аьлла, цIе тиллина тептаро гойту хан хира ю, 1944-гIачу шара тIера, 1990-гIачу шаре кхаччалца йолу зама. Цу тIехь со гайта лерина ву, кху тIаьхьарчу хенахь вайнехан къам декъна долу бахьанин къайле. Иштта со тешна ву, цу сан гайтарах масала хилла, вайнах, шайн орамаца дуьйзиначунна сагаттадан буьйлалура бу аьлла.
          «БIаьрла са» аьлла, цIе тиллиначу сан кхозлагIа тептаро гойтура йолу зама, 1990-гIа шара тIера волавелла, шолгIачу тIеман чеккхене качо дагахь а ву со. Аса яздеш долу тIаьххьара и ши тептар, юкъ-юкъа исбаьхьаллин сурт хIоттош яздан лерина а ву со сайн дахарца дузуш. Аса яздаза диснарг, сан могIанаш юкъахь лохара ду-кх аша, вайн дахаран дикка ойла а еш.

«ЦIийн аз, боданехь» («Голос крови во тьме») = кхотептар (трилогия)

Хьалхара тептар, «Тов а, шира чкъоьрнаш а», хьалхара дакъа.
                                                        гIазкхашха, «Мгла и древние пласты» 
Хьалхара тептар, «Кхалхаран юьхь а, барт кхиор а», шолгIа декъан хьалхара кийсиг. 
                                                        гIазкхашха, «Начало миграция и поиск согласия» - 1 
Хьалхара тептар, «Кхалхаран юьхь а, барт кхиор а», шолгIа декъан шолгIа кийсиг. 
                                                         гIазкхашха, «Начало миграция и поиск согласия» - 2 
Хьалхара тептар, «Махо хIу даржийна баппа», кхоалгIа дакъа 
                                                         гIазкхашха, «Одуванчик, что ветер рассеял семя» 
Хьалхара тептар, «Шовдан коьртера тархаш», доьалгIа дакъа 
                                                         гIазкхашха, «Утёсы у истока родника» 
Хьалхара тептар, «Къилбседа, некъан седа», пхоьалгIа дакъа
                                                          гIазкхашха, «Полярная звезда» - путеводная звезда» 
Хьалхара тептар, «Эмкалан баI бохьу аренан мох», ялхалгIа дакъа.
                                                           гIазкхашха, «Степной ветер, что несёт верблюжью колючку» 
Хьалхара тептар, «Ал-Ани-йан паччахьалла», ворхIалгIа дакъа
                                                            гIазкхашха, «Государственность Ал-Ани-йа» 
ШолгIа тептар, «ЦIийн синпха а, Iаьржа ницкъаш а»
                                                            гIазкхашха, «Пульс крови и чёрные силы» 
КхоалгIа тептар, «БIаьрла са» 

                                                             гIазкхашха, «Яркий свет» 
 
(ЦIен йозанца билгалдинарш, яздина девлла а, чекхдовлаза а тептарш ду.)
 
MOYOTMETINA.png
          Цхьацца, Кавказан кIошташкахь дIабоьлху историн талламаш, вуно гергабалина бу, уьш дIабала шаьш хьакъ лорачу цигарчу цхьацца йолчу юкъараллашна. Иштта церан аьтто бу, кхолла юкъараллин кхетам, кхоьллиначех делахь а гойту бакъдерг, хьелашца нисдинарг. Идеологин тIегIане и тайпа истори хьалхататтар, кхуллуш историн эс, тоталитарни, авторитарни юкъараллин политика, ойла кхуллу элиташ, шаьш лериначу Iалашоне кхочу, ца хиларна кхин тайпа альтернативни ойланаш, цу элиташа кхоьллинарг, царна хетарг, церан гIурте йолу и ойланаш юхатоха а, уьш Iораяха а.
Дагахьбаллам белахь а азербайджанин, гуьржийн, эрмалойн ТIехьаракавказан историграфеш а, иштта Къилбседа Кавказера хIирийн историграфи а, даима идеологин Iаткъам болуш ю, цу мехкин (Азербайджан, Армения, Грузия, Осетия) политика-идейни элиташ хилла ца Iаш, Россин империн а, иштта кхин болчу, дуьненна Iаткъамаш бечу ницкъин а лобби (цу тIаьххьарачарна юкъахь бу, туьйранаш кхолларца, керла мехкашка сатуьйсурш – «Иблисан накъостий»). Шайна гушшехь, хуушшехь, цу шайн элитин и тайпа туьйранаш догIуш ца хилар бакъдолучуьнца, цу юкъараллаша, церан академин тIегIанаша къобальеш тIеэцна и тайпа ойланаш. Совета Iедалан оьмарехь и тайпа историн чемаш, Юкъан тIедилларш дукхаза хецна ду муьран хьелашка хьаьжжина. Цундела цу кIоштин, мехкин историграфиша дукха гулайина цхьанацайогIу тезисаш а, дукха ду бIостаналлица доьзна цхьаьнацадарш а. СССР екъаяларца, йозушйоцу пачхьалкхаш, мехкашкаш кхоллалуш, хила ма-доггIу марсадовлу, цул хьалха, гIело хилла националисталла, долучулла бIаьрла хуьлу и цхьаьнацадараш а, цкъацца, бодане деш юкъара хьелаш. Къаьмнин истареш дукха хьолехь язъеш хилла, дукхабIешараша кхоьллина уьйраш йолу лулахойн исторех къастайой, йохалура йоцу культуран а, кхин йолу а зIенех дIахадайой.
          Сан Iалашо ю, гуьржийн, эрмалойн, иштта нахан, хIирийн историграфин концепцеш цхьаьнацаяр гайтина ца Iаш (Совета Iедал тIедале а, и тIедеъначул тIаьхьа а, Юкъан Iуналло кхоьллина йолу), кхин а кIорга и истории охкуш, сан ешархо хьо кхачо, ширачу оьмаран муьре.
          Аса, хIунда ийъадо этногенезаца, этночкъоьрнашца, урартуойн тIаьхьенаца доьзна и проблемаш йолу хаттарш? Дера до, «мила хилла, кхузахь дуьххьараниг?», йа кхин а нийса аьлча, «кхузаманхойх, мила ву «Да», мила ву «Хьаша» историн кIоргалле диллича?» бохучу хаттаршна жоп дала. Цу ширачу заманчохь, кху мехкин дай хилларш бу (кхин берш бан а боцучу хенара дуьйна) «хурри» ораман автохтонаш а (прахурри, пракулхи, прахатта-каски), «субари-нахин» ваьрраш а (халибаш, нахи-хурри, субартой, арии, тIаьхьо дайаэни/таохи, хой, халдаш, кхин а тIаьхьа эрмалой а, греко-римхой а, гуьржий а – хьалхенан бакъо гуьржашкахь алсамо а йолуш), иштта малхбалехьара «кура-аракс ораман» этночкъор а.
          Гуьржийн, эрмалойн этногенезца йоьзна проблемаш дIаяха, дукхашарашкахь белхаш бинехь а, тахана а, кхоччуш цхьаъ къобальян аьтто боцуш, дукха версеш а, гипотезаш а ю. Уьш, историографехь тIеоьцуш а, дIатоьттуш а ю, хене а, цу ханна эшаре хьаьжжина а.
Тахана, гуьржийн-эрмалойн пачхьалкханюккъера юкъаметтигаш лара мегара ду дикачу лулахойн санна, цу Арменин хиларна, геополитикца йоьзна халонаш. И халонаш бахьана долуш, и эрмалой гуьржех боьзна бу дукхаха, вуьш кхарехчулла. Делахь а, историн виртуальни кхаш тIехь (масала, картан тIегIанехь а, историн репрезентацехь а) цу эрмалойн а, гуьржийн а говзанчаш-историкаш лаьтташ бу, кардинально тайп-тайпаначу коьрта дуьхьалонашкахь (позиции). Церан цу говзанчаша, шаьш а мукIарло деш ю, и къовсаме моменташ хилар кхоъ тIегIа йолуш: 
Царех цхьаъ ю меттигца, я махкаца доьзна: «вайх мила ву «Да», мила ву «Хьаша»? бохучу хаттарна жоп дала дезаш. И тайпа хаттар («мила хилла, дуьххьараниг?») Кавказехь хIотторо (къаьсттина Къилб Кавказехь), шеко а йоцуш, кхозлагIа ницкъалле агIо юкъайоккхуш нисдо (шен Iалашо йолу а, шена гIолениг лоьху а).
ШолгIа тIегIа ю, «билгалонин тIом» («война символов») олу, историн карташца боьзна къовсам. Цу къовсамца доьзнарг, дукхаха хетарехь дерг ду, и карташ хиларна, уьш хIотточу муьрехь хилла историн Iилмига хьаьжжина. Масала, ши-кхобIешо хьалха, историкашна девзуш хилла дац дукхаха, Европе кхочу туьйранаш (миф) бен. Кхузаманан истори кхоьллина ю, «Дала хаьржинаш, тхо ду» бохучу этнотобанан лоббина ма-лаъарра.
КхозлагIчу агIонан тIегIа ю: «ХIара-м, вайн ма-хилла!» бохург къобалдеш, кхин дерг аьттехьа а ца дуьтуш.
          ХIара, «Шовдан коьртера тархаш» (гIазкхашха, «Утёсы у истока родника») олу чурхе Iорайоккхуш, нах-орамах болу сан турпалхой, Кълбседа Кавказе дIакхелхара бу, цигахь кхолла керла дахар а, дехийлаш а. Цу доьалгIа, доккха кхалхаран тулгIено меттаха даьхна этнодакъош хира ду: Малхбален Кавказера («аранаш» беха атагIара «прааланаш», изза «урартуойн арии»), Жимачу Кавказан лаьмнашкара, церан лахарчу аренашкара («гарагараш», «арцахой», «саной», цхьацца долу «нахарарин» генаш), Малхбузен Кавказера – кулхин цхьацца долу ваьрраш (нах-ораман ваьрраш), Таохи махкара «таохаш», «хой», «санаараш», ишт.кх.дI. а. И билгалдаьхна ваьрраш, шадерш а девра дац цу кхалхаран новкъа. Царех дакъош бухадуьсура ду, шайн хиллачу аганан бух Iалашбан а, цу махкара шайн орам ца хадийта а. Уьш, кху тIаьхьарчу цхьа-шина эзар шаро юьхь йоцуш дойъура ду, цу мехкашка даьхкиначу хийраораман ваьрраша, шайх тардар дина (нийса хира ду, и автохтонин юьхь шайга дIаэцна аьлча). Цундела, вайна карадо тахана, нах-ораман маттан а, ламастин а аматаш, цу мехкашкахь дехачу кхузаманан къаьмнин дахарехь.
 
nahi.info

Copyright © Информационное Агентство «Golos Ichkerii». При использовании материалов ссылка обязательна.

Top Desktop version