«Чхьар-хина» тIекхача 4-5 км йисначу меттехь, и «Тортум», «Олти» хих дIакхета цуьнан аьррубердан га хуьлуш. Цу «Олтих», доккхаллица шолгIа лору га «Бердик» дIакхетчул тIаьхьа дIасхьадаьржий, цхьа километр хиллал шуьйралла оьцу. Цу хин генах а схьакхета, «Партез» олу аьрру га, шен схьадалар «Кармир порак» олучу лаьмнин бIаххьашкара долуш. Иштта, и лаьмнаш ду, «Тхо-Iа-хин» мехкан малхбалехьара дазо. Цу лаьмнашкахь, мелла а неврехьа, алсама долчу шовданаша уьшале йиначу кIоштара (Криакунк) дIадолалуш ду «Кура» хи а.
«Тхо-Iа-хин» махкана гонахьара вуьш хиш санна, цу «Курас», шен хи дIаэдеш дац цуьнан хих. Иза чекхдолуш ду йоллу Кавказехула, «Каспи хIордана» чудожа. Кхузаманан муьрехь, «Тао» олу и историн мохк Турцин махкана юкъабоьдуш бу, еа вилайеташна юкъахь бекъна а болуш: Артвинан, Карсан, Артаанан, иштта Эрзруман а.
Шира оьмар чекхъялла, керлачу оьмаран хьалхарчу шеран, бIаьстенан цхьа де дара малхо къагийна а, делкъан тIаьхьенга кховдийна а. Кху чIаже кхочу хиша гомхалла эцна, шайн дестар лахдина бутт бара карараниг. Лаьмнаш доцчу аренашкахь товхоно ницкъ бахь а, кху лаьмнин Iалам, коччуш аьхкенан карадахаза дара хIинца а, и аьхке тIекхача диснарг, цхьа-ши кIира бен дацахь а.
ТIулга тIехь, бIевнна гергахь Iаш ву къано. Цуьнан, тIехьажарехь доьзткъеитт шо хира ду. Цуьнан юьхь тIера хершнаша, моьнаша гойту, цуьнан дахар аттачех хилла ца хилар. Цуьнан хьажар а ду, аьрзунан санна ира, ша бIаьрса ира дацахь а. Иза тидам беш Iа, байтIехь буьхьигца ловзачу, шен, жимах волчу кIентан шина бере а, воккхачу кIентан берин берашка а. Меллаша ког боккхуш тIееъна боргIал, берин буьхьигца ловзар тидаме эцна лаьттара, наггахьа шен тIилдигах маIар а хьокхуш. Ловзучу веа кIантах цхьаъ, Була, меллаша бIоргIална тIеволавелира. Ткъа боргIал, стешхачарех яцара. ХьогIалла ца гойтуш гергавахначу Булас тешшийтана боргIал схьалоцуш, шен шина варош юккъе а юллуш лаьтта охьахиара, цуьнан ира маIарш йолчу когин маьршалла дIайоккхуш. Цкъа моцаха, шена цо тоьхна зIокарна, бекхам бан лерина вара кIант. ЦIоган тIера, масех масс яккха кхиара Була, баккхийчара олуш хезарна: «боргIалан куралла тIилдигаш а, цIоган месаш а ю». И тайпа бегаш бевзина йоцу боргIал, Iаламата чIогIа тохаелира мохь олуш. ТIаьххьаре а карараялла боргIал ца едира, тIемаш тухуш кхоссаелла, Булин букъах маIараш йохийтуш, цуьнан укал чу зIок етта елира, тIемашца гIо а деш. Уккал чутаIийча а, я куьйгашца дIакъевлича а, оьгIазяхна боргIал юхаяла дагахь яцара. Ша еттачу зIакарх ца Iебаш, куьйгин жижигаш бухадаха санна ийзадора цо. Була ша а, хIинца, баккъалла а кхеравеллера. ТIаьххьаре а, мохь белира цуьнга: «Iале-е-лай!» олуш.
- ХIу? – Iоттаме велакъежира, шен сира, еха можах куьг хьокхуш Дикберд.
- Мангална, тIулг карий? Э-э, сан ваша! И боргIал хьа ю, массо а боргIалшна юккъехь турпал. Кху дехийлахь а, и цхьаъ бен, талорхо ю ала хьакъ йолуш яц. Дуьло, орцаха довла шайн вешина! – элира къаночо.
Кхуо и аларе ца хьоьжуш, Байбух вара дIахьаьдда воьдуш, сихаллехь карабеъна буткъа сара а болуш карахь. Ишттачу меттехь, гонахьа дерг тидамехь латто Iемина боргIал, кIентан букъ тIера чу а кхоссаелла, масех гIулч нацкъара а ялла, ега а елла, «IуьъIари-Iуь-о»! олуш йийкира.
Ша кхерийна кIант а витина, ша йолчу орце вогIург вайча, едда, кхин а нацкъара ялла, дуьхьала йоьрзуш, лаьттаха маIарш а хьокхуш лата кечъелира боргIал. Ша тIаьхьа кхуьура воцийла кхетта Байбух: «Йитахь, хIинца лацалура яц иза» элира цо орцаха вогIачу Геланче. И шиъ юха а вирзина, кIант теван вахара. Ткъа боргIал, цкъа чуйоду кеп а хIоттийна, хьогIечеран шеца бала боцийла ша кхетча, шен толам дIачIагIбан санна, юха а йийкира «IуьъIари-Iуь-о»! олуш.
- Собарде ахь, цкъа тхан карайогIура ю хьо! – олуш, буй ластийра Геланчас.
Берин тидам беш Iачу Дикбердас, церан, хIорранан мах хадийнера, дахарехь цара бан тарало некъ хетарехь билгала боккхуш. Цунна хаьа, мила муьлхачу новкъа гIура ву. Хьаьнгара, хIун хьуьнар, я ледарло яла тарало. ХIинццехь, и хила тарало ледарлонаш дIайоху некъ ца бахь, иза кхеташ ву, цунах зулам дериг хиларх, уггар хьалха и тайпа анташ долчунна шена. Царна юкъахь къаночо къастийна цхьа кIант вара, жимачу кIентан кIентех волу воккханиг, Байбух. «Кхечу берелла онда ву иза, царелла кхин воккха вацахь а. Иза собаре ву, цундела тIех чIарх-аьлла а вац иза. Цуьнан ловзар а собаре ду, иза дукхаха, царна тIехь верасаллениг ву, – бохуш, ша тидме эцнарг, ойланан хьесапе диллина Iара къано,
– Хьажал, жиманиг охьакхетча, уггар хьалха, иза вахара цунна гIонна, ша тIаьхьаведда буьхьиг а йитина. Жимма хьалха, Булина, уггаре а хьалха орцаха ваьлларг, юха а иза ву. ХIаъ, иза хьалхе йолуш хира ву, кху массеран Iу а хира ву, цу Везачо энис цуьнан хан яхъяхь. Амма, цулла жимаха волу Байболат, бIаьрла кхане йолуш хира ву. Тахана, кхо шо бен цуьнан дацахь а, ша-тайпа амал йолуш ву иза. Кхуьнан воккхачу кIентан кIант волчу Дарти кIант, и Геланча, хьалхе езаш хира вац. Иза, даима тIаьхьахIоьттинарг хира ву, шен дахарехь кхечарна. Важа, цулла жимаха волу Була а, кхин тIех кхиамаш болуш хира вац шен дахарехь. Воккхаха волчу кIента Ачин, вукха шина кIентан Эльсин, Боршан бераш ду, БакIуж, БаIаш, Шакур, Турка. Уьш баккхийра хилла. Уьш, бахамахь цхьацца гIуллакхаш деш бу. БакIуж, кху махкахь виса лерина ву. Шакур, Турка а, шина даггахь лелаш ву. Хетарехь Ачан тIаьхье, цхьа Дарта воцург, берриш а бух латто кхузахь бита безара бу. Элсий, кху дехийлан корта хила беза. Амма, берхIитталгIачу шаре ваьлла БаIаш, ойла акха лаьтташ ву. Цунах, дика тIемало хира ву. Кху махкахь кхиана тIемало, дукхаха римхойн, парфин, я уггаре а ца оьшу, эрмалойн йолах волу бIахо хуьлу. Цундела иза, ас сайца, хийрамахка вуьгура ву. И тIехьевзина Мархатай а, ша боьрша стаг санна тIах-аьлла ю, берхIитталгIачу шаре ялла а йолуш. Цуьнца йогIуш ю, тхо новкъадовлале, яло езаш а ю. Цуьнан дега, Шишболате захало дIахьахо деза ас» бохура генаяллачу Дикбердан ойлано.