Golos Ichkerii

"ШОВДАН КОЬРТЕРА ТАРХАШ" = КХУ ТЕПТАРАН БАРХIАЛГIА КИЙСАК

Сийсара, хIаллак хилаза йисна Корбанан ковра а юхайирзира, Оршотан хIонц шеца а йолуш. Са ма-хилли, Оршотас схьакхайкхинчу Каболатас, чIажаца, хордехьа талламан дакъа дахийтира.
          - Сийсара вайшиммо ма-леррара, вайчех грекин мотт хуу цхьа бIе стаг кечван веза, духарца, герзашца, дойца, леларца цу грекех къаьстара боцуш. Грекин мотт хуурш тоьаш бацахь, аматца царех тераниш бIанна юккъехь хира болуш, кечам бан беза и бIо. Вай шега кховдийнарг, ша Iовдал вацахь, тIеэца тарало цу Токсарис. Ца эцахь, шолгIа некъ а кхин вон бац. – элира Оршотас, ковраца доьзнарг луьстуш воллачу «чанахин» эле.
Дайьина адамаш ца лерича, кхин дерг, магийта мегара долуш дара. Делахь а, ша резавоцург довзийтира «чанахин» хьалханчо:
          - Кхузара туш хийца еза. Дагийначу декъин хьожа, хала лов бераша а, зударша а.
          - Нийса лоь хьо. Цу грекашка боцчу безамо, кхоччуш дагийна дац вайн наха и церан декъий. Иза хIуьттаре ю, церан «энина» неIалт алар а ду. Ткъа «энишца» хьогIе верг, церан Iазапех кхера веза. Къаноша олуш хезна суна: «Iожалла евзинчу чIажна генавала, я лакхавала». Ахьа, хьайн адам лаьмнин кIоргене дига деза. Схьагарехь, хьан халкъана, пийсакин метта гам, я жаIуьнан коьжалг йовза мур тIекхаьчна моьттуш ву со.
          - «Малх чубуьзна а боцуш, буьйса ю алар, иза бIарзалла ю» олуш суна а хезна. «Вижнарг, велла вац!» а олу цу къаноша. Масане бIош бевзина кху лаьмнашна? Уьш мичхьа бу? Ткъа хIорш, хIинца а лаьтташ ду! – элира Корбанас, цIоцкъамаш тIехула куьг лаьцна, малхе а хьожуш, - Вайн «хьаша», метта веъни те? Кхин цкъа а, «фидии»[1] хIоттийча хIун дара те вай?
          - Метта ца вагIахь хьа ву, вай садукъдина вуьйр! – Оршотас аьлча,
          - Шу, «хурри» цIий хьакхаделларш, ма къиза нах ду-кх. ЦIий Iанар дезаш дац-кх шу, - олуш къежира эла.
Юха, четар чохь хIорш вовшахкъетча, кхаьрца вацара Каболат а, стоьла тIехь дацара чагIар, шийла мохси бен.
 
          - Хьо, «кора»[2] ма яций, оха хьоьга дехарш дан а, я хьеста а. Йа хьо, туьрса тIе а виллина, сийлаллица дIавахьийта тхо спартанаш а дац. Ахьа динчу зуламна дуьхьала, чIир ю оха хьох оьцура ерг а. Хьан дакъа, некъайистерачу ор чохь дахкалура ду, хьожа кхеттарг юучу акхаройн даар хилла. Иза, цхьа некъ бу хьуна! Амма, кхин цхьа некъ а бу харжа йиш йолуш. Хьан гIоьнца, оха римхойн «цензор» йийсар во, я воь. Хьо, оха дIахоьцу хьайн доьзална тIе. Харжа!
          - И тайпа ямартло гайта, аса дан дезарг хIун ду? Аса хIаллакбайтина грекин бIо бахьана долуш, иштта а, вен кхел кхайкхора ю суна. Шун карах велларг ларар, сан тIаьхьенна мукъне а дозалла хира ду.
          - Хьо, хьайца хьогIалла йолчу «цензорна» дийна гайтар ду. Цхьа-ши кIира даьлча, дехьа чIажахь хин-юьхьо байьина римхой, грекаш лара мегара бу, уьш бахкабелла хиларна. Церан гIирс, духарш, талорхоша дIасхьадаьккхина. Ткъа хьо, хьан «энис» цу Сийлахьчу «Ареса» кIелхьараваьккхина. Цу «эница» доьзнарг мегаш дацахь, кхин туьйра кхоллар вайн карахь ду.
          - Сан кхолламна сагаттадеш, я соьца хьогIалла йолучунна бекхам бан лерина лелаш-ам хира ма дац шу? ХIун Iалашо ю, аша юьхьаралаьцнарг?
          - Тхан Iалашо лачкъийна яц. Йа хьан кхолламна сагаттадеш а дац. Оха дийриг тхьайн маршонан, нах-ваьррин, мехкан дуьхьа ду. Тхан халкъ дукъал дехьа а кхоьссина, хIара нана-лаьмнаш хийрачара хьоьшийла лууш дац тхо. Тхуна иштта лууш дац, тхан ваьррашна го бина, маьлхехь хеба цIока санна и го хабош, тхан адам аша хIаллакдойла. Ца хуьлчу даьлча, шу грекашца барт а кхоьллина, вон-дика цхьаьна ловш, дика лулахой долуш, машарехь тхайн махкахь даха лууш ду тхо.
          - Римана хIун до вай? Я цу Римал оьшуш боцчу эрмалошна езий ткъа шун маьршалла? Аша диц ма дойла грекаш а, эрмалой а цхьана ораман адам хилар, шуй, ибераш санна.
          - Оха иза дицдеш дац, йа аша дицдолийтуш а дац. Тхуна, IажмIажбIоца[3] хилла а, машар беза, маьрша дахар а деза. Тхуна хаьа, ахмаьрша дахар делла, тхан лулахь ваха лууш хьо вуйла а, цаваьлли бен, хьан римхошца гIуллакх ца догIийла а. Хьо резевелахь, вай цхьаьна къахьоьгара ду? – бохург шена хезча, дикка Iийра Токсарис вист а ца хуьлуш, ойла еш.
          - Аша хьахийна цу «корас» дан таралуш санна, гIийла «цикута» а мелла велча? Я шух, декъа куьйгашца летта, таIзар лайна, сайна тIаьхьа бIаьхьалаллин эс дуьтуш дIавахча хIун дара техьа?» бохуш, ши хаттар дара, сийсара дуьйна суна хьалха лаьтташ. Малар совдаьлла ца хиллехьара, хетарехь, цунах йист ялла хира яра сийссарехь. Цул совнаха, сан вахаро, мотт баьстиначух тера а ду сан, - аьлла Токсарис цкъа саца а велла, генара чулацам болу хабар долийра, - Тхан, жигаре долу сийлаллин чкъор, даима ойла йолуш хилла, кху кIоштахь «Понтан импери» кхолла. Цу Iалашонца кхоьллина яра, кхузткъе кхоъ шо хьалха, Римо йохийна тхан «Полемонован Понт» а. И тхан ойла, тахана а цIураерзийна латторг, Рим ю. Делахь а, импереш, даима лаьтташ яц. Суна ца гахь а, сан тIаьхьенашна ган мега иза. Вуьшта, шуна дагадеъначух гIуллакх хира дац. Римхойн, кху Корбан гонна юккъехь, шайн стаг ву. Цхьаъ хилла Iай техьа аьлла, шеко а ю сан. Цуьндела, шун кхиам ханни бен хира бац. Шух, суна накъостий а хира дац. Делахь а, и «цензар» аша сацийча а дара накъосталла, оха дагахь кхобачу гIуллакхна. ХIун дан деза ас? – олуш, шен пIелгах доллу мухIар схьадаьккхина, стоьла юккъе охьадиллира цо, «цуката»[4] олуш.
 
          ТIекхечира, рогIерачу дийнан Iуьйре. Лаьмнин, кегдиначу аматан сиза тIехьара, ийзалуш санна схьакъеднера малх, доллу дуьненна чуIанош цкъа хьалха коча дохк. ТIаккха, иза шен зIаьнаршца меллаша дашош, хIаваъ дохдеш, марабоьллира цу зIаьнарша къанделлачу диттан бохь. Цу кIелахь лаьтташ хьалханчаш а болуш, ши могIа бина лаьттара, новкъабала кечбелла дошлойн бIо. Царна тIехьа лаьтташ яра жима ковра, шена тIех болуш, ца хилча ца болу гIирс а, кIирана лерина сурсат а. Iуьйренан хIаваъ шийла а, тийна а дара, ца лерича, новкъаболучеран жигаралла. Хьал девзуш воцучунна, моьттура дара и дошлой, грекин бIан дакъа ду. Уьш новкъабаха баьхкина бара, кхарех кхозлагIчу декъан бен боцу доьзалш, зударий. Кху деношкахь билхина, доллу бIаьрхиш а, аз а кхачийна лаьттара уьш, хIорш шайн вежарий белахь а, царна тIера духаре боцчу безамо, хербича санна мотт сецна. ХIара бIо кхарстар дан бахча, кхузахь бухабуьсурш, ломан лакхенашкарчу дехийлашка дIагIура болуш бара Корбанан буьйр кхочушдеш.
          - Адамашна хьалха къамелаш дан говзалла яц соьгахь. Сан бIанакъостий шаьш дан дезарг хууш, шардина бу. Кхин къамелдар оьшуш, шайн лаамехь богIу хьайниш а бац моьтту суна. Дог тодан дезарг, кху деноша шайх кийсакаш йохуш Iовжийна а, кхин а Iовжо тарало бухабуьсурш бу. Iодикаяран дош алахь Корбан! – элира Оршотас ча-нахин эле.
          - Ча-нахи! Саной»! «КIолхин ваьрраш» олу вайх, кхузамано цкъачунна. КIолхин ваьрраша, масех бIешаро лоцучу хенан муьрехь, шайн хьалхара мостагI «грекаш» лоруш хиллехь а, тахана уьш, шолгIачу, я кхозлагIачу метте таттар тIедоьжна вайна. ХIунда? Уггаре а лоьра мостагI римхо хиларна. Цара даима таваккал деш хилла «эни» и «Арес», церан накъост ца хили кху чIажахь. Цу римхоша «Нептун» олу, и «хIордан эни» а тхуна зен дан аьтто болуш вац, хIунда аьлча, цуьнан цу хIорда чохь оха леха хIумма а ца хиларна. Массо а дийначу синан эла йолу, «лушъерг» йолу «Туран», кху грекаша «Апполон» а, римхоша «Феб» аьлла цIе хийцина, вайн шира дайша «Шавушки» олуш хилла и «эни» хира ю шу а, шун даьхне а, иштта аш дIадийна кхаш ларадеш. Аша тахана лаьттаха Iоьттинарг, кхана шуна ниIмате хира ю, цунах беркат а хира ду. «Велханс»[5] олу, «деллачу синойн хехо» а, уьш «новкъадохург» а волчу «энис», вай кху латта тIехь до дика хIуманаш, вайн косташ, цу вайн беллачу гергарчаьрга дIакхачора ду цу «энис». Уьш вайна юккъера дIабевллехь а, уьш даима вайца бу. Сийлахьа хуьлда церан гIуллакхаш, синош! – аьлла куьг ойъуш, зударийн белхарш доладелча, бIане буьйр дира цо, - Дошлой! Доладе болар! – аьлла.
          ЧIажа чухула охьадогIу дой, юкъ-юкъа хурр-олий, я гергахь йогIачу кхелана терсий, цкъацца йоккху гIовгIа ца лерича, цу Iаламах дIаийча санна, шайн кхолламна дуьхьала боьлхуш бара Оршот-Корбан дошлой. Стомарлера Iура, дистина хи, мелла а лахделлера. Цкъацца, басе йолчохь чехкалла оьций, дуьхьало нисъеллачохь, мокха цинцийн суйнаш дIасхьакхуьссуш сихалора, кхоччуш хьаьъна доцу и хи. Цу чIажна шийла хIо латтадора, кIорга дацахь а, цхьаццанхьа шорлучу цу хино. Къаьсттина исбаьхьалла лора, агIонгара тархашкара бухдуьйлачу, татолаш кхоьллиначу шовданаша. Церан сирла хиш, шен зIенарех йина дашо курс церан хин куьзгане кховдайой, маьI-маьIIехь, бIаьрла къагар лора малхо а. Шеца Iаламат долуш дара, гIоттачу цу малхо дашо бос белла, гонахьара лаьмнин даккъаш, сенъелла хьаннаш, юкъ-юкъа гуш йолу боьмаша-къорза тархаш. Дитта гIадан, дерзиначу меттехь йисна бухIанан кIорни, шена гергахь, малхо къагийна лестачу гIано сагатдар делла, бIорзагал бIаьргаш хьебора. ТIаьххьаре а, дошлойн тобанна юккъехь, лекхаяла йолаелира дуткъа аз долу флейта [6].
          Делкъа-хан хуьлуш, селхана бахийтаначу талламхойх цхьаъ веара, Хаболатера кост дохьуш. Кхаьрца делкъе йиначул тIаьхьа, Оршотас керла тIедахкарш а дина, юха новкъаваьккхира иза. Даима шен ойла еш вогIачу Токсариса, сагатдан хIума ца долийтара шегара. Цуьнан юьхь, лелар, наггахьа олу дош а, дагахь хIума доцуш санна а, сапаргIате а дара.
 
          Аьтту агIора, легIана бердаш долчу лам тIеваьлла, гонахьа бIаьрг кхарсто лерина Оршот, цу ломан буьххье шен дин хьалалаьллира, шеца волуш Корбан а, кестта схьакхетта Каболат а. Кур лекхачу уьш хьалабевлича, куьйган кераюккъехь долуш санна гора царна гонахьа дерг. БIаьрго ма-лоццу гуш долу, лахахь Iуьллу хIордан куьзга, чубузачу маьлхан зIаьнарша ша тайпа исбаьхьалла елла къегара хIинца.
          ХIордайистехь дерг ма-дарра дика ца гахь а, малхо къагийначу геналлехь къасталуш дара дехийлан, хин йистехь лаьттачу хинкеманин аматаш, кхин долу IиндагIаш.
          - Каболат! Тушкас а эций, грекех ву ала томехьа волу стаг вахийта, тховса, римхойн гIопана гергахь буьйса а яккхина, кхана Iуьйрре, ков схьа ма-дилли, «цензоре» кост дIакхачо. Цара цуьнга олийла: «Римхойн бIо, берриг а ломахь хIаллак хилла. Хьан доттагI «квестор», лам кIеларчу цхьана дехийлахь Iуьллуш ву, чов лоьра хиларна схьаван аьтто боцуш. Новкъаваьккхича, иза схьакхочий а ца хаьа. Цундела цо, хьо шена тIекхойкху, къайле йолу хаам бан. Цунна цигахь Iуналла деш бу, Токсарисан грекаш». Гергахь долчу боьре дIанисбина бIахой, гонахьа гIарол а хIоттадайтина, садаIар делла паргIатбехира хьалханчаша. Цу гергахь гучаваьлла муьлхха а стаг, талорхо, ворданхо, бIахо сацош а, дIакъастош а вара.
          Гонахьа гуш долу Iалам: шен Iаьнаре йирзина хаза хьожанашца Iабийна хIаваъ а, малхо дохдина ораматаш а, кху дийно гIелдина дийна синош а, тIейогIачу буьйсанга кхевдина, садаIа кечделла дара. Ткъа вуьш: механ хIо лахделча жигаралла гойту садолу хIуманаш; къовладелла зезагаш; суьйрено тIундина латта; гучадевлла хьалхара седарчий; дерриге а, шен-шен хьажам болуш, цхьаммо нисдеш дара.
 
          Iуьйранга бевллачу таллархойн тидам шена тIебирзира, герга кхаьчна, хIордайистехьа йогIачу цхьана онда тобано. Селхана, шайн тидамера ялла и тоба талла лериначу таллархоша, масо ца йира тIедиллина кост дIакхачо. Иза хиллера, хIордайистонца болчу новкъахь буьйса яккхина, гIаролца чIагIдина йийсархойн дакъа. И тоба чоьхьаяллалца аьлла, цуьнан гIароло нацкъара лоьхкуш, делкъанга велира Тушкас а, цуьнан накъост а. «Цензор» вехачу неIаре хIорш кхочуш, делкъал тIаьхье яра. Шаьш, «квесторан» геланчаш хилар кхара хаийтича, сиха тIеийцира хIорш зоьрталла волчу римхочо.
          - Дийцал. Со синтем байна вара цуьнгара хаам хьебелча. ХIун боху, сан хьомсара доттагIчо? – аьлла, шен гIантахь дIанисвелира римхо.
          - Цкъа делахь, хIара цуьнан билгало ю, - олуш квесторан мухIар дIа а кховдийна, - Цо хьоьга, сиха, шена тIекхиа боху. Иза, валарчу вижна ву, - элира Тушкасас.
Цу хаамо, цкъа акъваьккхича санна вина «цензор», «Мила!? Муха!?» олуш хьалаиккхира ша куьйга эца а гIуртуш.
Кхара, шаьш кечдинарг дIадийцича, шена гергахь лаьттачу гIоьнче буьйр дира цо: «Маса, ткъайха бIахох лаьтта гIарол кечде суна!» аьлла, охьахиара иза куьйга корта а лоцуш.
          - Хьайн гIарол, ахьа йийсархойх схьахаьржина дакъа дIакъасто а, иза лардан а дахийтина. ХIун до аса, юхадаладой иза? – аьлла, гIончас диначу хаттарна, жимма ойла а йина, геланчашка хаттар дира цо:
          - Мичхьа ду и дехийла? Сан доттагIчунна Iуналла до грекаш, мел бу цигахь? – аьлла.
          - Кху гIопан коьрта долчу кевнна, дуьхьала нислуш долчу лаьмнин чIажан бертехь, ткъеитт стадии хиллал. Цу меттехь туш тоьхна дIахIоьттина, цхьабIе ца кхоччуш, бIахо ву. – Тушкаса аьлча, оьгIазвахна римхо, кхин цкъа а хьалаиккхира.
          - Муха!? Римхой хIаллак а байтина, грекаш сан кетIахь Iаш бу, хьо бер, суна схьа а хьажийна? Мичхьа ву Токсарис?
          - Токсарис а, могаш вац. Римхойн хIаллак хилар, дукхаха, Iаламца доьзна ду. Цу акха ламаройх леттарш а, белларш а грекаш бу, шортта, и чагIалкхаш хIаллак а еш. – олуш, дегабаам гайтира геланчо.
          - Iаламо байъина бохург хIун ду? Римхойх цхьаа дийна ца висна?
          - Ца висна. Готтачу чIажахь, дистиначу хин юьхьо лаьцна уьш. Легионхо охьатакхо, ма-йоккха юьхь хила еза иза, гуш йачана а йоцуш?
          - Цкъацца, иштта хуьлуш ду. Лаьмнин кIоргенахь догIанаш деъча, чолхо кхоьллина, ша-шаха кхоллаелла чIинг цIеххьашха хецалой, зуламаш до бахархошна. Схьахетарехь, талорхоша пайда эцначух тера ду, иштта кхолладеллачу хьолах, - аьлла, шеггара тIетохар дира Тушкас, къастам база долчу хьоло, римочуьнан, и къасторца боьзна сацам сихбан.
          - «Хила тарало», «схьахетарехь», «талорхой» бохург, и хIун ду? Хьо! – аьлла, Тушкасан накъостана тIевирзира «цензор», - Хьо хIун деш лаьтта, богIам санна вогIа а велла? Аса хIоьтту шуьга, римхой боъуш, шу мичхьа дара!?
          - Тхо, ламаройн ардангах леташ дара. Римхошца нисделларг, кхечу чIажахь а, тхуна генахь а нисделла ду. Тхан талламхоша беъна хаам, иштта бу! – цо олучу юкъана, чоьхьаваьллачу цхьаммо: «Дой кийча ду!» аьлла, хьамталла дира.
          ТIечIагIдеш Iевшиначу моччагIало, чIишталган оьзгаш ловзош, вовшашна тIетаIийначу шен цергаш юккъехула: «Цаьпцалгаш!» олуш, арахьаьдира «цензор».
«Хьайна тIехьа хаае, и «хеназа йинарг»! – гIоьнче а аьлла, шен говр дIаэккхийтира цо, кхиазхочуьнан накъост тергал а ца веш. Ткъа иза, кхеран Iалашонца догIуш дара, кхин а кIорге таллам бан, гIопана чоьхьа долчу хьолана.
 
          Ца моьттачу агIора хьал нисдаларо, сурт хIоттош лело лерина моттаргIанаш ша-шаха юкъахйисира хьалханчин. «Хьеший» тIеэца кечвелла лаьтташ вара Корбан, Каболат, Оршот, иштта Токсарис а. Шен дин тIера воьссиначу «цензаро», гергахь лаьттачуьнга дирста дIа а кховдийна, цо иза маса дIацаэцча, резавоцуш дIаластийра. Ша-шеха тоамбийриг волчу цуьнан, дуьххьара, шеко ца кхоллаеллера, шех кхерабеллачеран, ларамаза нисделла иза гIалат ду моьттина.
          - Мичхьа ву, сан хьомсараниг? Муха ву иза? – олуш, уггаре гIолехьа долчу четарехьа дIаволавелира римхо. Ша тIеоьцуш болучарех, цхьаа меттаха ца ваьлча, Оршотан агIонга пIелг хьажийра цо: «Мила ву хIара?» аьлла.
Шаьш лело лерина моттаргIанан гура чуьра валаза волчу Токсариса:
          - ХIара, йолах долчу декъан хьалханча ву, - элира.
          - Кху тайпа йолчу акхаройн, маца хилла хьо санна болчу, сийдиначу чкъоран гонна юкъахь, лараме меттиг? Шу хIун деш лаьтта! Мичхьа ву «квестор»? – аьлла диначу хаттарна, эхь дарца жоп делира Оршотас.
          - Акхаройн даар ца хилийта, иза, оха вагийна, - аьлла, «хьешо» шен туьра тIеяхьна ка сацош: «ДIаэца, цуьнгара герз!» элира Оршотас.
          - Ахьа тхо, хьайн чIагIйиначу гIопа дуьгура ду. – элира Корбанас а, доьхканах кхозу тур, шаьлта а, коьртара дашо таж а, Каболатас дIаоьцачу юкъана.
ТIевеаначу шина тIалламхочо «стратеган» гIоьнча а, сиха, герзах мукъаваьккхира. Кхеравелла гIоьнча, цхьана юкъана мотт сецча санна висира. Иза, тIемало вацара. Лекха даржаш, хьоле меттигаш, дистина бохчанаш лоьхачу чкъорах кхоллаелла веччарг яра иза. ТIаьхьо, Оршотас цуьнан кочаоьллинчу, дашо ахчанан экъанех дуьзначу бохчано, сиха бостура бу, цуьнан, хIинца лацабелла хилла мотт. Цуьнан даймохк, хьал дара. Цуьнан, цергех лер долчу матто гойтург, иза жуьгтех хилар дара.
Цу шингара шаьш герз дIаэцча, паргIатбевллачарна тешнабехк хилира. Каболатан хенан тIаьхь кхозачу уьрсах катоьхна, «Ямартхо!!!» олуш, шена герга нисвеллачу Токсарисан гIагIан, лардар гIийла долчу метте урс а тоьхна, вада гIоьртира «стратег». Амма, айъаеллачу меттехь лаьтта Iодахочо тIаьхьахецна пха, ворта лоцуш кхетта, хьалхашха, логах араделира цуьнан кхосаболу вед.
Кийрара доIах лоцуш йина Токсарисан чов, тIех кхераме яра. Саца ца луш дIаоьхачу цIийно, янне а дегайовхо ца йитанера кхарна. Дан хIума а доцуш, леш воллура грек.
          - Баккъал а, шун бартахо хила лерина вара со. – элира цо, шен тIаьххьара са арадолуш.
          Кху деношкахь, кхара дан леринарг, дерриг а доьхнера кхеран. Юха, лома дахар дара кхарна диснарг. Оцу хенахь, Тушкас шеца а волуш, шина хьалханчана тIевеара Каболат. Шегара даьлла гIалат, хала ловш вара иза.
          - Кхуо дуьйцург, вайна ладаме дуй? – элира цо, ца догIачу дагца.
Кхин цуьначулла, дог-ойла гIолехьа йоцуш волчу Оршотас: «Дийцал доцца» аьлла буьйр дира.
          - Церан цу гIопахь, вайн ваьррех болу дукха йийсарш бу, хинкеманаш тIеботта кечбина. Царна юкъахь дукхаха берш бераш, кхиазхой, зударий бу. Уьш, хетарехь, лайбухкачу яккъашка бига кечбина бу церан, - кхиазхочо аьлча:
          - Мел хира бу уьш? – аьлла, хьашто хилира Корбанан.
          - КIезгачу барамехь, цхьа эзар хира бу.
Ши хьалханча, вовшин бIаьра хьажира. Цхьаннан луарг, вукхуьнан Iалашонца догIуш дацара.
          - Оршот! – элира Корбанас, - Со кхета, готта Iалашо хьалха хIоттийна, хьан мехкадас хьо ваийтина хиларх. Хьан тобано дан леринарг, кхиаме кхочушдина ахьа. Делахь а, бIе са а ларадина, эзар адамах муха хедара ду вай? ХIара адам, кху къийзоргах ларо гIерташ, хьоьгуш дац вай хьоьгу хIара къа? Ахьа гIо ца дахь а, сайн ахбIе бIахоца, уьш кIелхьарабаха гIуртура ву со. Сайн сийна гергахь, цIена хира ву со, цу Iазапах уьш кIелхьара ца бахалахь а.
          Кху деноша, иттех шарашкахь цхьаьна дуьне диъначеран а хуьлуш йоцу, уьйр кхоллинера цу шина къонахчунна юкъа. ДIаверзо везачу Тоскарисан докъан гIайгIа бар а, сагIадаккхар а, шаьш кху меттехь сецийначарна тIедиллира цара, церан стух, къинхьегамах комаьршша мах а белла. Кхин цкъа а, «стратеган» гIоьнча левеш, иштта таллархошка ла а доьгIна, шина хьалханчо сацам бира, шайн синош дIаделла а, и йийсарш кIелхьарабаха.
 
          МаьркIаж-бода букъалучу хенахь, гIопан кевне кхочура болуш, кхеран бIо новкъабелира. Цхьаццанхьа, пенаш тIехь буьйса яккха кечлучу гIароло, юкъ-юкъа, яйнаш чохь цIераш латийна кечамаш бора. Римхойн маIа лекхча, кевнна тIехь гучаваьллачу эпсаро билламе дош дийхира, кху хеназа баьхкинчу хьешашка. «Вулкан садоIуш ву!» - аьлла билламе дош хазийна, ша вовзийтира римхочо, - Со, стратеган гIоьнча, Антони ву, - аьлла а тIетохар деш.
          - А-а, хьо ца вевзира суна. Ткъа мичхьа ву, ша «стратег»? – аьлла, айъаелла цуьнан жигаралла хадош:
          - Хьо мила ву, цо дечуьнан бала кхача? Вайшинга, шен некъаш дуьйцуш лелла иза хIинццалца? – элира Антонис.
          - ХIорш, мулш бу хьоьца берш?
          - Грекаш бу, кхана Iуьйрана, хинкеманаш тIехь Батоме кхачо безаш болу.
          - Нийса ду. Вайна цхьаннашна кхаьчна Iан безаш бац, гIаттамхойн бала. ХIорш, даима, аттаниг дезачех хилла бу. ДIаделла ков! – олуш, шен гIароле, лаха чу мохь туьйхира эпсаро.
БIо сиха бацара гIопа чубала. Цуьнан цIоганехь сецачу Каболатас, кевнал тIаьххьара дошло сехьа ма-велли, шолгIа могIанехь богIучаьрга дирстанаш дIакховдош, гIарол, маса зеназа дан болабелира иттех стагах лаьтта талламан дакъа. Церан Iалашо, ков мукъа хилар яра. Вукха, бIан ахдакъа хинкеманаш, бIан чоьнаш йолчу метте тIе а леташ, дисна ахдакъа, йийсаршна го бина лаьттачу гIаролна тIелетира. «Цензар» сихвелла дIавоьдуш бухависна «чанах», мукъа Iийна ца хиллера тахана. Цкъа шена вевзуш хилла масех стагца, цо кечам бар бахьана долуш, и йийсарш кийча бара, шайга делла буьйраш сиха кхочушдан. ГIарол зеназа ма-диннехь, кевнехьа дIахьаьдира йийсарш. ТIемалоша, кегийчарех шишша-кхоккха бер мара а, ги а доьллина, кевнехьа бевдда боьлхура. Кевнан шина агIонгахь болчу пенаш тIера, гIарол зеназа даза долчу меттера, пхенаш детта буьйлабелира римхой. Уьш зеназа ца бича, дукхачу адамна зен дийра дара цара. Берех мукъабевлла бIахой, гIаролна тIелата бахара. Ков долучуьра хьал аттачу даьлча, Каболатан бIанакъостий, пенаш тIехула шина агIонга бахара, хаддазза детташ пхенаш а долуш. Дукха хан ялале, схьакхоьссина пха кхочура боцчу, геналле ваьккхира цара мостагI. Кхарех а, ах аьлча санна байъина а, лазийна а бара. Меттабаьхкиначу римхоша, шайн могIанаш нисбеш аралахка болийра Оршот-Корбанан бIо. Корбан, кевне кхочачу хенахь вуьйжира, генара кхоьссина гIемагIа вортанах кхетта. Римхой дукхаха берш гIашлой а болуш, церан аьтто бацара, маса лелачу дошлошна, шайна ма-хеттара зе дан а, уьш гонна юкъаберзон а. Ламанхоша беш болу тIом, баккхийра бIош дуьхь-дуьхьала хIиттина бечу тIамах тера бацара. Мукъабевлла йийсарш гIопанна генабовллалца бохуш, гонна оьхуш тIелетара кевнехь дIачIагIбелла ламарой, «чанахиш». «Оршотан, лоьра чов йина!» аьлла беъна хаам, Каболатна, хьалханча хилар тIедужош бара. Цо буьйр делира тIаьххьаре а: «Чевнаш хилларш а эций, юхадавла!» аьлла. Йогачу гIишлоша сирлаяхна цхьацца йолу гIопан каппаш а, хин йистехь дагийна цхьа кема а, дикка лаьттира догуш, кIуртуьйсуш. Дукха байъинера римхой а. Амма, онда кийсик вовшахкхеттачу нах-арин бIох а яллера. Лома хьалататтаделла адам, ма-хуьллу, цу лаьмнин кIоргенашкахь, хьаннин варшашкахь, цкъачунна, ша дIадан дезийла хууш дара.
          Чов хилла, кхетамчуьра ваьлла Корбан, синбилгало къаьстачу муьрехь дIавелира. Оршотан хьал а, кхин гIолехьа дацара. Талламан тобанах, пхиттех бIахо дIакъаьстинера. Кхин пхи-ялх стаг чевнаш йина вара. Каболатас сацам бира, ворданаш тIе, чевнаш йинарш буттуш, римхойн говраш тIе кхин болу мохь а боьттина, цIехьа ваха. Чанахин бIахойх виснарг а, ткъайха стаг вара. Делахь а, йийсарш хиллачарна юккъера схьакхеттара, масех бIе боьрша стаг. Цара сацам бира, чIажан бертера ков дIакъовлуш, ломан когашкахь хьалхара дуьхьало хIотто. ТIеман гIуллакхаш довзарца говза болу хьалханчаш билгалабевллехь а, сийдолчу чкъоран кIант Тушкас, тахана дуьйна церан эла вара.
          «Саной» новкъаболачу хенахь, хьалханча хилар тIедоьжначу Каболатан Iодикаян тIевеара, тахана дуьйна баккхийчеран дукъ а, декхар а тIедоьжна, керлачу дахаре гIулч яккха кечвелла Тушкас.
          - Оршоте дан дезаш хаттарш а, цунах дагавала везаш а, хIуманаш дара сан. Со тешна ву, чевнан балех и хьалхавериг хиларх. И меттавеъча, хьоьга, цуьнга дIадийцита деш ду аса хIара къамел, - аьлла, ойла еш цкъа саца а велла, шен къамел долийра кIантас, - Сан дас, цкъа соьга элира: «Вайн, «ча-нахин» дахаран кха а, каш а, дукха хьолахь хIорд бу. «Шира Даймохк», «Даймохк», «Керла Даймохк» олий, шаьш дехачу латтана цIе туьллу вайх долчу адамо, и кхоьа мохк, цхьана меттехь Iуьллуш хилла бацахь а. ХIун ду церан, цу мехкашца зIе кхуллург? Эс, дайн кешнаш, цаьрца боьзна мохк хьуна марзбалар, я царех хьан дахар ийна хилар ду. Стаг велча, хIун до вай? Хинкеманна тIехь веллехь цу хIорда чухоьцу, латта тIехь веллехь, цу лаьттаха вуллу. Кху тIаьхьарчу хенахь, вагавой чим а бо цунах вай. Иштта хилча, цу стеган мохк мичхьа бу? Цхьаъ – ХIорд? Иза, доза доцуш, массеран юкъара бу ала йиш йолуш а ма буй. ШолгIаниг – Овкъарш! Хьан дакъа дагийначу меттехь, «хьан дегIан чархах хилла, чим бу» олий овкъарш гулайой, уьш хIоам чуюхкий лелайо вай ваьш даллалца. Цул тIаьхьа, вай, и воьвзуш хилла уллера гергараниш – кIант, йоI, и везаш хиллехь зуда, я мар Iожалло дIаэцча, цу овкъаршца бала болуш стагга а ца вуьсу. Мичхьа бу, «ча-нахин» юкъара Даймохк? И овкъарш, кхалхаран новкъаца лелачу тIаьхьенаша, шайца лело а кIордийна, хийрачу махкахь дIайохкича, цунах а ца хуьлу дайн каш, я хьан Даймохк? Даймохк бу-кх, хьан халкъ, цу халкъан эс. Цу юкъа богIуш бац «сий» олу кхетам, иза белахь а, цу эсна гергахь. Важа дерг, царех вай ийна хилар ду, иза а ханна. Цундела сан кIант, хьан Даймохк бу хьуна, хьан халкъана, доьзална ниIмате а, беркат алсама хира долу а мохк. Важа дерг, эрана дIасхьаидар ду» - иштта хьехам бира цо суна. Амма суна, иза, цуьнан гIалате кхетам хилла аьлла хета. «Понтан хIорд», даима сан халкъан кха хиллехь а, цу хIорда чохь бехаш хилла ма бац, цу хIордахойн ахсов долу адам – бераш, зударий, къаной. Шаьш и хIордахой а, цкъа мацца богIий а, цу шайн доьзална, гергарчарна, и шеа дацахь, дайн эс дисначу метте ца богIу?
          И грекаш, царел тIаьхьа баьхкина скифаш, парсуаш, эрмалой, кестта баьхкина хIара римхой, хиллий хьалха кху мехкан дай? Ца хилла! «Дай ду» ала томехьа долу вай а, тахана, кху мехкан дай дац. Сан да вара, халкъ кIелхьара даккха, невре кхарстар дан лерина. ХIунда? Шен халкъ гIийла хиларна, ницкъаллехь болчу римхойлла, грекелла, эрмалойлла тIеэцна сацам бара иза. Хьажал, кху деношкахь вай вовшахкхетта нах, хьогIечарелла дуккхуо кIезга дара. Амма вай, хьекъалца цхьаалла гайтарна, мостагIчунна алсама зе а деш, тоьллачех ду тахана.
Ткъа вай белла мах мелла бу? Вайн байлахь дисна бераш, зударий, байъина къаной, вайн боьршаниш байъарна дуьненчу ялаза йисна тIаьхье ю. Ма-боккха, эшам бу иза! Сан кхетамехь, цу грекин, римхойн дика хIуманаш тIеэцна а, эшахь, вай шайх дIаийна царна моттийтина а, кху махкара дIадаха гIерта ца дезара вай. Со, кху махкара, цхьанхьа а гIура вац! Иза, сан сецца ялла ойла ю. – олуш, Хаболатан, синтеме цахилар хааделла, вистхила рагI кхачийтара Тушкаса цуьнга.
          - Ахьа, суна бехк буьллург хира бац, аса а, сайна хетарг алахь? Хьо санна, Iилма Iамийначех со вацахь а, со ладогIа хууш а, хезначунна юккъера, тIум яккха хууш а ву. Цуьндела, цхьацца йолчу хьан ден ойланашна а, хIинца хьан ойлана а, со реза вац. Цкъа хьалха, хьан ойланах лаьцна эра ду аса, хьан да велла хиларна а, цуьнан хиллачу ойлана, дахар дала лууш хьо ца хиларна а. Хьажал Тушкас, ахьа дуьйцучу кха-хIордан дай дац вай. ХIара латта а къедина вайна, лаьмнин баххьаш бен вайн долахь ца дуьтуш. Лаьмнин лахенашка таьIна деха вайн ваьррин цхьа дакъа, ненан мотт дIатесна, грекин мотт буьйцуш лелаш ду. Цара боху: «махбархойн, юкъара мотт бу иза. И мотт хаар, пайдехьа ду. Лаьмнашкахь лела мотт, цу лаьмнашкара черчашка ца бийцахь, кхин бийца меттиг яц». Вай, моттаргIанаш лелора ю. Ткъа вайн тIаьхьенаша, пайдехьа ду бохуш шайна хуург а дицдийра ду. Церан тIаьхьенаша, «тхан дай, бодане нах хилла» аьлла, серлончин некъ бу аьлла, хийраниг кхоччуш тIеоьцура бу. Хьажал, ахьа хьахийра, вайн цхьадолчу ваьрраша, шайн белларш багабо аьлла. Багабо-кх лахенгахь бехачара, амма лаьмнин кIоргенашкахь-ам ца багабо. Цара, шайн дай Iадат ларадо. Белларш, кешнашка дIабухку. ХIунда аьлча, яхначу цу шираллехь, вайн, дагош хилла ма дац беллачеран декъий. Хезний хьуна, яхначу шираллехь баьхна «энин» геланчаш: «Нох», «И-ба-ара-хи-Ма» цIераш йолу дика нах буьйцуш? Цхьаъ бен воцу, и «ХIал-Эла» «эни» вуьйцуш? «Кхузаманан вайн стаг дIаволларан Iадат, хийрачаьргара схьаэцна ду» бохург ду, къаноша тIаьхьенна дитнарг. Вайна, туьйранахь санна дуьйцуш хезна и генара мехкаш а: Эллам, Баб-иллу, Ассур, Меттанеэ, Ханаан, генара йоцчу хенара Урартоу, уьш массо а цхьана хенахь вайн шира дайша кхиийна, кхузаманна бевзачу нах-ваьррин, шира аганаш ду. И ахьа дуьйцу дIаэр бахьана долуш, вайн орамах, хIуьппалг а дисна дац цу мехкашкахь. Изза, хира ду тахана вайх а. Ахьа тIеэца леринарг, чанахин доь дойъура долу некъ бу. Ойла е! Хьан дас, цу сийдолчу Корбанас, ахьа дийцарехь, цхьацца долу маьIнаш гIалате туьдуш хиллехь а, доккхачунна тIехь, иза нийса хилла аьлла хета суна. Вайн къаноша тIаьхьадитна ду олий, цхьа бIе ткъа шо кхаьчначу сан ден дас ишттаниг олуш хилла: «Хьолла а ницкъаллехь волу мостагI хьан махка хьаьлхича, хьо лаьмнашка юхавалий, цуьнан тархех дIаэ. И тайпа тархаш эшон ваьлла вац хьуна, дуьненна вевзиначех волу цхьаа турпал». Цо, иштта олуш хилла: «Кур хьуна бухахь белахь, хьуна тIехь верг, хьан цхьа «эни» бен вац!». Сан хьомсара Тушкас! Хьо, хьайн къанойх дагаволуш хилалахь, церан зер, иза, хьан хаьштиг ду хьуна, гонахьара бода эшон болу! – элира Каболатас, цкъа шен воккхачу вашас, Шотас олуш хезнарг дагадеъна.
          Оцу хенахь тIевеъначу, Каболатан гIоьнчо хаам бира: «Тоба, новкъаяла кийча ю» аьлла. «ДIайолайалийта!» олуш буьйр диначу «санаарас», Тушкас маравоьллира.
          - Iодикайойла хьан! Ирс, аьтто, кхетам ма-эшабойла хьан! Вайшиннан къамел, Оршотана ма-дарра довзийтура ду аса. Ахьа, са ма-гаттаделахь! Делахь а сан дехар ду, юкъарчу хаттаран мах хадо хьо сихцавалар, кIоргге ойла яр. 
          - Каболат! ТIейогIура йолчу хенахь, вайн кхоллам муха нисло цахаьа. Хоийла шуна, кху махкахь, шайн тешаме накъост вуйла! Некъ, маьрша хуьлда! Леринарг кхочушхилла, шайн Iалашоне кхачадойла шу а, шун халкъ а! Цу безачу «эниша», маршалла дойла шун массо а дархошна! Iодикайойла! – элира, кхиазхо велахь а, хеназа воккхалла тIеэца дезначу Тушкаса.
 
          Кху масех дено, адаман дахар къиза Iовжийнехь а, цхьаболучарна, бакъдерг ма-дарра довзийтина ца Iаш, вукхеран хилла аьшпийн мехаллаш (гIазкх., «ложные ценности») йовзийтира.
          Иттех вордано кхоьллина ковра а, цунна Iуналла ден дошлойн гIера а, «санаарин» махка боьду некъ юьхьара лоцуш чIажаца хьалайолаелира.
Талламхой шайн махка кхочачу муьрехь, кхетамчу веъна Оршотас, дуьххьара аьлларг дара: «Бакъдерг хуург, аьшпийн некъ бевзуш а, цунах къаьхкаш а хира ву».
 
          «Апсари-гIопе» боьду некъ юьхьара лаьцна йоьдачу Сенин тобана, дагахь доццучуьра гучабаьллачу кхерамо, некъ хийцар тIедожийнера. Са хуьллуш, хьалха дерг довза, талламан тоба а яхийтина Iачу хьалханчанан, делкъанга вала дийзира. Цу юкъана, лахара хьалайогIу къепало беънарг синтем хила йиш йоцу хаам бара. Кхолладелла хьал хьесапе эцча, кху «Чхьар-хин» атагIара дIадовлуш, «Арсиян дукъаца» неврехьа некъ бар, кхерамазаллин хаттаршна жоп луш санна хеталора Сенин ойлана. Жима кхеташо гулайина шен накъостех дагавелира Сени.
          - Лар! Ахьа хIун олу? Хьуна хIун хетта? – аьлла, хаттар дира цо ларталлархочуьнга.
          - Къепалан дайн бIаьргаш, даима къаьрзий хуьлу. Жимма кхерам хаабелча, цара сиха юм йо, бохча дайлура долчу меттера. Хьан талламхойн хьалханчо аьлла дешнаш: «…талламхочуьнан хьесап ду, шен бIаьргана гинарг, лергана хезнарг, дегIана хааделларг, иштта дегхьехамо дуьйцург а» тIех нийса, дашо ломах эцалура доцург ду. Талламхоша, хIун дохьу хьовсар ду, цкъачунна вайна гург.
          - Нийса лоь Лар. Вай, ахде дайъана. Новкъа девлича а, гена довлале буьйса яккхар тIедужу вайна. Кхузахь, талламхошка хьежа деза аьлла хета суна – элира, Сенин гIовс волчу Конхас а.
          - ХIара шиъ, нийса лоьш хета суна а, тIеман говзанча со вацахь а. Амма, дегахьехамо боху: «Апсари-гIопе боьду некъ, вайна беркате хира бац» – аьлла, тIетайра Кюрк а.
          - Дика ду. Конха! Кху гу тIехь буьйса йоккху вай. ГIаролца доьзнарг тидамехь латтор хьан декхар ду. Дой, кхин долу дийнат паргIата даха! – буьйр дира, кхин керланиг кховдо кийча воцчу Сенис а.

ТIаьхье ю.

 
 
          Цу ширачу заманан исбаьхьаллин сурто вайна бовзийтура бу, коьрт-коьртера турпалшхойх волу Дикберд, БаIаш, Байбухсанаар Шотдрил Вамп («Ва-Ма-П»; гIазкх.маьIна: «Есть божественная стена»), макрон\махалон - макъалон ГIал («ГI-ал»; гIазкх.маьIна: «страж божественный»), халда-халиб Халдаз («Халди-аз»; гIазкх.маьIна: «голос Халди»), кулх Дула («Ду-ла»; гIазкх.маьIна: «Есть слух»), гаргар Эл-таган (Эл-таг-Ан), арцхо Акка (А-кха),праалан Энбал («Эн-б-ал»; гIазкх.маьIна: «Эн есть божество»), кобанхо Буриберд (Бу-аренца-берд), хурри Сени,Иберин паччахь Аршак-II-ниг (Ар-с-ка) а, Митридат-I-ниг а, Понтан паччахь Динамидурдуккех волу баьчча Арбаэл(«Ар-ба-эл»; гIазкх.маьIна: «Ар есть божество»), иштта г\ч\анахин эла волу Анхиал («Ан-хи-ал»; гIазкх.маьIна:«Небосклон божественной воды») а.

 


 

Чурхен турпалш:
 
*хой: Дикберд, БаIаш, Байбух, Байболат, , , , ,
*дрил Вамп («Ва-Ма-П»; гIазкх.маьIна: «Есть божественная стена»).
*макрон\махалон – макъалон ГIал («ГI-ал»; гIазкх.маьIна: «страж божественный»).
*халда-халибех волу дехийлан хьалханча Халдаз («Халди-аз»; гIазкх.маьIна: «голос Халди»),– эчигдархо.
*кулх Дула («Ду-ла»; гIазкх.маьIна: «Есть слух»).
*гаргар Эл-таган (Эл-таг-Ан).
*арцхо Акка (А-кха).
*праалан Энбал («Эн-б-ал»; гIазкх.маьIна: «Эн есть божество»).
*кобанхо Буриберд (Бу-аренца-берд).
*хурри Сени.
*Иберин паччахьаш:
*Понтан паччахь хилла ю, Динами (60-12 ш.оь.шш).
*дурдуккин баьчча Арбаэл («Ар-ба-эл»; гIазкх.маьIна: «Ар есть божество»).
*г\ч\анахин эла Анхиал («Ан-хи-ал»; гIазкх.маьIна: «Небосклон божественной воды»).
*Шишболат – Дикбердан дехийлера вахархо. Мархатайн да.
*Мархатай, Шишболатан йоI, БаIашан зуда.
*«квестор» - римхойн векал.
*«цензар» - римхо.
*Шот – санаарин эла, хьалханча
*Оршот - Шотан ваша. Оршот - талламан декъан хьалханча.
*Корбан – чанахин эла.
*Тушкас – кхиазхо, Корбанан воI.
*Токсарис – грек, грекин бIонбаьчча.
*Геланча – Дартан воI.
*Соз – Сенин, воккхаха волу ваша.
*Шакур – Боршан воI.
*Бару – хIумахуург, седа-жайне хьожург.
*Кюрк – Сенин бIоца волу забарча, Дикбердан векал.
*Конха - Сенин гIовс, кхузаманан дашца аьлча, «заместитель».
*Лар - лар таллархо.
*Каболат – талламан декъан юккъера, Оршотан гIоьнча.
*Ахболат – бIахо.
*Банур - Гуламан а, Къанойн а корта.

 
 

ссылкаш:
фидии [1] – вовшахкхеттачу божарша, цхьана шуьнехь даар дууш хилла Спарта пачхьалкхехь.
«кора» [2] – Грекаша, кегийрачу маьхкарех «кора» олуш хилла. Церан гойтург хилла, карахь герз а долуш, гIагI дуьйхина амат.
IажмIажбIо [3] – гIазкхашха маьIна дича, «воинство Сатаны» олу кхетам бу иза.
цикута [4] – шен орамах дIавш до орамат. Иза деш хилла Афинехь.
«Велханс» (гIазкх., «страж мёртвый души» – вел-ха/н/-са[5] - кавказхошца орам болчу этрускаша, «деллачу синойн хехо» а, уьш «новкъадохург» а волчу цIух, «Велханас» олуш хилла. Римхоша шайн матте йоккхуш, «Вулкан» аьлла хийцина цуьнан цIе.
флейта [6] – балдашца локху, мукъам боккху ортхал.
 
(ТIаьхье хира ю)

Copyright © Информационное Агентство «Golos Ichkerii». При использовании материалов ссылка обязательна.

Top Desktop version